Хьомсара махкахой!
Даггара декъалдо шу нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторца! 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь чекхбелира вайн халкъан исторехь уггаре а къиза а, бохаме а беана хиллачу муьрех цхьаъ – 13 шарна дай баьхначу махках дахар.

И шераш вайн дайшна, дедайшна, зударшна, берашна къаьхьа, къиза зер дара. Даймахкана генахь, ГIиргIизойчоьнан а, Казахстанан а гIумаренашкахь, бакъонех а, маршонех а баьхна, дахаран дерриге а хьелех, таронех хадийна болу уьш, Iожаллин бага тесна, бала битинера. БIеннаш эзарнаш нохчий кхелхира, киранаш, бежанаш дIасалелочу вагонаш чохь дIабоьлхучу хенахь. Мацалло, шелоно, цамгарша шайн къиза гIуллакх дора. И акхараллин акци бахьана долуш, дерриге а халкъ хIаллакьхиларан зила тIе хIоьттира.
Дехачу 13 шарахь вайн дай, дедай, наной, денаной цхьана сатийсамца – Даймохк гаре болчу сатийсамца – бехара. Оцу сатийсамо царна ницкъ лора. Церан сатийсам, эххар а, кхочушхилира 1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь. Оцу дийнахь меттахIоттийра НГIАССР, ткъа нохчашна, цхьа а бахьана а доцуш, халкъан мостагIий ду аьлла кхоьллина цIе дIаяьккхира, меттахIиттийра нохчийн бакъонаш.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо и Указ арадаккхар бакъоно толам баккхар ду олура.
Атта ца хилира нохчашна шайн Даймахка цIаберзар. Шайн ков-керташ юха ян дийзира церан, юха болон дийцира бахам. Адамашка лалур доцчу оцу зерашка хьаьжна ца Iаш, вайн дайша нохчийн мотт, гIиллакхаш, Iадаташ, эхь-бехк, оьздангалла, АллахIах тешар лардира. Халонаша а, зераша а каг ца бира нохчий, мелхо а бахчийра, уьш хьалха хиллачул а доьналла, ницкъ болуш дIахIиттира. Иза тоьшалла дац тIаккха нохчийн халкъан са онда хиларна, лаам каглург цахиларна?
Тахана нохчий Россин юьззина бакъонаш йолу гражданаш бу, ткъа Нохчийн Республика Россин регионашна юкъахь уггаре а сиха кхуьуш, хазъелла, къегина дIахIуттуш йолчу регионех цхьаъ ю. Федеральни центро вайна гIо до керла цIенош, школаш, больницаш, берийн бошмаш, социальни кхийолу объекташ ян. Республикехь кхуьуш ду экономикин хIара тайпа мехала дакъош: промышленность, гIишлошъяр, юьртан бахам, туризм. Вай долчохь башха дика хьелаш кхоьллина бусалба дин лело, бусалба дин Iамо, АллахIана IамалIибадат дан. Деш а, дина а ду исбаьхьа маьждигаш. Болх беш ю хьафизийн хьуьжарш.
Оцу дерригено а тоьшалла до, нохчийн халкъ, дерриге а зерех а, бохамех а чекх а даьлла, дуккха а къаьмнийн пачхьалкхан – Россин Федерацин юьззина бакъонаш йолу цхьа дакъа хилла дIахIоьттина хиларна.
Хьоме махкахой! Ас даггара декъалдо шу Нохчийн халкъан пачхьалкхалла меттахIотторца! Лаьа шу маьрша дехийла, шун ондда могашалла хуьлийла, доьзалехь ийман, беркат лаьттийла!
№2, кхолламан (январь) беттан 11 де, 2019 шо