Хууш ма-хиллара, тIедеана долу керла шо, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца, ГаланчIожан кIоштан шо ду аьлла, дIакхайкхийна ду.

«Чолхе», «лазаме» истори йолуш ю и кIошт. Нохчийн автономин областана юкъахь и кхоьллина 1925-чу шарахь. Цул тIаьхьа, 4 шо даьлча, 1929-чохь, дIаяьккхина и. МеттахIоттийна 1935-чу шарахь, Нохчийн а, ГIалгIайн а автономийн областаш вовшах а тоьхна, царах Нохч-ГIалгIайн АССР кхоьллинчул тIаьхьа.
Кхин а 9 шо даьлча, нохчийн халкъ махках даьккхинчу 1944-чу шарахь, юха а дIаяьккхина кIошт, латтанаш Грозненски областан Итон-Кхаьллан а, Соьлжан а, ТIехьа-Мартан а кIошташна дIаса а доькъуш.
1992-чу шарахь Ичкерин Iедало юха а меттахIоттийна иза. Амма, оццу Ичкерин Iедало, Конституци тIе язйина хиларал сов, и кIошт баккъал а меттахIотторехь дина хIумма а цахиларца доьзна, 1997-чу шарахь юха а дIаяьккхина.
ТIаьххьара иза а, цуьнца цхьаьна ЧIебарлойн кIошт а меттахIоттийна 2012-чу шарахь. Шина шарахь Конституци тIехь язйина бен йоцчу шина кIоштан гIуллакх мелла а айъира 2014-чу шарахь. Оцу шарахь, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца, «ГаланчIожан а, ЧIебарлойн а кIошташ меттахIитторан гIуллакхашкахула йолу пачхьалкхан комисси» кхоьллира.
Делахь а, ГIалгIайчоьнца долу доза къастийна цахиларо ГаланчIожан кIошт меттахIоттор а, Дагестанца долу доза къастийна цахиларо ЧIебарлойн кIошт меттахIоттор а юха а сацийра.
Чекхдаьллачу шеран товбецан (сентябрь) беттан 26-чу шарахь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а, ГIалгIайчоьнан Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека а шина республикина юкъара доза къасторан хьокъехь барт бар бахьана долуш, ГаланчIожан кIошт меттахIотторан гIуллакх юха а айъира. Республикин Куьйгалхочо 2019-гIа шо ГаланчIожан кIоштан шо хилар дIакхайкхийра.
Цуьнца нийса а догIуш, дан лерина дуккха а гIуллакхаш ду: ГаланчIожан кIоштан Соьлжан а, ТIехьа-Мартан а, Итон-Кхаьллан а кIошташца долу доза къастор, кIоштахь даьхначу автомобилийн некъийн 70 км юкъанна тIе силам диллар, 70 км электросерло йигар, 80 км газан биргIанаш йигар, 3 юьртан администрацийн гIишлош а, 5 маьждиг а дар, масех тIай тиллар. Иштта меттахIитто лерина кIоштахь йолу культурин а, архитектурин а тIаьхьалонийн объекташ.
Дуьненан а дог Iовжжол шен латто лайначу къизаллица а, бохамца а «евзачу» Хьайбахахь (дийна воллушехь 700 сов стаг вагийна цигахь 1944-чу шарахь, нохчийн халкъ махках доккхуш) иэсан хIоллом хIотторан хьокъехь сацам а хилла республикин Куьйгалхочун.
И.ИСЛАМОВ
№2, кхолламан (январь) беттан 11 де, 2019 шо