Хаамийн гIирсашкахь дукха нисло Нохчийчоьнан яртийн цIерш нохчийн маттахь гIалаташ долуш я масийтта кепара язъеш меттигаш.

И цахилийтаран Iалашонца, оха зорбане йоху Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь вовшахтоьхначу хаамийн гIирсашкахь нохчийн меттан орфографин бакъенаш ларъярна тIехь терго латторан комиссино яртийн цIерш язъяран магийна кепаш.
Оцу я вукху юьртан цIе язъярехь гIалат хеташ меттиг елахь, комиссино и схьахаийтар доьху. Кхин цхьана хIуманна тIе тидам бахийта а луур дара. Тахана а цхьацца ярташ ю нохчийн маттахь шайн яха цIерш йоцуш, цигахь бехаш берш нохчий а боллушехь. Масала, Грозненски кIоштара Октябрьски, Победенски, Нагорни, Пионерски; Гуьмсан кIоштара: Комсомольски; Теркан кIоштара Горагорски; Невран кIоштара: Свободни, Юбилейни, Авангард, Обильни, Ульяновски, иштта кхин а. Тхуна хетарехь, дукхах болу бахархой нохчий болчу нохчийн юьртан цIе а нохчийн маттахь хилча, нийса хир дара.
Бахархойн цхьабарт а хилла, цара шайна хетарг Iедале кховдийча, тахана вайн долчу Iедало церан лаам тидамза буьтур бацара аьлла а хета. Муьлххачу а юьртан цIе нийса муха язйо оцу юьртан бахархошначул дика хуийла дац. Цундела оьшуш хета хIора юьрта чу вулучохь нохчийн маттахь язйина юьртан цIе хилар.
Оцу я вукху юьртан цIе нийсаязъяр, кIезиг хIума а ца хеташ, яртийн а, кIоштийн а администрацийн куьйгалхоша хIара гIуллакх шайн тидаме оьцийла а луур дара.
ХIокху тIетовжарца еша шахьарийн а, яртийн а цIерш.
№2, кхолламан (январь) беттан 11 де, 2019 шо