Ахматова Раиса – экаме къонах-зуда

Нохчийн зударшлахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н халкъан поэтессел Ахматова Раисел ирсе зуда ян а яц моьттура суна цхьана хенахь. Ма-дарра аьлча, сан школин шерийн хенахь иза иштта-м сан дукхахболчу нийсархошна а хетара.

Цуьнан сирла васт синтем кхуллуш дара. Дош наггахь бен ца олуш, елакъажар а цхьа экамечу нохчийн зудчун, интеллигентан ма-хиллара дара. Болх, низам доцург дуьнен чохь кхин хIумма а дуй хаа ца кхуьуш, школех дуьне-эхарт тарлой, шен ирс лаха ца кхуьучу хьехархочух чIогIа тера дара цуьнан советийн чомехь кечъялар а.

ХIетахь нохчийн цхьаъ бен йоцу зуда-яздархо, Нохч-ГIалгIайн АССР-н Яздархойн союзан Правленин председатель массарна а, массанхьа а евзаш а, лоруш а яра. Иза кхоллараллин суьйренашка кхойкхура, цунах дагабуьйлура кегийрхой. Нехан дIасабахар машенца а наггахь бен доцчохь цо кеманара кемана а хууш дора белхан гIуллакхийн некъаш.

Нохчийн халкъо дозалла дора цунах. Ирсе а хеташ хиллера иза. И даима а делакъежна бIаьргаш а хиллера бIаьрхишна юккъехула дела Iемина. И елакъажар а хиллера дакъазаллина дуьхьала луьйцу «кирхьа». Атта дацара нохчийн халкъан векал а хилла СССР пачхьалкхехь евзаш нохчийн зуда хилла яха.

Литературин хьаьрман баланаш боцург мел дара уьш цуьнан цIе, сий бахьанехь кхочушхилла диканаш, беркаташ.

«Коьртахь йовлакх ца леладора цо-м. Нохчи яцара иза-м!», – олуш берш а нислора. Са къен нах боцуш я вай а, я нах а ца хилла. Ала Iеминчара Iийса Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу нанна Маремана а аьлла. Шен халкъ а, нохчийн мотт а ма дукха дезаш хилла-кх цунна аьлла хийтира суна Нохчийн Республикин халкъан артисткас Дадашева Тамарас дIаолу Раисин «Йина мохк» байташ тIехь яьккхина йиш хезча – «Нохчийчоь, сан хьоме Даймохк, хьан уьйтIа кхаьчнарг ю бIаьсте!».

ХIара ерриге а Нохчийчоь а шен уьйтIе хеташ хилча ма безаш хилла хир бу цунна Даймохк!

Цуьнан поэзин гуларша йовзуьйтура цуьнан поэзи, бовзуьйтура граждански хьежам. Советийн заманахь, хIинца санна, атта ма дацара патриот хила. Даймохк а, нохчалла а тIех езаро «националист» ала юьтуш минот бен хан яцара. Атта дац политикиний, къоман воданийн юккъехула юьхь ца йожош яха.

Суна даима а дагахьбаллам буьсура Раисех дош кIезиг аьлла хеташ. Иза поэтесса а, «йовлакх ца лело зуда» а хилар бен кхин ала дош доцуш, кхин дина гIуллакх доцуш яьхна хилла хир ма яц, олий, хетара.

Нохчийн халкъан яздархоша Шайхиев Iалвадис «Оьзда стаг яра иза» а, Бексултанов Мусас «Зуда-ламанхо» аьлла а Раисех лаьцна язйина эссеш йийшира ас. Церан хIораннан дош мехала а ду. Iалвадис боху Раиса кегийрхойн гIуллакхе лерина хьожуш яра. Мусас гайтина цо Яздархойн союзехь дина гIуллакхаш а, цуьнан дахаран чаккхе а.

«Зуда-ламанхо» эссе юкъара кIеззиг кийсакаш ялайо оха: «Ленинан цIарах йолчу майданна гена йоццуш яра цуьнан квартира, берийн библиотекина тIехула. Сарахьуо кхокхашна хIума туьйсуш гуора суна иза кест-кеста, уллехь цхьа а стаг воцуш, даима кIелдIашхахула, дIасалела нах а ларбеш, шена вевзарг, вист ца хуьлуш, тIехволий а хьожуш». «Суна тIаьххьара гуш а циггахь гира иза, сарахь, кхокхашна хIума таса араяьлла лаьтташ. ТIеоьллина цхьа тишо, овкъаран басахь халат а йолуш, кога кIархаш а туьйдина, жимма букар а таьIна, чIогIа тишъелла, эгIаза гора иза цу дийнахь. «Со зуда ма ю», – цуьнан дешнаш орца хилча санна хета суна тахана, массаьрга а цо даьхна орца, массаьрга а даьхна орца…».

«1992-чу шарахь, Соьлжа-ГIалахь кхелхира иза. Каш-м ШаIми юьртахь ду моьтту суна цуьнан, ша йинчу лаьттахь. Цу юьртара яьккхинера иза мацах цкъа Даймахках а…».

Раиса-м тишъелла, кхокхий дузош, Нохчийчоьнан коьртачу майданахула дIасалелачу нахана йовза хьовха, нохчийн хIора юьртана, шовданна, тIулгана йовза а хьакъ-м хиллера. Со ца гIерта иза я ас а, я кхечара а тахана шен цIарах хастамаш бан йисина миска хилла ала. Амма Раиса, ша баккъал а ма-хиллара, «со зуда ма ю» боху Раиса санна, юха кхин цкъа а йовзийтинчу нахана баркалла-м боху ас. Ахматова Раисех лаьцна яздина кхин цхьа тоьшалла карийна суна. Оцу экамечу зудчун къонахаллах дуьйцу оцу тоьшалло. Мацах вайнах 1944-чу шарахь махках баьхча, оцу экамечу зудчо гайтинчу хьуьнаро вайна юха цIадерзо лелийначу бахьанех дерг хиъча дуьйна сан гергара стаг ю Раиса, ас сайн доIанашна юкъалоцучу йижарех цхьаъ. Тхан белхан накъоста, нохчийн журналистикин къаночо, вайн халкъ Казахстанера цIадирзича «Даймохк» газетан хьалхара номер вовшахтоьхначу тобанах цхьаъ волчу Магомаев Салавдис, 2011-чу шарахь книга зорбане яьккхича дийшира ас Раисин а, кхин а шина зудчун а хьуьнарех. «ХIетахь догIа мела хуьлура» ю книгин цIе. Оцу тIехь дагалецамаш, дийцарш, гочдарш ду. Шен 83 шарах 60 шо хан газетехь болх беш яьккхина цо. Салавдис яздинарг вайн халкъан селханеца доьзна ца хуьлийла дацара.

И ойла тIечIагIъеш карийра суна книгин чулацам. Иштта, и книга йоьшуш 55-чу агIонна тIе кхаьчча С.Магомаевн «Н.С.Хрушев: «Хир ю шуна шайн Кавказ» аьллачу эссена тIекхечира со. Иштта йолало эссе: «Нохчийн, гIалгIайн шайн Даймахка цIадерзаран дегайовхо уггаре а алсамъяьллачу хенахь, 1956-чу шеран аьхка, Алма-Ата веара КПСС-н ЦК-н Хьалхара секретарь Хрущев Никита Сергеевич. Оцу деношкахь алсамбевлира редакци богIучу нехан барам. Массарна а хаа лаьара, Н.С.Хрущевна тIекхача йолчу таронах лаьцна. Цхьана дийнахь тхо долчу редакцехь гулбелира нохчийн интеллигенцин цIеяххана болу векалш. Царна юкъахь вара Гайрбеков Муслим, хIетахь Казахстанан Компартин ЦК-н инструктор, тIаьхьа нохчий, гIалгIай цIаберзоран вовшахтохараллин комитетан председатель, Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийначул тIаьхьа – республикин Министрийн Советан Председатель, Татаев Ваха, хIетахь Алма-Атан пачхьалкхан филармонин директор, тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин министр, цIеяххана волу хелхарча Эсамбаев Махьмуд, «Къинхьегаман байракх» газетан редактор Абазатов Мохьмад, жоьпаллин секретарь Габисов Бисолта, редакцин отделан заведующи Магомаев Хасмохьмад, яздархой: Хамидов Iабдулла, Музаев Нурди, Магомедов Нохьа, редакцин кхиболу белхахой а, хьеший а.

Гулбеллачара сацам бира Н.С.Хрущевна тIе нохчийн къоман делегаци яхийта. Ткъа муха, муьлш бахийта? Мехкан хьалхарчу куьйгалхочунна тIекхача атта хиларна уггаре а бегIийла хийтира цига зударий бахийтар. Цунна къастийра редакцин белхахой, поэтесса Ахматова Раиса, Бакашева Раиса, Казахстанан культурин министерствон белхахо Нинциева Нина».

КхидIа а дагалоьцу Салавдис Раиса Н.Хрущевна тIекхачар (Раисан 28 шо хилла хIетахь): – Схьадийцал шаьш деана гIуллакх, со ладугIуш ву, – элира цо. Ахматова Раисас а, Нинциева Нинас а дийцира редакцехь тхо цига даха кечдеш, шайга дийца аьлларг: – ТIекхечира сан рагI.

ХIинца хьан рагI ю, дийцал хьайна лууш дерг, – элира И.С.Хрущевс, – кхидIа а дуьйцу Раисас.

Схьадийцал хIинца.

Советийн Союз, вайн мехкан кхечу халкъийн а санна, вайн юкъара, тхан а Даймохк бу, – элира ас. – Амма тхаьш дина, тхайн дай баьхна мохк хьоме хета тхуна. Цуьнга сатуьйсуш, кийрара бала дIа ца болу тхан. Цундела тхуна чIогIа лаьа тхешан Даймахка, тхешан цIа юхадерза. И ондда лаам болуш, дикане сатуьйсуш ду тхан дерриге а нохчийн халкъ.

Н.С.Хрущевга и къамел деш, со дагахь а доцуш легашка шад хIоьттина хорам хилла, кхидIа йист ца хилалуш, елха йолаелира.

«Ма елха, – элира Н.С.Хрущевс, – иштта хаза бIаьргаш доьлхуш товш дац, уьш доьлуш, дахарх сакъералуш хила деза».

Со елхарна бехк ма биллалахь, – элира ас. – И елхар ас дехар дарна хилла дац хьуна, дехар деш цкъа а ца боьлху нохчийн зударий. Сан елхаэккхар тхайн боцу Даймохк хьахийча, тхаьш цуьнга сатийсар дагадеана хилла дара. Бехк ма биллалахь суна.

Елха мегар дац. Ткъа шайн баккхийчаьрга ала: дехачу кхойтта шарахь садиттина аш. Йисинарг дукха хан яц. Хир ю шуна шайн Кавказ, шайн республика, шайн Даймохк, шайн цIа».

Иштта хилла-кх иза «йовлакх ца лелийна нохчий зудаламанхо»…

Вайна кIезиг хеташ санна хета суна вайн зударий, церан хьуьнарш. Иштта дерг кхечу къомах болчу зударша дина хиллехь, наха церан доьналла дуьйцуш, тоххара кинош яьхна а, иллеш даьхна а хир дара. Доцург дийцар марздаларе санна, хиллалелла диканаш дийцарна а марзлойла вай. Дала гечдойла Раисина… Дала шен къинхетамах ма йоккхийла иза…

Э.ЦЕНТОРОЕВА

№2, кхолламан (январь) беттан 11 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: