2019-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Россехь географин декъехула дуьххьарлера чемпионат хир ю. Иштта хаам бо Оьрсийн географин юкъараллин пресс-службо.

Чемпионат дIайолор ю Москварчу №825 йолчу школин кегийрхойн «Столица» клубехь. Къийсадаларш командашна юкъахь хир ду (хIора командехь 2–6 стаг волуш). Онлайн рожехь хир ду и къийсадаларш.
«Столица» кегийрхойн клубан куьйгалхочо Богатырев Василийс дийцира: – ХIинццалц олимпиадашкахь а, турнирашкахь а дакъалоцуш берш географи Iилма хьалхе дуьйна дезаш дерш хуьлура. Цундела, суна сайт ян дагадеара социальни сеташкахь. Иза дешархой кхетар болчу агIор йовзуьйтуш, гIараяккха. Чемпионатехь мел долу тIедахкарш онлайн – кепехь кхочушдийр ду. Жоьпаш луш шена атта долчу агIор къахьоьгур ду. Дукхахдерг интернета чохь карош ду. Цундела географица бала ца хиллачо а, иза ца езачу а Iамор ю. Иштта тидаме оьцур ю географи.
Берриге а 6 мур хир бу чемпионатан: школин, регионан, федеральни, ерригроссин, юха – ахфинал а, финал а. ХIора муьран тIедахкарш кхочушдан луш ерг 48 сахьт хан ю. Чемпионат ерзоран муьрехь Россин Федерацера тоьллачу 25 командо дакъалоцур ду.
– ХIинцале а Россин 19 субъектера 130 командо регистраци йина. Цул сов, Мисара, Комбоджа пачхьалкхашкахь йолчу Россин посольствошкарчу школаша а, Беларусера цхьана командо а хаам бина шаьш дакъалаца кийча хилар хоуьйтуш. Толамхоша совгIаташ дийр ду, – дуьйцу Богатырев Василийс.
Шеко яц вайн республикин студентийн а, дешархойн а командаша географин чемпионатехь жигара дакъалоцург хиларан.
З.ХИЗИРОВА
№2, кхолламан (январь) беттан 11 де, 2019 шо