Советийн заманахь хIора дешархочун вевзаш вара оьрсийн туьйранча Бажов Павел. Къаьсттина дукхаезара берашна цо язйина «Малахитовая шкатулка» цIе йолу книга. Хьекъале книга яра иза. Бераш кхетош-кхиорехь мехала меттиг дIалоцуш а яра.
Павел Петрович Бажов дуьнен чу ваьлла генарчу Уралехь 1879-чу шеран кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахь Екатеринбург гIалин йистошца Iуьллучу Полевски поселкехь. Цигахь кхиамца школа чекхъяьккхина Пермерчу духовни семинарехь хьехархочун корматалла караерзийна.
1899-чу шарахь дуьйна ишколехь оьрсийн мотт, литература хьоьхуш болх бина цо. Дукха хьалхе волавелла Бажов Павел оьрсийн халкъан бартакхолларалла йовза а, гулъян а. Иштта цо кIорггера Iамийна Уралан истори а.
ХХ-чу бIешеран 20-чу шерийн юьххьехь Уралерчу газеташкахь болх бан волало П.Бажов. Цу шерашкахь вевза иза яздархо санна. Кест-кеста зорбане йовлу цуьнан говзарш. Цуьнан дуьххьарлера «Уральские были» книга зорбане яьлла 1924-чу шарахь. Бакъдолчунна тIера схьаэцна исбаьхьаллин очеркаш яра дуьххьарлерчу гуларна юкъаяхнарш.
Дуьххьарлера «Девка-Азовка» туьйра 1936-чу шарахь зорбане долу цуьнан. Бажов Павелан дерриге а дахаран коьрта книга ларалуш йолу «Малахитовая шкатулка» зорбанера араяьлла 1939-чу шарахь.СССР-н пачхьалкхан совгIат дира Iедало яздархочунна и книга бахьанехь. Цу юккъера туьйранаш хазахетарца тIелаьцнера дешархоша.
Къаьсттина мехала хеташ дара «Хозяйка медной горы» туьйра. Цуьнан дукхах долу туьйранаш оьрсийн халкъан бартакхоллараллин буха тIехь яздина ду. Кхета атта болчу маттаца цара дуьйцу Уралерчу башхачу Iаламах, цигарчу адамийн дегнийн комаьршаллех, нуьцкъалчу амалех.
1943-чу шарахь Бажов Павелна Сталинан цIарах йолу преми а, 1944-чу шарахь Ленинан цIарах йолу орден а елира. И дерриге а совгIаташ «Малахитовая шкатулка» книга бахьанехь дина дара. Бажовн говзаршна тIехь алссам исбаьхьаллин фильмаш а, спектаклаш а яьхна, опера а, балет а хIоттийна.
1950-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 3-чу дийнахь дIакхелхина оьрсийн сийлахь туьйранча. Иза дIавоьллина Екатеринбургехь (Свердловскехь).
Россин дукхах йолчу гIаланашкахь шуьйра билгалдаккха лерина ду 2019-чу шеран кхолламан беттан 15-чу дийнахь Бажов Павел вина 140 шо кхачар. Яздархочун-туьйранчин сирла кхолларалла езачарна мерза кхаъ хир бу аьлла хета и даздарш.
А.САЛАУТДИНОВА
№2, кхолламан (январь) беттан 11 де, 2019 шо