Дала кхоьллина долу муьлхха а хIума шатайпа хаза а, тамашийна а хиларе терра, шеран хIора а мур бу башха а, исбаьхьа а. Хенан хIоттам ирча хила а ца хуьлу, хIунда аьлча, Iаламан хIора а хилам Дала Шен доза доцучу синкхетамца, къинхетамца, сийлаллица кхоьллина бу.

Бакъду, Iаламан берриге хиламех къаьсташ, шеран кхиболчу муьрел башха а, исбаьхьа а, муьлххачу а стеган дагна синхьаам беш, цIена а, сирла а кхоьллина Дала Iа.
Бераллин уггаре а сирлачу дагалецамех цхьаъ хуьлий буьсу, дахарехь мел дукха хан яккхарх а хийцалуш боцу, Iуьйренца набарха а ваьлла, корах арахьаьжча, гуобаьккхина долу Iалам кIайчу бамбано йийсаре лаьцча санна, арахь дуьххьара ло диллина гича хуьлуш болу кхаъ. ТIаккха, доллу хIума дицлой, нийсархошца лайн межаргех ловза а, салаз хахка а арахьадарх, сарралц кхин юхаверза ца кхеташ, шелваларх бен ца хеташ, самукъадалар. Кхидолчу цхьанна а хIуманца дусталур а я дозалур а дац иза.
Бераллин, къоналлин шераш дIадовларх а, Iаьне болу шатайпа безам хIора а стагаца буьсу. Хан яьлча, кхечу кепе боьрзу иза – наггахь мархашна юккъехула схьакъедачу маьлхан зIаьнаршлахь лепа а лепаш, туьйранехь санна хьийзаш, лаьтта охьаэгачу лайн чимаша дагна серло ло. Хетало, кIайчу шаршунах лаьтта дижина, гонахара Iалам къагоре терра, лайно адамийн дегнаш а цIандеш санна. Дегнаш чуьра оьгIазлонаш, цатемаш, гIайгIанаш дIайохуш, Дала ша адам ирсе дан кхоьллиний шена а ца хууш, меллаша лаьтта дуьжу ло…
№2, кхолламан (январь) беттан 11 де, 2019 шо