Къоначу хьовсархошна лерина

ХIора шарахь санна, «Къоначу хьовсархойн театро» 2019-гIа шо тIекхочуш а доккха совгIат кечдира шен доттагIашна.

Театран коьрта режиссера, Нохчийн Республикин халкъан артисткас Муртазалиева Асета оьрсийн халкъан туьйранийн буха тIехь ша язйинчу пьеси тIехь, берашна лерина хIоттийра «Керлачу шаре – дикачу гIуллакхашца» цIе йолу самукъане спектакль.

Къоначу хьовсархойн самукъадаккхархьама театран белхахойн йоккхачу тобано цIеначу даггара къахьийгира шайн хьуьнарш ца кхоош. Къаьсттина дика къахьегначарна юкъахь бу: художник Пашаев Абу, Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо Висакаева Люба, бутафор, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо Хадашев Iалавди, хореограф Нохчийн Республикин халкъан артист Мажидов Iадлан.

Церан хьаналчу къинхьегамо, лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматалло хаъал хазйина спектакль. Алссам эшарш, хелхарш долу и самукъане спектакль хазахетарца тIелоцу къоначу хьовсархоша. ТIекхуьу чкъор кхетош-кхиоран мехала хьесий ду спектаклах говза хьарчийна. Диканан муьлхха а зулам эшон ницкъ хиларх ю и спектакль. Дикане а, догцIеналле а кхойкху цо.

Сюжетах дерг аьлча, иза дукха чолхе яц. Цкъа а лийр воцу Кощей (арт. Солтаханов Ислам) ву хаза йоI Василиса Прекрасная (арт. Ахмедова Селима) йийсаре лаьцна, иза шена яло дагахь. Кощейн накъост хилла каде хьийзаш ю Жоьра-Баба (арт. Газалапова Нурсет). Ткъа Василиса реза яц кхо эзар ах эзар шо долчу Кощейга яха. Цунна везаш кхин ву, Емеля (арт. Мусраев Ислам). Даима пеша тIехь наб еш велахь а, Емелина езаелла Василиса.

Эххар а, самаволий иза къовсаме волу нуьцкъалчу Кощейца, цуьнан бIонца (арт. Джаутханов Iимран, Гелагаев Мовлади). Амма цкъа а лийр воцчу Кощейн а, Жоьра-Бабин а бозбуанчалла тола герга ду, Емеля эшош лаьтта ша цхьаъ хиларна.

Делахь а, цунна орцанца тIекхуьу ГIураДада (арт.Магомалиев Рустам), Лайн-Аьзни (арт. Хасуева Малика). Цара гIо-накъосталла деш толам Емелигахь буьсу. Иштта, Емелина гIо деш эткаш юьйхина цициг (Кот в сапогах арт.Алиханов Зелем) дара. Артисташа Цыбаева Таисас, Гелагаев Мовладис, Вискаева Любас, Гермиханова Седас, Гацаева Хадижас, Сатабиева Ларисас кхечу турпалхойн васташ кхоьллина.

Спектаклан премьера хилира 2018- чу шеран гIуран (декабрь) беттан 29-чу дийнахь. Шайн белхан декхарш кхочушдеш, турпала эгначу полицин белхахойн берашна мах боцуш шозза гайтина и спектакль тахана а гойтуш ю иза. Дешархошна пайдехь дерг алссам ду спектаклехь.

Цундела къаьсттина новкъа ду хьовсархойн кIезиг хилар. Вайн берийн дуьхьа къахьоьгуш ма бу «Къоначу хьовсархойн театран белхахой».

А.АРАПХАНОВА

№2, кхолламан (январь) беттан 11 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: