Цкъа мацах хилла спектакль

Хазачу ламасте дирзина мехала гIиллакхаш дара советийн заманахь. Царах цхьаъ дара, коммунистийн идеологина маьIне хета деза денош тIекхочуш, СССР-н массо маьIIехь лерина кечамаш бар.

Дешархоша суьйренаш кечйора, филармонеша концертийн программаш карлайохура, театрашкахь керлачу спектаклийн премьераш хуьлура. И дерриге а цIархазмана лелош дацара. Кхетош-кхиоран белхан цхьа дакъа дара иза.

Ца хуучунна хаийта, хуучунна даима иэсехь латтийта, культурина, литературина петоьхна волчунна керла говзарш йовзийта лерина беш болх бара. Цунах доккха беркат долура бахархошна. Кхин хIумма а дацахь а, шайн Даймахках долу хаарш алсамдовлура церан. И санна болчу кечамашна цкъа а юьстах лаьттина яц вайнехан къоман театр а.

Къаьсттина кечамаш беш хуьлура вайн театр Советийн Iедал даьккхина лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де тIекхочуш. Оцу денна лерина хIоттийра Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIарахчу Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театрехь 1963-чу шарахь режиссера Харлип Павела «Любовь Яровая» спектакль. Цунна бухе йиллинарг яра советийн драматурган Тренев Константинан изза цIе йолу пьеса.

Режиссера Фетин Владимира яьккхина фильм яра Тренев Константинан пьеси тIехь. ГIарабевлла оьрсийн актераш бара фильмехь дакъалоцуш: Чурсина Людмила, Нифонтова Руфина, Лановой Василий, Лавров Кирилл, Шукшин Василий, иштта дуккха а кхиберш. Цара къеггина васташ кхоьллира оцу фильмехь. «Любовь Яровая» фильме хьажаза а, фильман самукъане турпалхо матрос Швандя вовзаза а наггахь а стаг хир вацара вайн махкахь. Делахь а, къоман сцени тIехь и тайпа спектакль хIоттор чIогIа мехала дара. Цкъа делахь, вайнехан актерийн корматалла зер дара иза, шолгIа делахь, махкахошна советийн драматургин классика йовзийтар дара.

Нохчийн яздархо Саидов Билал вара «Любовь Яровая» нохчийн матте яьккхинарг. Вайнехан тоьлла актераш бара оцу спектаклехь дакъалоцуш. Коьртачу турпалхочун – Яроваян васт кхуллуш НГIАССР-н халкъан артистка Алиева Тамара яра. Иштта, спектаклехь дакъалоцуш бара: Давлетмирзаев МутIелип, Хаджиева Неля, Зубайраев ЯрагIи, Магомадов Сайхан, кхиболу актераш. Массарна дукхавезачу Швандин васт кхуллуш Нудушев ХIарон вара.

Юьхьанца дуьйна забаран хоршахь чекхволуш цо чIогIа «чомехь» кхоьллинера и васт. Вайн актераш дика ларийра шайна тIедехкинчу декхаршца, массарна дIагайтира муьлххачу драматургица ларон шаьш кийча хилар. Къоман театр езачу хьовсархошна иза мерза кхаъ бара. Оьрсийн драми тIехь хIоттийна елахь а мехала спектакль яра «Любовь Яровая». Цо адамалле, къинхетаме, Даймохк безаре кхойкхура. ХIора стаг а дуьненан меха хилар гойтура. Безам бара «чухуларчу тоьганашца» гойтуш.

Чолхечу замано а, Октябрехьлерчу революцино а къастийна Яровая Любовь а, цуьнан хIусамда Яровой Михаил а. Зама хилла иза иштта. КIант дена дуьхьал волуш, ваша вешех къаьсташ. Дуьненан хьежамаш тайптайпана хиларо къастийна Яровая Любовь шен хIусамдеца. Хьекъалца яьккхина гIулч хила там бу иза, ткъа дог-ойла хаддаза хьечу ов детташ ю. Дахарехь наггахь нислуш ду-кх хьекъало тIедожийнарг кийрарчу даго тIецалоцуш. Иштта, холчохь яра спектаклан коьрта турпалхо Л.Яровая.

Цундела хьовсархошна цунах къаьсттина къахетара. Нохч-ГIалгIайн драмин театран сцени тIехь 55 шо хьалха хIоттийна хиллехь а, и спектакль ган ирс хиллачеран иэсехь хIинца а ехаш ю иза. Дика хир дара аьлла хета и тайпа спектаклш хIинца а Нохчийн Республикин хьовсархойн ган аьтто хилча.

А.ГАЗИЕВА
№2, кхолламан (январь) беттан 11 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: