«Базаран дийнахь» наб мерза хетара жимчохь. Шелахь хIутту базар йист йоца майда санна йоккха а хетара. ХIора кIирандийнахь, «базаран дийнахь», набарха йоккхура со кетIара схьахезачу дохка дуьгучу бежанийн а, гIудалкхаша чохь когаш бихкина йохка хьогу котамийн а, бедийн а гIовгIанаша. Адам гIаш лелара хIетахь. Тхешан дечиган тишачу кертан херонашкахула хьоьжуш а хазахетара некъ дIалаьцна шайна оьшург эца а, совъяьлларг йохка а дагахь шайн берийн бераш улле а даьхна богIу баккхий нах гича. КIиранчохь тийналла хIуттура. Юха базаран де тIекхаьчча денлора некъ. Тхан Децас суна хаа дезаш санна даима а дуьйцура соьга базарара хьал. Пунтан ахьаран мах а, дагочу дечиг-ворданан мах а, бежанан мах а бара цо гуттар а буьйцург. Бежанан мах, ша дIаяьлча шена тIаьхьадаккха эцалур дуй хаархьама ларбора, дечиг даго оьшура, деман кхачанна башха тIера яцара иза.
Гурахь дара Децас цхьа ворда дечиг эцча. Иза цхьабосса хадийна туьппалгш яра. ХIора туьппалг еа декъе йоькъуьйтура цо, тIаккха и дечиг шиъ дохалла охьадуьллуш царна тIе пурхала ши дуьллуш, тхан йоккхачу уьйтIахь хьаладоттуьйтура цо». Иштта, хIинца санна охьадиллина латтийча хаза дакъалур ду. Iай атта хир ду пеш латтон» – олура цо. БIаьвнаш санна хаза гуора, цхьацца-шишша метр юкъахь юьтуш, хьалайоьттина дечиган раьгIнаш. ГIуллакх лерина дойтучу Децин самукъадолура цунах. Тхо а – 6 ваший, 3 йиший – даккхийдера тхаьш-динчух. Децас хIун тIамарш я кхехкийначу шекарах йина «нIаьнеш» лора тхуна.
УьйтIенан цхьа дакъа дечиго дIалаьцна хуьлура, ткъа дисинарг – баттара яьхначу кхоьшший, хьаьжкIашший дIалаьцна хуьлура.
«Латтаца къахьега деза. ЮьхьIаьржа хир дац, Далла а везар ву латтаца къахьоьгург», – олура цо. Оха иштта Iаьнна кечам бечу цхьана гурахь Деца цомгаш хилира. «Хьех цIий кхетта» – элира баккхийчара. Оха тхаьш йина дечиган раьгIнаш сихха д1аехира. Со Децица Iаш яра, шолгIачу классе яллалц … Иза яллалц… Наха тхан дегий-ненегей кадам бора. Со, бер ду бохуш цхьамма а тергал а ца йора. Уггаре а дукха сан еллера Деца. Иза сан да-нана дара. Децина со цкъа а ца хетара жима. Иза сох дагаюьйлура, «Вай Сибрех долчу хенахь», – олий къамел доладора цо, мехкадаьтта дуттучу наштаран пешан берте охьахиъча. «ХIаъ, дагадогIу дера суна», – олура ас. Деца елалора. КIеда, кIайчу куьйган кера юккъе къуьйлуш, дуткъа чкъор доккхуш, картол цIанъеш, хабарш дуьйцуш хаза Iара тхойшиъ. Уьш дIадевлларш ду. ГIан санна хан ю иза хIинца…
Деца, Децин хьехамаш карлабоху суна тIаьхьарчу хенахь дуьненаюкъахь кхолладеллачу хьоло. ГIайгIане ду адам. Сом дайделла, юург язъелла, дуьне дарделла.
«Европа» Санкцеш… Доллар» Россин экономикин санкцеш йина Европо. И дерриге а Iамарко лелош а ду. Дукха хан ю цара Россин пачхьалкх йохаре сатуьйсуш шайн ма-хуьллу кIел ког туьйсу», – хеза денна.
Амма хIокху тIаьхьарчу шерашкахь къинхьегамах дIахерделла, партал даьлла догIура. Къух даьлла лаьтта вайн дукхах белчийн бошмаш. Меттигера стом бац гуш, бууш. Нохчийчохь, юьртахь а муха вехар ву шен бешара баккха стом боцуш, Гурахь шен кертахь кхиийна, кхехкийначу я еттинчу хьаьжкIийн хаза хьожа ца евзаш? БIаьста хас ара баккха сийна хох боцуш?
Нохчийн хIора кертахь, ков схьадиллича бIаьргана ган тамехь, хилла долу кемсийн раг1ош мичахь ду? Мичахь бу оцу кIел хIоттийначу стоьла тIехь хьешашна кхача латтийна зударий? Iуьйре хазъеш кораш кIелахь хиллачу стоьмийн зазанаша хIунда ца хьосту вайн бIаьргаш? УьйтIарчу бацахула когаш Iуьйра лела бер маца гина вайна т1аьхьара?
ХIаъ, юург-мерг Iанаяхна хиларна дуьне тазделла вайна. Ваьшна дехаш ду а моьттуш, дехаш дац вай. Ваьшна юуш-молуш ду а моьттуш, дIаьвшех дIадоьлла вай.
Кура девлла я галдевлла вай? Дуьненахь а уггаре а йоккхачу пачхьалкхехь, Россехь, тIом а боцуш, къелла хIунда хIутту? Хьан хIоттайо?
Ца кхета сох селхана 15–20 шо кхаьчнарг. Цо санкцеш йина боху вайна Европо. Вайна кхераме яц цхьана а пачхьалкхан санкцеш. Вайн кхераме дув ай лаьттах, къинхьегамах хердалар.
Юург, бедар, гергарло «химин» ду. Бехк сан бу. Голландехь кхиийначу кхаа Iежо кийла узу бохуш йоккхаеш, сайн махкара боцчу стоьмо со юзор ю бохуш оьцуш леллачу. Гурахь гIаш эга аьлла, диг тоьхна стоьмийн дитташ дIадахийтинчу суна Голландера «пластикан» Iаж бен кхин хIун хьакъ бара?
Бехк сан бу, Европин бац. УьйтIара, рагIу кIелхьара экъа (плитка) хатах юьзначу мачаша бехйийр ю аьлла, сайн а, лулахошна юккъера ринжа д1адаьккхина, керта телефон а етташ, сайн бусалба йиша-ваша-лулахо ца гича а мегаш ехаш йолчу.
Бехк сан бу хIокху урамера дехьа ураме «такси» кхайкхина бен гIаш ца йоьдучу..
ХIинцалерчу берашна котамийн хIоаш лотокаш деш ду моьтту. Цхьа хан яра, сирдиллина ведар эцна, Iуьйранна йолаелла, котамийн баннаш чуьра 50–60 хIоа схьаоьцуш.
ХIинца «домашни котам» аьлла «сийлахь» цIе елла мацах нохчийн хIора кертахь кхобуш хиллачу котамна. Баа дуй бу-кх сан оцу базарахь юхкучу котамашна уьйтIе цкъа а гина ма яц аьлла. Иштта шеконе ду шурах, жижигах дерг а. Туьканан шура аш цхьана баттахь малхехь латтийча а етар яц. Етар яц ша шура йоцу дела. Хьалхалера цIена кхача бац хIинца. Тхан Шелан шахьарна хьалха цхьа аптека тоьара, ткъа хIинца аптекин «аллей» ю тхан. Ялтийн меттана дууш молханаш ду. Дерриге а атта дезаро ша хьалха, юьхьанца хиллачу хотIера, чомера даьккхина. Юург космонавтийн кхача санна тюбикашний, гIутакхашний, шишанашний чуьра юуш ду вайн бераш.
ГIийла, миска велахь гергара стаг ца оьшучу дели вайн гIуллакх. Гергарлонаш тIоьрмигашка дирзина. Къам цIерадаьккхина, Казахстанан аренашкахь говрийн а, бежанийн а кхаьллешна юкъара кIен, хьаьжкIан буьртигаш лехьош лелачу хенахь, юьртахойх, дехойх я ненахойх стаг кхечу районехь ву аьлла хезча, комендатурехь рагI ларйой, царна тIеваха пурба дехна зама йицъелла …
Дерриге а иштта х1унда нисделла дийца воьлча дукха деха дийца дезар. Дерриге а ца дийцахь а ду, делахь а сайна хетарг ала лаьа. Цхьа бутт хьалха Россин ширачу Пенза гIалина 37 километр генарчу юьртахь хилира со. Цигарчу нахера шура ийцира сан гергаро. Цхьана литран мах 12 сом бара. Ткъа иза мел хьена, чомехь яра аьлча, вайн цIахь цхьаболчеран тIонан могIаре хIотто а мегар долуш яра. Вай хIунда оьцу 60 сом а луш кехатан пачки чохь йолу шура, аьлча а кIайн дIовш?..
Делахь а, Дела дика ву, комаьрша ву. Валаза висинчунна хаза бIаьсте ю тIейогIуш. Доьзал улле баьккхина, цхьа ког биллал меттиг а еса ца юьтуш, бошмаш дIаюьйш ган лаьара дай-наной. Рицкъа Делехь ду, ткъа вайгахь цунна тIе некъ лахар. Вай карахь кIезиг хIума ду, лаьттах хIун буьртиг 1оттар. Иза кхиош, цхьана хьаьжкIан буьртигах шовзткъа буьртиг беш, верг АллахI ву.
Европа шена дика ю, иштта Iамарк а. Ткъа вайна гIолехь дерг вешан кхача хьанал баар ду.
Децас олура «Шен бешара цаюург, нехан бешара юуш ву». Дала хаза мохк белла вайна. Шен барамехь малх хьожуш, догIа догIуш. Нахана беза вайн мохк, царна ма-деззара доьзийла вайна вешан дай баьхна латта.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА