Магнитогорске гIоьналлин куьг кховдийна

Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо сацам бина Магнитогорскехь цIа дохар бахьанехь кхелхинчеран доьзалшна а, лазийначарна а ахчанца а, кхечу хIуманца а гIо-накъосталла дан.

Цу хьокъехь хаам бира хIокху деношкахь Магнитогорскехь хиллачу Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.

«Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца со больницехь хилира, цхьаьнакхийтира гIалин деца Бердников Сергейца, Челябинскан областан социальни юкъаметтигийн министраца Никитина Татьяница. Оха цхьаьна дийцаре дира дан дезаш долу гIуллакхаш, кхелхинчеран а, лазийначеран а цIерш билгалъехира. Бохам хиллачеран цIерш къастийна евллачул тIаьхьа, вай Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Регионан юкъараллин фондо билгалдаьккхина гIо дIакхачор ду царна», – элира министра.

«Уггаре а хьалха ахчанца гIо дийр ду вай, – билгалдаьккхира Дж.Умаровс, – цхьадерг ас суо кхузахь волчу хенахь дIасадоькъур ду, цул тIаьхьа и болх бийр бу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Челябинскан областехь волчу векала».

Министра, иштта, хаийтира А-Хь.Кадыровн цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо лазийнарш кхечу регионашка а, ткъа иштта дозанал арахьарчу пачхьалкхашка а дIабигарехь а, царна дарбанаш лелорехь а гIонакъосталла дийриг хилар.

«Нохчийн халкъана хийра бац цхьа а лазам, цхьа а бохам. Вайн массеран а юкъара лазам а, бохам а бу иза», – билгалдаьккхира Умаров Джамбулата.

Иза бакъ а ду. Бала-гIайгIа дукха лайна, дукха лазамех чекхдаьлла нохчийн халкъ массарах дог лозуш а, массаьрца а къинхетаме а ду. Хьанна а хилла бохам шена хилча санна тIеоьцуш а ду вайн халкъ.

Д.АНАДЕВ
Суьрташ тIехь: Умаров Джамбулат – Магнитогорскехь
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: