Федеральни телевиденин хьалхарчу каналан «Голос» проектан финалистана Умаев Амирханна «Нохчийн Республикин халкъан артист» цIе елла. Россин Федерацин миллионашкахь телехьовсархой бара «Голос» проектан дакъалацархойн къийсадаларш тидамехь латтош.

Вайн махкахо А.Умаев халачу зерех чекхваьлла, финале кхечира. Оцу жоьпаллечу конкурсехь шолгIа меттиг яьккхина цIавирзира къона иллиалархо. Нохчийн Республикин бахархошца цхьаьна «Даймохк» газетан редакцин коллектив а яра Амирханна кхаж тосуш, цуьнан дог-ойла ир-карахIоттош, зIе латтош.
Артист цIакхаьчначу деношкахь цунна дуьхьал веара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди а, ткъа иштта Нохчийн Республикин пачхьалкхан Х.Нурадиловн цIарах йолчу къоман театран а, I.Шахбулатовн цIарах йолчу пачхьалкхан филармонин а коллективийн куьйгалхой а, белхахой а.
Къоман театран пресс-службо хаам ма-барра, оццу дийнахь Дааев Хож-Баудис Умаев Амирхан декъалвира, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Указаца», цунна «Нохчийн Республикин халкъан артист» сийлахь цIе елла хилар хоуьйтуш.
Цул сов, Кадыров АхьмадХьаьжин цIарах йолчу региональни юкъараллин гIоьналлин фондан президентан Кадырова Айманин сацамца, цунна «Мерседес» машен а елира. Мехала совгIаташ дIалуш, Х-Б.Дааевс билгалдаьккхира: «Тхо тидамехь латтош дара «Голос. Перезагрузка» проектехь хьан хIора номер. Вайн халкъ хьоьх дог лозуш хилар кхаьжнийн жамI деш а гуш дара массарна а. Ахь юьхькIам боллучу агIор гайтира хьо. Боккха кхиам бу иза».
ПохIмечу кегийрхошна гIо деш схьавогIуш ву вайн республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Культурин хьаьрма кхиорехь мехкан Куьйгалхочо кхочушдечу гIуллакхех лаьцна а элира министра.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна хууш дара ахь «Голос» проектехь дакъалоцуш хилар. Культурин хьаьрмин белхахошна, шаьш кхиорехь къахьоьгуш болчарна хIетте а, Кадыров Рамзана а, региональни юкъараллин гIоьналлин фондан президента Кадырова Айманис а, даима а гIо до. Со тешна ву ахь хьайн къинхьегаман новкъахь кхин а кIорггера похIма гойтург хиларх», – элира министра.
Хаийта лаьа Умаев Амирхан Нохчийн пачхьалкхан Х.Нурадиловн цIарахчу къоман театран актер а, I.Шахбулатовн цIарахчу пачхьалкхан филармонин симфонически оркестран солист а, цул сов, В.Татаевн цIарахчу Культурин а, искусствон а колледжан студент а хилар.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо