2018-чу шарахь Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхалло бинчу балхах а, дIадаханчу шеран чаккхенехь СаIудийн Аравехь хиллачу дуьненаюкъарчу конференцех а лаьцна дуьйцуш, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца къамел хилира Нохчийн Республикин муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин.

Дуьненаюкъарчу оцу конференцехь дакъалецира бусалбачу 127 махкарчу 1 200 сов векала. Ткъа Россера баьхкинчу хьешашна юккъера Нохчийн Республикин муфтина бен ца елира вистхила бакъо.
«И мехала конференци Маккахь хилира. Цигахь вай дакъалацар СаIудийн Аравин паччахьа Салман ибн IабдулIазиз Аль-СаIуда Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца барт а бина, шена вайца гергарло а дезара, вайца цхьаьна терроризмана дуьхьал болх бан а лаьара аьлла, нисделла дара. Конференце кхайкхинарш дуьненан массо а маьIIера, шайн махкахь лоруш а, къобалбеш а болу бусалба Iеламнах бара. Оцу кепара йоккха конференци шайн мехкан исторехь шаьш йина а яц бохуш, дуьйцура СаIудийн Аравин векалша. Конференцехь дийцира, дуьненахь бусалба нах бекъабалар бахьана долуш хуьлучу зуламех а, халонах а, гIелонах а, бусалба нехан барт цахиларна динан мостагIаша еш йолчу тобанех а, царна дуьхьал бан безачу балхах а лаьцна. Цундела, цхьа бусалба нах а хилла, вовшех цакхетарш а дитина, уммато сатуьйсучу барте кхачаре сатесна вовшахтоьхна конференци яра иза. Цигахь тIеэцна боккха чулацам болу резолюци. Цу тIехь дуьйцуш ду мазхIабаш къобалдар а, бусалба наха вовшийн къобалбар а, вовшийн такфир цадар а, цу хьокъехь шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь дан дезаш дерг а, динан урхаллехь дан дезаш дерг а, бусалба дино ма-баххара, кхечу динехь болчу нахаца бусалба нехан юкъаметтиг муха хила еза а. Конференцехь тIеэцна резолюци оьрсийн матте а яьккхина, зорба тухур ю вай, цунах бусалба нахана боккха пайда хирг хиларх тешна ву со», – дийцира Муфтис.
2018-чу шарахь республикин бусалбанийн динан урхалло бинчу белхан доцца жамIаш дира Межиев Салахь-Хьаьжас: «Кху шарахь муфтиято бинчу белхан статистикица нийса а догIуш, республикехь къаьстина 1 676 доьзал вовшах а тоьхна, маьждигийн барам 1 101-нна алсам а баьккхина, шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь а, университеташкахь а, школашкахь а, набахтешкахь а, иштта кхечу меттигашкахь а 29 122 хьехам а бина, телевиденехь а, радиохь а 394 мероприятехь дакъа а лаьцна, 94 делегаци тIе а лаьцна. Кху шарахь муфтияте а веана, 90 стага ислам дин тIеэцна, 5 431 керла доьзал кхоллабелла, царах 38 доьзалан бен дIасакъастар ца хилла. Ерриге а вовшахтоьхча, муфтиято кху шарахь 92 495 мероприяти йина».
Шен къамел дерзош, муфтис билгалдаьккхира 2019-чу шарахь муфтиятан болх кхин а жигарабаккха шайн Iалашо хилар.
Р.ВАЧАЕВ
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо