Керлачу шеран – керла декхарш

Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь дIаяьхьира карарчу шеран дуьххьарлера кхеташо.

Даханчу шеран жамIаш шо чекхдолуш дина хиллехь а, тахана юха а карладохуш хьахийра царах цхьадерш. БIаьрлачу кхиамашца, тIедехкина декхарш дуьззина кхочушдарца бирзина 2018-чу шарахь Юкъараллин палато бина болх.

Карарчу шарахь а, тIейогIучу хенахь а кхочушдан дезаш керла декхарш лаьтта Юкъараллин палатин белхахошна а, декъашхошна а хьалха. Уьш а дийцаре дира кхеташонехь. Палатин берриге а болх тIехьажийна хила беза юкъараллина пайде хиларна.

«ДIадахана шо мел лаккхарчу кхиамашца вай дерзийнехь а, кхидIа вайн болх ледара хила ца беза, вайн паргIат Iен йиш яц. Мелхо а, кхин а жигарабаккха безаш бу вай болх. Мелла а дукха адамаш хила деза вайн тергонехь, царах доккхах долу дакъа яртийн бахархой хила а беза», – билгалдаьккхира шен къамелехь Юкъараллин палатин Председатела Денильханов ИсмаьIала.

Шайн рогIехь бистхиллачу кхеташонан дакъалацархоша довзийтира шаьш дан дагалаьцнарг а, кхочушдан билгалдинарг а.

ПЕТИРОВА ПетIамат
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: