Доккха беркат дохьуш деара, «Культурин шо» аьлла билгалдина хилла долу, 2014-гIа шо. Вайн махкахь культура кхиорехь цхьамогIа проекташ кхочушъйийр. Царех уггаре а мехалчарех цхьаъ яра, вайх хIоранна а дукхаезаелла, вайн республикин Куьйгалхочун хьехарца кхоьллина йолу «Синмехаллаш» телепроект. Цу къийсадаларшкахь массо а кIошто дозаллица дакъалецира. Проектан коьрта Iалашо тIекхуьучу чкъурана къоман гIиллакхаш довзийтар, иштта дицделларш карладахар елахь а, дакъалацархошна толам ца оьшура аьлча а нийса хир дац. Амма толамхо цхьаъ бен хила йиш яц, иза 2013–2014-чуй шерашкахь Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департамент хилира. Цу кхерчахь хьанал къахьегархо яра, «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо» Абдулазиева Таиса Грозненски кIоштан тобанан куьйгалхо.
Абдулазиева Таиса йина 1971-чу шеран ноябрь беттан 26-чу дийнахь. Йина а, кхиъна а ю Грозненски кIоштарчу Iалхан-ГIалахь. 1988-чу шарахь чекхъяьккхина шайн юьртара №2 йолу юккъера школа. Оццу шарахь деша яхана Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете. Дешна яьллачул тIаьхьа 1993-чу шарахь балха хIоьттина шайн юьртарчу школе, нохчийн мотт а, литература а хьеха.
2004-чу шарахь дуьйна къахьоьгуш ю Соьлжа-ГIалин Культурин департаментехь искусствон декъехь коьрта говзанча йолуш. Къоман культура кхиорна мехала дакъа юкъадилларна, Таиса Нохчийн Республикин Куьйгалхочо иштта Нохчийн Республикин культурин министерствос, Соьлжа-ГIалин Мэрис Баркаллин кехатца билгаляьккхина. Цул сов, 2013–2014-чуй шерашкахь «За ратную доблесть», «За боевое содружество» мидалш а елла цунна. ДIадахначу шарахь, Таисас бечу белхан лаккхара мах хадош, цунна елла «Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо» цIе.
Шен са а, хан а ца кхоош къахьоьгучарех ю иза. Таисина а, цуьнан белхан накъосташна а муха деара 2014-гIа шо, муха дIайолийра цара шайн белхан юьхь, иштта хIун Iалашонаш хIиттийна цара шайна хьалха карарчу 2015-чу шарахь? Цунах а, кхечкнах а лаьцна дийцира цо тхоьца хиллачу къамелехь. Иза шун тидаме дуьллу оха.
– Таиса,2014-гIа шо, Культурин шо аьлла билгалдина дара, и шун Департаментан белхахошна беркате деара, аш «Синмехаллаш» телепроектехь хьалхара меттиг яьккхира. Муха хилира шун белхан юьхь? ХIун халонаш тIеIитталора шуна оцу новкъахь?
– ДIадолош массо а хIума хуьлу хала, делахь а цхьана хIумане сатуьйсуш, цу сатийсамо ницкъ луш, дIа тIеоьху-кх цу толамна. Ткъа толам баьккхича тхаьш мел лайна хало йиц ло.
Дуьххьара тхуна Культурин министерствос положени а, хьалхарчу турехь хинйолу номинацеш а схьайохкуьйту. Жоьпалле со елахь а, суна юххебевлла накъостий бара, уьш ца хиллехь соьга оццул болх балур а бацара, Дела резахуьлда массарна а, царех коьрта шиъ яра: нохчийн гIиллакх-оьздангаллех йолу сценареш язъеш а, иштта сцени тIехь уьш хIиттош а гIодинарг Юсупхаджиева Аза; иштта божарийн илли олу тоба а, мехкарийн эшарш а кечъеш Магомадова Зина. «Нохчийн пондаран мукъам» номинаци яра хьалхарчу турехь, цигахь доккха накъосталла дира тхуна Багоцаев Рамзана а, Кусариев Арсена а, кхиболчара а.
Цу кеппара вовшах кхетий, тхаьш кечбинчу балхах лоций вовшех дагадовлура тхо, сайна хетарг ас олура, цул тIаьхьа тхайн куьйгалхочунна Шагидаева Динина гойтура, цо цхьайолу меттиг шена хетачу кепара нисйойтуш а хуьлура. Цхьадерг дешначу нахах дагадовла дезаш а нисделира. Кхачамбацарш а хилла хир ду тхан, амма тхайн ницкъ ма-кхоччу уьш ца хилийта а, вайн гIиллакхаш дIагайта а хьовсуш къа-м хьийгира оха.
Халонех дерг аьлча, тобанна юккъехь дакъалоцуш болу кегийрхой, школехь а, институтехь а, университетехь кхийолчу дешаран учрежденешкахь а, цул сов, шина сменехь доьшуш нислора, уьш цхьана хенахь вовшахтоьхна репетици дIаяхьа белхан хан чекхъяьллачул тIаьхьа саца везаш а, иштта мукъачу дийнахь къахьега дезаш а хуьлура.
– Оцу къийсадаларшкахь шуна уггаре а дагахь дисинарг хIун ду?
– Декабрь беттан 29-чу дийнахь йоккхачу концертни залехь «Синмехаллаш» телепроектан финал хилира. Цигахь къовсалуш, дийнна шарахь болх бича хьалха яьлла, кхо тоба яра: Шуьйтан кIоштий, Нажи-Юьртан кIоштий, Соьлжа-ГIалин Культурин департаменттий. Цигахь оха бинчу белхан жамIаш дича, яьхна баллаш вовшахтоьхча, хьалхара меттиг тхуна кхечира, дийнна шарахь мел лайна хало дIаяйира оцу мIаьргоно, иза дар-кха массо а хIуманал чIогIа дагахь дисинарг.
–Таиса, «Синмехаллаш» къаьсттина тIекхуьучу чкъурана юкъахь гIиллакхаш даржо а, иштта тIаьхьарчу тIаьхьенна архиве охьайилла а Iалашо йолуш кхоьллина проект ю, цу юкъахь дакъалаца лууш кегийрхой хилар доккха хIума ду, и санначаьрга хIун эр дара ахь?
– Дакъалаца лууш верг, оха массо а юкъавуьтур ву. Амма цхьа хIума ду, масала, сценари юкъахь турпалхочун васт ловзочуьнгахь догIуш я ца догIуш нисло, иза хийца везаш нисло, хIунда аьлча иза кхечу ролехь го тхуна, я цо байт дика йоьшуш, я илли олуш, я хелхаволуш. Къастам бан безаш хуьлу. Дуккха а бераш ду оха проектана юкъадалош, культурин кхерчахь, исбаьхьаллин школашкахь тхаьш Iамош долу. Школашкара бераш догIу тхуна шайна дакъалаца лаьара. олий. ШолгIачу турехь номинацеш кхин хуьлу, хьалхарчу турехь хилла бераш дерриге а ца нисло шолгIачу турехь дакъалаца дезаш. Номинацеш хуьйцу, хьалхарчу турехь къовсаме диллинарг нохчийн хелхар хилахь, шолгIачу турехь нохчийн пондарийн мукъам хила тарло. Царна юкъахь хелхавала хууш верг, пондар лакха хууш ца хуьлу. Цундела, хIоразза керла бераш оьшу. Дийнна шарахь дIаяьхьначу еа турехь 84 дакъалацархо вовшахкхийтира тхан. Дакъалаца лаамберг оха, Дала мукъ лахь, юкъавуьтур ву, хIунда аьлча, доккха хIума ду бер шен лаамца цу тIе гIертар. Вай дIагойтург вайн дайн гIиллакхаш, Iадаташ ду.
–Таиса, аш дIадаханчу шарахь къахьегна, хьегна ца хиллехь шуьга республикин къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яккхалур яцара, ткъа карарчу шарахь шаьш дан билгалдинарг довзийтахь газетдешархошна?
– Къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яккха атта дац. Сайн дахарехь дозалла дан хIума а хета суна иза, хIунда аьлча, ас болх бечу Соьлжа-ГIалин Культурин департаменто шина шарахь къоман гIиллакхаш, Iадаташ гойтучу къийсадаларшкахь толам баьккхина.
Карарчу шарахь хинйолу номинацеш схьаяхкийтина тхуна, уьш ялх ю: нохчийн пондаран мукъам – цу юкъа богIу кехатпондар, Iадхьокху пондар, шедаг, жиргIа; нохчийн къоман хелхар; нохчийн шира гIиллакхаш; ша вехаш волчу юьртан, кIоштан истори; халкъан самукъане забарш, дийцарш; тIетоьхна хан – куьйгаговзалла. Оха хIинцале, репетицеш дIайолийна, тIаьхьа, тхайн куьйгалхочуьнца цхьаьна а кхетта, къастам бийр бу дика хетачу номершна тIехь.
– Таиса, «Синмехаллаш» къийсадаларшкахь дакъалацарца чекхболуш бац Культурин департаментан болх, цунах лаций дийцахь?
– Тхан Культурин департаментехь кхоьллина «Халкъан мукъамаш» аьлла халкъан инструментийн берийн оркестр ю, апрель баттахь церан жам1ашдаран концерт гайта дагахь ду тхо, Дала мукъ лахь. Культурин министерствос «Халкъан хелхар» аьлла кхайкхийна конкурс а ю, цу юкъахь а дакъалоцуш ду тхо.
– Схьагарехь, аш болх бечу кхерчан белхахошна 2015-гIа шо сингаттаме хир дац. Къамелехь дакъалацарна Дела резахуьлда Дала аьтто бойла шаьш дага мел лаьцнарг кхочушдан.
Интервью дIаяьхьнарг –ТАПАЛАЕВА Аминат
