«Welcome to the Chechen Republic!» – видеоконкурс

Республикин туризман гIуллакхашкахула йолчу министерствос ша дӀакхайкхийна «Welcome to the Chechen Republic!» аьлла йолу видеоконкурс бекарг (март) беттан 20-гIа де тIекхаччалц яхйина хиларан хьокъехь хаам бина.

«Конкурсан лехамашца йогIуш йолу а, хIинццалц социальни сеташкахь зорбатоьхна хилла йоцу а материалаш яхкийтар доьху! Конкурсан лехамаш а, цу юкъахь дакъалацаран бакъенаш а шуна евзар ю тхан сайта тIехь. Массо а дакъалацархочун аьтто хуьлийла а лаьа тхуна, иштта, юха а дагадаийта а лаьа – конкурсан толаман а, совгIатийн а меттигаш яьхначу дакъалацархошна мехала совгIаташ дийр ду», – билгалдаьккхина Министерствон пресс-службо бинчу хаамехь.

Цул сов, цара тидам тIебохуьйту конкурсехь дакъалаца лаам болчарна юкъахь хенаца боьзна къестамаш бийриг цахиларна. Конкурс шина декъе екъна хир ю: финале бевлла белхаш республикин Къоман «Visit Chechnya» туроператоран YouTube чуьрчу канала тӀехь бовзуьйтур бу. Царна юкъахь, дукха нах хьаьвссинчу видеокийсикца, толамхо а, II–III-гIий меттигаш яьхнарш а къастор бу.

Конкурсах лаьцна алссам хаам а, цу юкъахь дакъалацаран бакъенаш а visitchechnya.ru сайта тIехь евзар ю.

Дагадаийта лаьа конкурс дуьххьара дIакхайкхочу муьрехь заявкаш а, кечбина белхаш а 2018-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 10-гӀа де тIекхаччалц схьаоьцур бу аьлла, бина сацам хилла хилар.

Делахь а, республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетах Туризман гIуллакхашкахула йолу министерство кхолларца доьзна хиллехь а (я бахьана кхин хила а тарло), ма-дарра аьлча, оцу ведомствон векалша шаьш, цкъа дIа а кхайкхийна, кхидIа «тесна» йитира и конкурс.

Иштта, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, хIинццалц социальни сеташкахь зорбатоьхна хилла а йоцуш, леррина оцу конкурсан лехамашца йогIуш яьккхина йолу видеоматериал ю езарг. Ткъа цу тIехь дуккха а къахьега деза.

Дерзош, оцу конкурсехь дакъалаца луучеран барам алсамбаккха а, уьш жигара хилийта а дан догIург кхин дара – юх-юха а «мехала совгIаташ» а ца бохуш, оцу «мехалчу совгIатан я совгIатийн» барам бовзийтар.

И.ИСЛАМОВ
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: