ХIокху шеран рузма йина аьлла, хаза кхаъ кхаьчна «Даймохк» газетан редакце Иорданерчу Заркъа гIалахь йолчу «Сан сагIа сол хьалха ялсаманехь хир ду» аьллачу, нохчийн юкъараллин организацин жигархошкара Хьаьжа-Асхьабан Нурин Маремера а, Фейруз Салмерзера а.

ДIадаханчу шарахь оцу организацис йина рузма пенах тухуш ерг яра (хIетахь вай газетехь хаам а белира цуьнан хьокъехь), ткъа хIокху шеран рузма стоьла тIе хIоттош, дIалуьстуш йина цара. Нохчийн къоман хотIехь кечйина 2019-чу шеран рузма лакхахь хьахийначу организацин чоьтах зорба тоьхна. Цуьнан суьрташ кхаьчна редакце. Хьаьжа-Асхьабан Нурин Маремаца зIене девлла, къамел дар хилла тхан.
– ХIоразза а, тхаьш рузма ян дуьйлалуш, тхан Iалашо хуьлу Урдунехь бехачу нохчийн, къаьсттина кегийрхойн, нохчийн йозанна тIе тидам бахийтар. Урдунехь баьхна ца Iаш, дуьне мадду дIасабаьржина бехачу нохчашна шайн орам, шайн дайша лайна бала, церан чолхе, къиза, амма оьзда хиллачу селхенах ойла йойтуш, кегийрхошка пайдаэцийтар. Нохчийн элпаш гича, цаьрга безам кхоллало, оцу элпийн маьIна хиъча, йоза а карадоьрзур ду олий дегайовхо хуьлу тхан. Иза иштта хилар бакъ хилла карийча самукъа а долу тхаьш дечу гIуллакхах. АлхьамдулиллахI, массарна а хазахетта керла рузма. Рузма чу юьллуш шен ботт а яйтина оха. Цундела совгIатана яла а юьхькIам болуш а ю иза. Уьш дIайоьхкича яьлла са кхузарчу гIаддайначу нахана а, буобераш кхобуш Iачарна а, заьIап нахана а, доьшуш болчарна а сагIина хьажо дина нийят а ду тхан, – дийцира Нурин Марема.

Рузманан хIора беттан цIе нохчийн, Iаьрбийн меттанашкахь язйина, иштта, оцу хIора баттана улле диллинчу суьрта тIехь нохчаша ехкинчу Сувайле, Сухне, Аз-Заркъе ярташкара а, ткъа иштта нохчаша йиллинчу Заркъе гIалин а маьждигийн суьрташ ду (дагадаийта лаьа стохка йина хиллачу рузманна тIехь вайнаха шайца дIаяьхьна хиллачу юьртабахаман, культурин, историн мехалла йолчу хIуманийн суьрташ хилла хилар.
Масала, нохчаша ялта кхиош лелош хилла а, тоьганна лелийна а хIуманийн суьрташ. Цу тIехь шира кор-неI дара. Шайн истори хилла оцу неIарийн а. Нохчашна шаьш Иордане дIакхаьчча, Iаьрбий четарш чохь Iаш карийна хиллера (цIа-чоь йоцуш). Оцу махка дIакхелхинчу нохчийн, хIора доьзалехь бохург санна, пхьераш хилла, я дечиган я аьчкан пхьола дан хууш. Долийнначуьра аьлча, тахана а дукха нохчийн бу шайн дайн хиллачу говзаллин цIарах фамилеш лелош).
Ткъа 2019-чу шарна йинчу рузмин суьрташкахь гайтинарг таханлерчу Иорданин васташ, дахар ду, цигахь бехачу нохчаша ларам беш лелочу нохчийн къоман кхачанийн суьрташ ду.

Хууш ма-хиллара, рузма дIайолалуш хьалхарчу беттан цIе Кхолламан аьлла ю. Оцу цIаро ша а дуьйцу шен маьIна. Адамийн дахар долалуш санна ду шеран оьмар йолаялар а. Шеран кхоллам болалуш тиллича санна ю хьалхара цIе. Рузма йолалуш кхолламан (январь) беттан агIонна техь «Сан сагIа сол хьалха ялсаманехь хир ду» аьллачу организацин куьйгаллин дешхьалхе ю. «БисмиллахI» аларца къамел доладо цара.
Шайн организаци кхоьллина 3 шо кхаьчна хилар дага а доуьйтуш, бусалба умматана а, организацин жигархоша схьайиллинчу Къуръан деша Iаморан курсашкахь болчу мутаIеламашна а дика мел дерг хила лаар хоуьйтуш дош олу цара.
Юха, кхечу, масала, бекарг (март) баттана диллина сурт (ло диллинчу дийнахь даьккхина) нохчаша 1904–1907-чуй шерашна юккъехь йиллинчу Сувайле юьртан маьждиган сурт ду. Оханан (апрель) беттан агIонна тIехь нохчийн къоман даарийн сурт ду. БIов йолу сурт хIутосург (май) беттан агIон тIехь ду. Оцу тIехь Сухнера маьждиг ду.

Асаран (июнь) беттан суьрта тIехь Заркъахь долчу нохчийн маьждигехь «Сан сагIа сол хьалха ялсаманехь хир ду» аьллачу, нохчийн юкъараллин организацис схьайиллинчу «МухIажарун маI аль Къуръан» курсехь доьшуш болу мутаIеламаш бу. Масала, хьаьттан (август) баттана хаьржинчу суьрта тIехь дерг Заркъарчу маьждиган сурт ду (хьалха хиллачу куьцехь).
Хаза схьаго Аз-Заркъерчу тIайн сурт тIехь долу агIо. Иза гIуран (декабрь) баттана хаьржина сурт ду.
Рузманан хIора агIонан го нохчийн къоман бустамашца а, ткъа иштта, карарчу хенахь Мисарахь вехаш волчу Адаман Султанан Олхазара нохчийн матте гочдинчу Шайх СаIид Аль-КъахьтIанийн «Бусалба стеган гIап» жайни тIерачу хьадисашкахь деана доIанаш а ду. Рузманан тираж 500 экземпляр ю.
З.ХИЗИРОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо