2019-гIа шо – театран шо

2018-чу шеран оханан (апрель) беттан 28-чу дийнахь РФ-н Президента В.Путина тIе куьг яздина арадаьккхина «2019-гIа шо – Театран шо» кхайкхоран хьокъехь долу №181 йолу Указ. Билгалъяьккхина вовшахтохараллин тоба, шен коьртехь РФ-н Правительствон вице-премьер Голодец Ольга а йолуш.

«2019-гIа шо – Театран шо» программехь дакъалаца декхарийлахь ю Россин ерриге а регионаш.

Программа тIехьажийна ю театран сий-ларам лакхабаккхарна, цуьнан мехалла, маьIна тIекхуьучу чкъурана довзийтарна, Россин театрийн кхиаран хьал муьлхачу хьолехь ду хьажарна. Россин массо маьIIехь а дIахьур ю театран фестивалаш. Кхайкха дагахь ду кхечу пачхьалкхашкара дуьненна гIараевлла театраш. Дерзоран театрийн фестиваль дIахьур ю Россин коьртачу шахьарахь Москвахь 2019-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь.

«2019-гIа шо – Театран шо» дIакхайкхийна Россин халкъан артистан Калягин Александран дIадолорца. Россин Президентаца Путин Владимирца хиллачу къамелехь, Калягин Алексанра Президентан тидам тIебахийтира Россин театрашкахь тIаьхьарчу хенахь хIоьттинчу ледарчу хьолана, къаьсттина регионийн театрашкахь долу хьал кхидIа эшна хуьлийла доцуш, лахарчу тIегIане кхаьчна хилар билгал а доккхуш. Теша лаьа вайн махкарчу массо а театро «2019-гIа шо – Театран шо» программехь дакъалоцург хиларх а, вайн похIмечу актераша шайн хьуьнарш дIагойтург хиларх а.

Нохчийн Республикин театрашна зерийн шо хилла дIахIотта там бу 2019-гIа шо. Вайна массарна юьхькIам боллучу агIор вайн театраш оцу зерех чекхйовлар вайна массарна мерза кхаъ хир бу.

А.САЙПУДИНОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: