Яздархойх лаьцна дуьненахь а дуьххьарлера атлас

Нохчийн Республикин А.Айдамировн цIарахчу къоман библиотекехь «Нохчийн Республикин литературин-географин атлас» книга йовзийтира. Цигахь дакъалоцуш вара яздархо, автор Арсанукаев Муса, яздархо, проектан куьйгалхо Чагаева Тамара, йовзуьйтуш йолчу книги юкъабаханчу яздархойх дукхахберш, иштта кхоллараллин а, Iилманан интеллигенцин а векалш. Цхьаьнакхетар дIахьош вара яздархо Мамакаев Эду-Хьаьжа.

Тахана вай кхуза гулдинарг дуьнен чохь а дуьххьара араяьлла «Нохчийн Республикин литературин-географин атлас» книга йовзийтаран бахьана ду. Суна а, шуна а боккха кхаъ а, дозалла а ду иза. Авторша оцу книги тIехь вайна вовзуьйту 110 яздархо. Нохчийн къоман оццул бен яздархо вац бохург дац иза, дуьххьара арайолучу книги тIехь нохчийн литературин бухбиллархой а, тоьлла яздархой а, хIокху заманан къона яздархой а бу. Цу тIехь книгаешархочунна 110 яздархочух (винчу меттигах, дахарх, кхоллараллех) лаьцна, кхачам боллуш, довзуьйтуш ду, – элира Мамакаев ЭдуХьаьжас.

Авторшна атлас вовшахтухуш гIо-накъосталла дира: филологин Iилманан доктора, профессора Туркаев Хьасана, историн Iилманийн кандидата Асталов Вахас, яздархочо, гочдархочо, поэта Ахматукаев Адама, иштта дуккха а кхечу яхдархоша а, Iилманчаша а.

«Нохчийн Республикин литературин-географин атлас» вовшахтоха дог-ойла масех шо хьалха кхоллаеллера сан. Цхьана дийнахь тхан кIетахь гулбеллачу лакхарчу классийн дешархошка хьоьжуш Iара со, айса кхайкхина машен схьаяллалц. Юха меллаша йолаелла царна тIеяхара со. Де дика а дина, ас цаьрга хаьттира: «Нохчийн яздархой бевзий шуна?», – аьлла. Телевизор чохь сихсиха гойтуш болчеран цIерш ехира, амма кхин цхьа а ца вевзира царна. Юха шолгIа хаттар дира ас: «ЦIерш яьхначеран говзарш муьлхарш ю?», – аьлла. Цхьаммашимма цIерш ехира, амма оцу авторийн произведенеш яцара уьш. Юха шаьш нийса жоп ца деллий хиъча, царах цхьаъ интернетах пайдаэца волавелира. Нохчийн маттахь язйина биографеш карийра цунна, амма шерра дIаеша ца хиира. «Нохчийн маттахь шерра еша ца хаьа суна», – аьлла, телефон къайлаяьккхира цо. Суна чIогIа халахийтира вайн кегийрхошна нохчийн маттахь еша цаахар а, яздархой цабовзар а. Шайн балхана реза я шаьш а бацара уьш. Цул тIаьхьа, дукха хан ялале, иштта сурт хIоьттира кхечу кегийрхошца а. ТIаккха, книга язъян ойла кхоллаелира сан, амма и ойла кхочушъян аьтто оьшура. Айса куьйгалла дечу Нохчийн Республикин «Надежда Чечни» юкъараллин организацин цIарах президентан грандин Фонде кечйина проект яхьийтира оха. Цигахь тхо чекхдевлира, гранд а елира. Иза хьалхара гIулч яра. Цул тIаьхьа дIаболабелира тхан къинхьегаман болх. Команда дика хиларна а, накъостий тешаме хиларна а нохчийн яздархойх лаьцна дуккха а хаамаш гулбира оха. Бакъдерг аьлча, атта дацара, делахь а, тхан ницкъ кхечира тхаьш юьхьарлаьцначу Iалашоне кхача, – дийцира яздархочо, Нохчийн Республикин «Надежда Чечни» юкъараллин организацин куьйгалхочо, «Нохчийн Республикин литературингеографин атласан» автора Чагаева Тамарас.

«Нохчийн Республикин литературин-географин атлас» книга ерриге а школийн а, вузийн а, яьртийн а библиотекашка, иштта, Россин регионашкахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а бехачу нохчашка а дIакхачор йолуш ю.

Оцу книги юкъахь нохчийн географин карта ду. Цу тIехь терахьашца билгалдаьккхина ду муьлха яздархо муьлхачу юьртахь вина, юха мелла а шуьйра довзуьйту оцу яздархочун дахарх а, кхоллараллех а лаьцна.

Цхьаьнакхетаре баьхкинчара билгалдаьккхира и книга нохчийн халкъанна оьшуш хилар а, иштта, баркалла элира цу тIехь къа хьегначарна.

ВЕГИЕВА Макка
Авторан суьрташ

№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: