Элхьамч (боярышник)

Нохчийчохь элхьамчаш шина тайпана хуьлу: цIен элхьамчаш а, Iаьржа элхьамчаш а. Царна тIелатош болу стоьмаш таьIна цIен бос болуш хуьлу. Уьш дарбане бу. Элхьамчашна зазадоккху асаран (июнь) беттан юьххьехь.

Нохчаша ширачу заманашкахь дуьйна пайдаоьцуш хилла элхьамчин стоьмех, царна девзаш хилла оцу ораматаца-стоьмашца, лелош долу дарбанаш.

Элхьамчех къаьсттина шуьйра пайдаоьцуш хилла дагца, пхенашца лазарш долчара. Тахана а царах пайдаоьцу гипертони, стенокарди, ангионевроз, аритми, атеросклероз цамгарш йолчарна дарбанаш лелош.

Цул сов, элхьамчаш дарбане ду таIамца бала хьоьгучарна а, цIий дукъделлачарна а, пхенаш гатделлачарна а. Царах кечдина молха мелча дегIан таIам меттабогIу, пхенаш шорло, дог карзахе деттадалар дIадолу, коьртаца долчу лазаршна гIоли хуьлу. Дарбане ду элхьамчийн зазанаш а.

Царах молха кечдар кху кепара хуьлу. Элхьамчийн 5 грамм (боккха цхьа Iайг) зазанаш сирдиллинчу пхьегIи чу духку. Цу тIе 200 мл (цхьа стака) кхехкийна хи дутту. ПхьегIи тIе негIар (туху) дуьллу. И пхегIа кхехкаш долчу хи чохь 15 минотехь дохдо.

Цул тIаьхьа, оцу хи чуьра схьа а оьций, чохь 45 минотехь шелдолуьйту и молха. Юха луьтту, зазанаш юкъара дIадоху. Молханан барам 200 мл дIакхачабо, кхехкийна хи тIе а дуттий.

ТIаккха, кхача баале 30 минот хьалха 1/2 стака молуш, дийнахь 2–3-зза молу.

Элхьаьмчех (стоьмех) а кечдо молха. Цхьа стака хи тIедутту 15 гр. (боккха Iайг) аьттачу стоьмашна. Лакхахь ма дийццара кечдо молха. Цул тIаьхьа кхача баале 30 минот хьалха 1/2– 1/3 стака молуш, дийнахь 2–3-зза молу и молха. Цуьнца цхьаьна элхьамчаш кхиъна евлча яа мегаш а ю.

Царах, якъа а йина, чай даккха мегаш а ду. Царах даьккхина чай меллачун корта серла болу олуш хилла вайн дайша.

З.ХАСБУЛАТОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: