Россин дуьххьарлерчу Императоран Пётр Хьалхарчун лаамца юкъадаьккхина оьрсийн зорба 1703-чу шеран кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь. Цул тIаьхьа гучудевлла оьрсийн дуьххьарлера газеташ а, тIаьхьо журналаш а. Уьш дерриге а оьрсийн маттахь хилла, XVIII-чу бIешарахь нохчех лаьцна царна тIехь хьахош хIумма а ца хилла, мел халахеташ делахь а.

Цу хенахь а, наггахь хIинца а, царна вай акха адамаш хеташ хилла, йоза а, зорба а хIун ю ца хууш. Цундела дукхахболчарна хета нохчийн зорба советийн заманахь гучудаьлла а, «Аврора» цIе йолчу крейсера тIехь 1917-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 25-чу дийнахь яьллачу йоккхачу тоьпо вай самадаьхна, лаьмнашкара охьадалийна, йозадешаран серлоне кхачийна аьлла.
Бакъду, суна-м вайн йоза-дешар цул дуккха а хьалха хилла аьлла хета. Цхьана а кепара шеко хуьлийла дац, тахана Нохчийчохь шех шуьйра пайдаоьцу кириллица вайн дахаре советийн замано еана хиларх. Ткъа цул хьалха йоза доцуш Iийна вайн турпала дай? Хала дац оцу хаттарна доцца жоп дала.
ХIора юьртахь бохург санна, хьуьжарш хилча, даима бераша цигахь доьшуш хилча, царна хьоьхуш молланаш хилча, йоза-дешар дац цара цигахь Iамийнарг!?
XVI-чу бIешеран юьххьехь дуьйна Нохчийчохь Iаьрбийн йозанна тIехь хIиттийна Iаматаш хилла, юьртарчу молланаша царна тIехь берашна йоза-дешар Iамош хилла. Цул сов, XVIII-чу бIешеран юьххьехь дуьйна, вайн махкахь юкъ-кара гучудовлу оьрсийн маттах кхеташ, оьрсийн йоза-дешар хуурш. Царах хилла: Таймин Биболат, Чермоев Орца, Лаудаев Умалт, иштта кхиберш а.
Лаудаев Умалта 1872-чу шарахь арайоккху оьрсийн маттахь «Сборник сведений о кавказских горцах» цIе йолчу гуларехь шен «Чеченское племя» цIе йолу Iилманан йоккха статья. Нохчийн къомах лаьцна оьрсийн маттахь дуьххьара язбина Iаламат мехала Iилманан болх бу иза, къоман зорбанан бух лара хьакъдолуш. Хууш ма-хиллара, оьрсийн воккхачу Iилманчас Н.Семеновс а, иштта оьрсийн яздархочо Л.Толстойс а бешна и Iилманан болх, цуьнан лаккхара мах хадийна, оьшучохь цунах пайда а эцна.
Кхин а хьалха, 1862-чу шарахь барона П.Услара, гIонакъосталла а деш, Дишни-Веданарчу Досов Къедас Тифлисехь зорбане яьккхина нохчийн дуьххьарлера грамматика. Оьрсийн графики тIехь Услара, коьртачу декъана, кириллици тIехь хIоттийна грамматика 37 элпах лаьтташ хилла, бакъду царна юкъара масех элп латинин буха тIехь хилла, масех гуьржийн графикера а хилла. ТIаьхьо Досов Къедас, Услара бинчу белхан буха тIехь дуьххьарлера абат хIоттийна.
Гуьржийн къоман музейхь, Тбилисехь, хIинца а йолуш ю иза. «Нохчийн жуз ду хIара» ю цуьнан цIе. Оцу букварах пайдаоьцуш, Буьрсачу гIопехь схьайиллина школа хилла, цу школехь доьшуш 25 нохчийн жима стаг хилла. Кхаа баттахь (цхьаболчу Iилманчаша кIирнах а аьлла), кхоччуш, йоза-дешар Iамийна бевлла уьш. Россин тIеман инарла хиллехь а, чIогIа хьекъал долуш стаг хилла Услар Петр. Оьрсийн инарлас чIагIдарехь, кхечу къаьмнех долчу берашна, цкъа кIорггера ненан мотт Iамо беза, оьрсийн мотт Iаморехь уьш бIаьрлачу кхиамашка кхача лаахь.
Бакъду, ши бIешо гергга хьалха, оьрсийн инарла, барон Услар кхеттачух, мел хала хеташ делахь а, вай хIинца а кхета ца лууш, цхьацца хабарш дуьйцу. Нохчийн маттаца долчу хьолан цхьадолу орамаш оцу цакхетарера схьадогIуш ду аьлла а хета. Досов Къедин абат зорбане яьллачул тIаьхьа, вайн махкахь кхин дуккха а хилла нохчийн меттан абаташ.
1866-чу шарахь Услара бинчу белхан буха тIехь Бартоломей Ивана хIоттийна нохчийн маттахь букварь. Услара бинчу балха тIехь а мелла хийцамаш беш, 1908-чу шарахь Нохчийн къоман серлончас Эльдерханов Таьштамира хIоттийна керла абат.
1913-чу шарахь Лаха-Неврехь нохчийн берашна схьайиллинчу школехь дIадоладо дешархой Эльдарханова Таьштамиран абата тIехь Iамо.
1917-чу шарахь Iедалан архаш шайн каралаьцначу советийн Iедало карладоху нохчийн меттан алфавитца долу ловзарш. Юьхьанца латиница, тIаьхьо кириллица юкъаялош, дахло уьш. Эххар а, нохчийн сийлахьчу яздархочо Ошаев Халида хIоттийначу абата тIехь дIадоладо дешар. Цул тIаьхьа а, моссазза хийцина абат!?
Советийн Iедал чIагIдаларца алсамдолу вайн махкахь газеташ, журналаш, керла книгаш зорбане яхар. Делахь а, советийн Iедал тIедаллалц, нохчийн къоман йоза ца хилла бохург бакъ дац. XVI-чу бIешарахь дуьйна Iаьрбийн йозанах шуьйра пайдаоьцуш, вовшашка кехаташ яздеш, жузаш яздеш, хIора доьзалехь уьш деша хууш стаг волуш, даьхна нохчийн халкъ. Цуьнан цхьана а кепара шеко хуьлийла дац. Ткъа хIора шеран кхолламан (январь) беттан 13-чу дийнахь Россин зорбанан де вай даздо оьрсийн графики тIехь вайн махкахь арадовлуш дуккха а газеташ, журналаш хиларна.
Кхин хIумма а ца хилча а, вай дина, кхиъна ду Россехь, вайн Даймохк бу Росси, тIаккха цуьнан деза де, вайн деза де ду. Муьлхха деза де а, вайх хьерчаш беркат ду. Россин кхидолу деза денош санна, цIеначу даггара даздо вай Зорбанан де а. Цул сов, йоккхачу Россин башхачу зорбанан цхьа дакъа ду тахана кхиаран зазахецна догIу нохчийн зорба а. Къастабойла доцуш, вовшахъийна зорбанан белхахойн кхолламаш а.
Къаьсттина иза билгалделира ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь. Нохчийн Республика буьрсачу тIеман цIергахь ягочу муьрехь, орцанца вайна гIевттинарш Россин шуьйрачу хаамийн гIирсийн белхахой бара. Россин зорбанан тоьлла белхахой вайца бара. Нохчийн къоман дуьхьа хеназа эгнарш кIезиг бац царна юкъахь.
Бакъдош дуьнене дIакхайкхош, шайн къона дахарш ца кхоийна цара. Церан сий деш даздо вай Россин Зорбанан де! Оха даггара декъалдо шу!
А.АРАПХАНОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо