ХХ-чу бIешеран 60-гIа шераш юкъал тIехдевлча дара «Майор Вихрь» фильм телеэкранашка яьлча.
1941–1945-чуй шерашкахь буьрса кхихкинчу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамах лаьцна яра иза. ЦIечу Эскаран бIаьхоша гайтина доьналла, майралла юьйцуш яра. Къаьсттина массарна дукхавезара фильман коьрта турпалхо – майор Вихрь. ПохIме актер Бероев Вадим вара бIаьхочун, партизанийн тобанна куьйгалла деш хиллачу турпалхочун васт кхуллуш.
ТIеман эшамаш ловш, юхадолучу немцойн эскаро эккхийта кечйина Польшера Краков гIала партизанаша кIелхьараяккхарх яра «Майор Вихрь» фильм. Массарна хазахеташ а, цкъа-шозза хьажарх кIорда ца еш а яра иза. Кхаа серех лаьтташ йолу «Майор Вихрь» фильм режиссера Ташков Евгенийс яздархочо Семенов Юлиана язйинчу, роман тIехь 1967-чу шарахь яьккхина а, цуьнан сюжет бакъдолчунна тIера схьаэцна а яра.
1944-чу шеран хьаьттан (август) беттан 19-чу дийнахь ЦIечу Эскаран бIаьхойн кхаа стагах вовшахтоьхна тоба хьажийна хилла, Березняк Евгений Степанович коьртехь а волуш, Кракове, хила тарлучу бохамах гIала кIелхьараяккхар тIедиллина. Цигахь болчу партизанашца зIе тесна, 1945-чу шеран кхолламан (январь) беттан 23-гIа де тIекхаччалц болх бина цара Краков эккхийтарх кIелхьараяккхарна кечамаш беш.
Шайна хьалха хIоттийначу декхарца дика ларийна, могаш-маьрша юхайирзина и тоба. ТIом балале хьалха, школин хьехархо болх беш хиллачу Березняк Евгенийс дуккха а шерашкахь шен корматаллица болх бина, цул сов, филологин Iилманийн кандидатан диссертаци язйина, кхиамца и чIагIйина.
Ткъа фильмах дерг аьлча, иза исбаьхьаллин говзар ю, фашисташна тIехь баьккхинчу толаман мах тIекхуьучу чкъурана хаийта. Тахана вайна фильмехь мехала дерг, билгалдаккха луург, коьртачу турпалхочун Алексейн (майор Вихрь) васт кхоьллинарг кавказхо хилар ду. Иза кинон а, театран а актер Бероев Вадим ву.
1937-чу шеран кхолламан (январь) беттан 10-чу дийнахь Беслан гIалин йистошца Iуьллучу Хумалаг юьртахь хIирийн доьзалехь дуьнен чу ваьлла иза. Цуьнан да тIеман лор, Бероев Борис Бодзиевич шен корматалла бахьанехь кест-кеста Iер-вахаран меттигаш хуьйцуш хилла. Иштта кхаьчна БероевгIар Украинерчу Львов гIала. Цигахь чекхъяьккхина кIанта юккъера школа а. Львовера воьду жима стаг Москва а, театральни институтехь деша Iалашо лоций.
ТIеэцаран зерех кхиамца чекхваьлла, В.Бероев 1954-чу шарахь ГИТИС-н студент хуьлу. Кхиамца театральни институт чекхъяьккхинчул тIаьхьа, «Моссоветан» театре балха кхойкху актер. Дукха хьолахь, Раневская Фаина партнер йолуш, «Моссоветан» театран спектаклашкахь дакъалоцу Бероев Вадима. «Жизнь Сент-Экзюпери», «Сверчок», «Странная миссис Сэвидж», иштта дуккха а кхечу спектаклашкахь а хилла и шиъ цхьаьна васташ кхуллуш. Хьалххе волавелла Вадим кинофильмашкахь а дакъалаца а. «Телефонистка», «Самолет не приземлился», «Наш дом», иштта, кхечу фильмашкахь дакъалаьцна похIмечу кавказхочо. ДIора реза волуш а ца лецира цо «Майор Вихрь» фильмехь коьртачу турпалхочун васт кхоллар шена тIе.
Фильман сценари юьхьанца туьйранах тера хеташ хилла Бероев Вадимана. Амма баккъал а болчу (Краков эккхийтарх кIелхьараяьккхинчу) турпалхошца цхьаьнакхетар хиллачул тIаьхьа, цIеначу даггара сценарина тIевирзина хилла актер. Цундела башха фильм хилира «Майор Вихрь» кинолентах. Адамалле, къинхетаме, Даймохк безаре кхойкхуш фильм яра иза. Цундела дуккха а шерашкахь хьовсархойн дегнашкахь яха а йисина.
Иштта, боккхачу безамца «Майор Вихрь» хьовсархоша тIелацар Бероев Вадиман корматаллин хьуьнарца доьзна а дара. Нуьцкъала амал йолуш, товш куц-кеп долуш вара кавказхочо васт кхоьллина разведчиктурпалхо Савельев Алексей. Дахарера дукха хьалхе дIавахана иза.
1972-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 28-чу дийнахь дIаваьлла 35 шо кхаьчна похIме актер. Цуьнан цIе гIараяьккхинарг «Майор Вихрь» фильм хиллехь а, Бероев Вадимана бале яьлларг а изза хилла. И фильм йоккхуш лайла керчар тIахьало йоцуш ца дисина цунна. Кино йоккхуш лаьцначу шелонан сиркхоно (воспаление легких) кхин дIа ца хоьцуш, кхелхина актер.
А.САЛАУТДИНОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо