Мацах цкъа, Москвахь студентийн «Землячество» гуламо вовшахтоьхначу цхьаьнакхетаре кхайкхина боьлхучу наха, дехар дина, шайца цхьаьна вигина хиллера Айдамиров Абузар.
Цхьаьнакхетарш, гIуллакхаш дIадерзийна, сарахь ресторане бахана хилла вайнах, шайца Москвара оьрсех болу баккхий хьаькамаш а болуш. Кавказан къаьмнийн даарш кечдечу ресторанехь шун хIоттийна царна.
«Еха буьйсанаш» романан автор, нохчийн яздархо шайца хиларх баккхийбеш, ладоьгIуш Iаш хилла нах. Комаьрша хIоттийначу стоьла тIера тIо-берамний, буткъа бина «Лаваш» олу хьокхамний тIекхевдина хилла Абузар. Куьйгаца хьокхаман цастар доккхуш иза пиали чу Iуттуш, паргIат, тIо-берам цIахь санна бууш хилла цо. Стоьла гонаха хевшинчу цхьаболчарна эхь хетта, ца тайна-кх цо тIо-берам иштта, куьйгаца баар.
Ларамечу хьешана новкъа даийта а ца лууш, цхьамма ларлуш, элира боху: «Абузар, оцу пиалана уллехь жима Iайг болчух тера ма хета суна…», – аьлла. Цо иза шега хIунда боху хиъначу Абузара, вела ца валархьама, меллаша йовхарш а тоьхна элира боху: «Хьенех, ахь хIун боху а, хьуна хетарг хIун ду-м а хаьара суна. Вай хIокху Москва даьхкича тIо-берам а битахь, Петербурге дахача холхазан куй а бицбахь, Одессе кхаьчча дог-ойла а хийцахь, вайх хIун дуьсур ду хаьий шуна?».
Баккъал а, хIун дисина вайх? Хьуна хьо вевзий, нохчи?
…Сарахь, Зорбанан цIенна хьалхарчу социйлехь микроавтобусаш ларъеш, хьоьжуш дукха адам ду. Оьрсийн маттахь цхьаъ дуьйцуш тIекхочу кегийрхойн тоба. Кегийчу нехан буйнахь «Fresh» талун банканаш къега. Банка лестош кегайо, цунна чу хIоттийначу маьIачу чемхалгехула молу «Fresh» (цунах мутт а, я хи а алар а хьарам ду).
Дакъийначу йоьхьан чкъор санна ду тIеозийна духар, лергаюхкурш, банка. Сан кегий вежарий бу уьш. Сан махкахой. Iамаркан а, Европин а «супер модано» йийсаре лаьцна, нохчийн хотIах боьхна кегийрхой. Газель микроавтобус чу бевлча а молуш ду карахь дерг, тIе чипсаш а кхоллуш. «Пхьоьханехь хIоьттина Iа жима стаг, гIодаюкъе оьллина шаьлта, боьмашчу басахь чоа, маьхьсеш, хьолхазан куй. Жима велахь а шега эрна бегаш бойтур болуш вац иза-м. Цуьнан дIахIоттар къоначу ножан диттан санна ду. Стаг ву-кх», – яханчу заманан васташ кегадо коьрто.
Амма цо юьрта, гIали юккъе а ваьлла хIума кхоллуш, шиша ирх дерзош, хи молуш сурт, со йийча а дуьхьала-м ца хIоттало соьга! Иза я нохчаллица а я юкъараллин оьздангаллица а ца догIу дела. Цунна Делах, юкъараллах, шен сих, эхь хетар дара. Цо шен мах лахбар хир дара ишттаниг шегара далийтича. Тахана мегаш ду хьалха мел цамегнарш а.
«Яханчу заманца ма дустахь! Вай «современни» хенахь ду-кх!», – олу соьга.
Суна-м ца лаьа сайн кегий вежарий пхьоьханахь, гIали юккъехь, урамехь, майданахь банканаш, шишанаш ирх дерзийна я хIуш дууш ган. Суна ца лаьа уьш Iаьрбийн а, я европахойн а сибаташка бирзина ган. Хона тIехь кхозу хечеш, тIеозийна 2–3 размер кегий костомаш, буьйцу оьрсийн мотт, Iуьйшу сегIаз. Глобализацин жамI! Вай – Арманин, Версачин тутмакхаш, церан хьал дебораш. Вешан къоман оьздачу хотIах, орамах ца дешачу дийне схьакхечи техьа? Вайн ца дезачийн луур цхьаъ, вукхуьнца йохье а волуш, кхочушдеш ду техьа вай?
«Базарахь юхкуш ерг бен оьцийла дуй тхан?», – олу соьга сайн гергарчу кегийнаха а.
«Аш тIеюхург бен йохка йохьуш а яц. Шуна дош хеттарг ю юхкуш а», – жоп ло ас.
Шарахь цкъа шайна тIе къоман духар дуьйхина арадовлурш, вайн халкъан дIадаханчу бIешерийн узам, мохь-орца, ирсан зовкх, ловзарийн, синкъерамийн аьзнаш хезий шуна? Шарахь цкъа доьхча а тоьаш ду нохчичунна ша нохчий хилар дагадоуьйтуш долу и духар.
Ткъа хIора дийнахь, шо-шаре хан мел ели а, хьалхачул маьттаза, цIармата духар схьагаро, генна юьстахдоху вай вешан оьздачу орамна. Тахана и осала духар дуьйхинчу кIентан кIант кхуьур ву 20–30 шо даьлча. Цо, шен дедас лелийначух дисинарг схьаэца дезар ду. Дуй иза схьаэца? Вайх хIун дуьсур ду 40–50 шо даьлча? Вайн къоман кхачанах, духарх, гIиллакхах хIун дIакхочур ду вайл тIаьхьа Нохчийчохь баха дуьнен чу богIурболчаьрга?
ДагадогIу, аьлча а, цкъа а диц ца ло, 2000-чу шарахь а, цул тIаьхьа а, Москварчу Казански вокзале Соьлжа-ГIалара схьакхочуш болчу цIерпоштана милцой жIаьлешца дуьхьал богIуш хилла зама. Вокзалехь цигонаш хуьлура. Цаьрца бала а бацара. Нохчий бара новкъа. Вайн боьрша нах, паспорт, прописка, тIоьрмиг, кисанаш – уьш талла езаш бара милцой.
Нах маьрша дIасабоьлхучу метро чохь а, масех миллион адамна юкъахь а, сацош, юьстахвоккхург нохчи хуьлура. Иштта, цхьа нохчийн жима стаг сацийна лаьттачу милцочуьнга, собар кхачийна, хаьттира ас.
«ХIокху метро чохь эзарнашкахь дIасалелачу халкъана юкъахь, шуна муха бевза нохчийн кегийнах? Ма доккха хIума ду иза!», – аьлла.
Милцочо элира: «Эскалатор охьайогIуш ларйо ас. Нохчийн жима стаг дIахIоттарца къаьсташ хуьлу, кура, кечвелла. Эскалатор охьакхаьчча суна хеттарг бакъ а хуьлу. Суна цкъа а гина вац боьха мачаш лелош волу нохчи, шу боккхуш иту хьаькхначу хечица а, къегачу, цIеначу мачашца а каравогIу суна нохчи».
Гой шуна, вай иштта девзаш хилла ду. Болар – шатайпа, эпсаран санна, гIиллакхаш – ингалсан паччахьан доьзалехь мах белла, Iамадайтича санна, эрна дош ца олуш а, велавалар а уллерчунна а халла бен хезаш доцуш, меллаша, оьзда долуш! Забар яр а, бехк баккхар а оьзда долуш. Гергарлонаш-м дуьйцур а дацара, дов кхайкхоран кеп а ма хилла хьан, нохчи, элийн хабар-кост санна, собаре! Воккхачунна кIант хила а, гIийлачарна ваша хила а кийча волуш вевзаш ма хилла хьо хьалх-хьалха!
Хьайна хьуо цкъа вовза хьажахьа, нохчи…
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо