(Нохчийн зударех дуьххьарлера юрист Батукаева Халисат дагалоцуш)
Нохчийн автономин областан лакхарчу суьдехь хоттуш дов дара. Итт шо хан кхайкхийна, жоьпе ийзош яра Магомадова Халипат. КIоштан (окружной) суьдехь дов хаьттина тоьхна яра Халипатана хан. ВорхI беран нана йолчу зудчух къинхетам бина, дов дохоре сатуьйсуш, иза лакхарчу суьде деллера. Амма, юьхьанца дуьйна суьдхо зудчух къинхетам бан дагахь цахилар гуш дара, иштта дарвелла чугIерташ прокурор а вара.
Цо дийцарехь, доккха зулам дара Халипатера даьлларг. Цо милцочунна, чож датIош, гайх шада (шалгу) Iоьттинера. Духе кхиъна, дерг-доцург къасто лууш кхиэлахой а бацара. Шайна караеанчу пекъарна итт шо хан кхайкхийна, дов къастийнарш хилар бегIийла хетара царна. Амма мисканан адвокат йолу Батукаева Халисат атта къаръяла дагахь яцара. Халипатан боккха бехк цахилар гойтуш долу массо а кехат (документ) шен каралаьцнера цо, суьдехь дов хатта доладалале.

1932-чу шарахь Къилбаседа Кавказан (краевой) ВКП(б) комитето 25 000 сом ахча делла хиллера Нажи-Юьртан кIоштан колхозхойн хьал-де тодан а, колхозан бахам тобан а. Амма и ахча хьакъ доллучунна кара дIа ца кхачош, кIоштан куьйгалхоша шайлахь дIасадекънера. Ткъа колхозан бахам, Iедалан сацам бу бохуш, аьшпаш буьттуш, хIоразза мискачу адамашкара бежанаш, говраш схьайохуш, тобеш хиллера. Дукхахболчара луьрачу Iедалан таIзарх кхоьруш бежанаш, говраш дIаелла хиллера. Амма ворхI бер кхобуш, йисина Iачу Халипата тIаьххьара етт дIабига веанчу милцочунна гайх шада Iоьттина хиллера, доьзална шурин тIадам латтош долу хьайба кех ца доккхуьйтуш.
Цунах доккха дов хиллера, Магомадова Халипат Советийн Iедална дуьхьалъяьлла халкъан мостагI лоруш. Окружной суьдехь итт шо хан кхайкхийна, Соьлжа-ГIала Халипат набахте охьаялийча, къона адвокат Батукаева Халисат йолчу кхечира цуьнан йиша. Цо елхаран къурдашца дийцира цхьа етт, ши говр шен йишас хьалха колхозе дIаелла хилар а, ворхI бер кхобуш иза йисина Iаш хилар а, Iедалан векалша лелочу харцонаша мискачу адамашна ницкъ беш хилар а. Адвокатан дог Iовжийра Халипатан йишас и къа-бала балхийча. Цо дош делира, шен ницкъ кхочург дийр ду ша аьлла.
Уггаре а хьалха, къоначу адвоката, Нажи-Юьрта хьалаяхана, теллира цигахь долу хьал, дуккха а мискачу адамашка ладуьйгIира. Билгалдаьккхира кIоштан милицин куьйгалхо зуламхошца зIе йолуш, цаьргара кхаьънаш оьцуш хилар.
Финотделан куьйгалхо, цкъа мацах оьрсийн паччахьан эскаран поручик хилла, хIинца доцу бахьанаш лехьош, хьанал къахьоьгучу ламанхойн цIий муьйлуш хилар. Магомадова Халипата, массарел хьалха бохург санна, юьртарчу колхозана ши говр а, узуш болу етт а белла хилар а, ткъа уггаре а коьртаниг, ворхI бер кхобуш йисинчу зудчунна, Iедалан векалша цхьана а кепара гIо-накъосталла ца деш, Къилбаседа Кавказан ВКП(б) комитето даийтина 25 000 сом ахча шайлахь дIасадекъна хилар а гучуделира.
Батукаева Халисата бина талламаш бахьанехь, тIаьхьо, 1932-чу шеран оханан (апрель) беттан 19-чу дийнахь арадаьллачу «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь йоккха статья зорбане елира. Ткъа суьдехь хилла талламаш къоначу адвокатан Батукаева Халисатан хьуьнар, амал бахьанехь Магомадова Халипатана кхайкхийна хан дIайоккхуш, милцочунна чов ярна зудчунна гIуда тухуш дIабирзира. Къоначу адвокатан дахарехь иштта доккха дов дуьххьара нисделлера.
Юьхьанца иза мелла а ийзалуш яра, хилларг, дуьйцург дукха ирча хиларна. Делахь а, тIехь нана йоцуш дуьсучу берех, ца яьллачу денна, шада каралаьцначу зудчух къахетарна юхаяла ца туьгуш, къахьийгира Халисата. Дуьнен чохь яккха йисинчу массо а ханна цунна дагахь лаьтташ дов дара иза, кхидолу девнаш кIезиг ца хиллехь а. Нохчийн зударех дуьххьарлера юрист яра вайн турпалхо. Луьрачу замано каралацийтина яра цуьнга и корматалла.
ХХ-чу бIешеран буьрса даьхкинчу 30-чу шерашкахь Нохчийчохь евзина Iаш яцара адвокат Батукаева Халисат. Ерриге а Къилбаседа Кавказехь ларамца йоккхура цуьнан цIе. Цкъа а ахчанан дуьхьа болх беш яцара иза. Бакъ-харц луьра хьаьрчинчохь, и шога шад бакъонца баста болчу лаамца, схьаоьцура Батукаева Халисата дов. Дукха хьолахь, цуьннан толамца дIадоьрзура чолхе девнаш.
Бакъду, атта-м дацара цунна болх бан. Нохчийн зудчунна даима а хилла Iедалан структурашкахь болх бан хала. Тешаме накъостий а, гIо-накъосталлица нуьцкъала белш кIел таса кийчанаш а кIезиг нисло дахаран новкъахь.
Делахь а, Халисатана хаьара, ша цхьаъ бен яцахь а, бакъдерг шеца дуйла. Ша схьаяьллачу оьздачу кхерчахь иштта, кхиийна яра вайн турпалхо. Харцонца къийсам латтор а, муьлхха а бода хьошуш, серлоне гIертар а, дахарехь хIора стеган декхар лоьручу доьзалехь кхиийна яра иза.
Юьхь
Схьаваларан орамаш Соьлжера долчу Батукаев Махьмудан доьзалехь 1908-чу шарахь дуьнен чу яьлла яра Халисат.
Iер-бахар Соьлжа-ГIалахь долуш бара Махьмуд а, цуьнан хIусамнана Хадижат а. Ерриге а Къилбаседа Кавказехь вевзаш совдегар вара Махьмуд (купец 1-й гильдии). Мануфактурин 7 туька яра цуьнан долахь Советийн Iедал тIедале. Халисатал жима кхин а цхьа кIант, цхьа йоI дара цуьнан.
КIант ХIарон тIаьхьа Москвахь театран институт чекхъяьккхина, нохчех дуьххьарлера режиссер вара, ткъа йиша Асет, нохчийн мехкарех дуьххьарлера журналист. Дуккха а шерашкахь «Грозненский рабочий» газетан редакцехь болх бира цо. Ткъа Халисат юриспруденцехь шен ирс карийна яра. Ерриге а Россин дахарехь баккхий хийцамаш хуьлу хан яра Халисат кхиъна йогIу зама.
1917-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахь Петербургехь революци хилира. Соьлжа-ГIалахь а кIезиг бацара кхаа бIешарахь олалла дина РомановгIар «динара биссорах» а, революцех самукъадаьлларш. Дукха нохчий Iехабеллера большевикаша юьйцучу Ленинан къаьмнийн политикех. Массарна моьттура, цкъа мацах гIалагIазкхашна дIаделла нохчийн латтанаш керлачу Iедало юхадерзор ду.
Бакъду, БатукаевгIеран доьзале шийла кхаьънаш дебош йоьссира революци. Батукаев Махьмудан боккха бахам, массо а туька Советийн Iедало шен дола ерзийра, совдегаран доьзал уьйтIарчу цхьана лаппагIи чу берзош. Совдегарна «кулак» цIе тиллира. И харцо язъелла Батукаев Махьмуд метта вижира, сингаттамо къинхетамза хабийна.
Советийн Iедал тIедогIуш, Соьлжа-ГIаларчу зударийн гимназехь доьшуш яра Батукаева Халисат. Амма шайн хIусаме беанчу бохамо а, да меттахь хиларо а, цкъачунна, гимназера дешар дIатасийтира цуьнга. ТIаккха, дукха хан ялале, да дIавелира. Уггаре а оьшучу хенахь тIехь да воцуш дисира Махьмудан пхи бер: йиъ йоI, цхьа кIант. Халисат доьзалехь кхоалгIа яра. Нахана юкъа ца йолуш, шо гергга хан текхира цо. ЙоIана-м ша дешар массо а ханна дIатесна, дуьне а охьадиллина моьттура.
Делахь а, нана Хадижат кIорггера Iаьрбийн дешар дешна яра. Иза дика кхетара, Iедал хийцадаларх тIекхуьу чкъор цадешаран боданехь къийла мегарг цахиларх. Бохамаш айабелла мелла а хан яьлча, Халисат, нанас ша дIайигна, Соьлжа-ГIаларчу №1 йолчу школе дIаелира. Иштта дешийтира шен кхечу берашка а.
1923-чу шарахь СоьлжаГIалара №1 йолу школа чекхъяьккхина яьлла Халисат, шен хаарш тIедуза рабфаке деша яхара. Шина шарахь доьшу цо цигахь. Амма цунах а тоам ца бо цо. Боккхачу кхиамца зерех чекхйолий, 1925-чу шарахь юридически техникуме деша йоьду.
Вайнехан мехкарех юриспруденцин хьаьрме дуьххьара кхевдинчарех яра Халисат. Цундела массо стаг а цецволура хIара юрист хила лууш ю аьлча. Цхьа а ца тешара нохчийн йоIе и ирхе яккхалур ю аьлча. Ткъа Халисат-м нийят дина яра, къарцалуш, и ирхе яккха. Цуьнан шен бахьана а дара. Соьлжа-ГIали юккъехь Iаш бара БатукаевгIар.
Царна герга яра чекистийн коьрта гIишло. Кхиъна йогIуш дуьйна йоIана гора цу керта схьадалош долу адамаш а, буса схьахеза церан чIогIа лазаме маьхьарий а. Уьш схьахезаш наб ца йора Халисата. Кхераелла хьалаиккхина сехьачу яьлча, уьш Деле боьхуш, Къуръан доьшуш, шен нана карайора йоIана. Иштта яьхкинчу буьйсанашкахь дог чIагIлора Халисатан, сецнаяьлла ойла пекъаршна орцахъяла болчу лаамах хьерчара. Юридически техникум кхиамца чекхъяьккхира цо.
1930-чу шарахь дуьйна Нохчийн Автономни областан адвокатурехь адвокатан даржехь болх дIаболийра. Юьхьанца кега-мерса гIуллакхаш дара къоначу адвокатах тешош дерш. Дош дашера далар, лулахоша кертан маьIиг къийсар, маларх кхетта хан яьллачу хенахь, цIавеанчу хIусамдас шен хIусамнанна еттар. Цо цхьа а дов дIа ца тоттура, къаьмнаш ца къестадора. Массарна шега далучу кепара гIо-накъосталла дора. Ишттачу кега-мерсачу гIуллакхаша адвокатан корматалла кхиайора, мотт шарбора, хетарг, цхьаннах ийза ца луш, дIаала Iамайора. Ткъа де-дийне мел долу, Халисатах тешош долу гIуллакхаш чолхе довлура, кхуьнгара алссам хаарш, хьекъал, доьналла, корматаллин хьуьнар оьшуш дара уьш.
Де-буьйса ца лоьруш, шен са а, дегI а ца кхоош, къахьоьгура цо. Адамийн бакъонашларъяран органашкахь къахьоьгуш йолчу цунна нохчашкахь Iедалан векалша латтош йолу гIело гора. Вайнахана йоза-дешар девзаш цахиларо, дукха хьолахь, харцоне а, ямартлоне а олалла дойтура царна тIехь. Кхечу къомах волчу стага нохчичунна тешнабехк бина карийча, иштта новкъа ца догIура адвокатана, мисканан бакъо къовса ша кийча елахь а. Амма нохчи ву бохучу стага шен къомах волчунна тешнабехк, ямартло йича бIаьрга цIий хьаьвзара цунна.
Доьзал кхоллар
Безаш хаьржинчу балхана дукха хан дIайоьдура Халисатан. Яхар-яр дукха хуьлура. Нохчийчоьнан кIошташка кхачарал сов, ша лелош долчу девнна пайдехь цхьа кехатан цуьрг оьшуш делахь, и лохуш а, схьадан а кхечу гIаланашка йоьдура. Москва, Ленинграде кхочура кест-кеста. 25 шо кхаьчна яра Халисат. Къаьсттина нанас сагатдора балхана тIейоьлла йоI цхьаьнан цIен тIе дIанисъяла лууш. Амма йоIана ша цхьана денна балхана юкъараяьлча, дерриге дуьне а духур долуш санна хетара. Иза сиха яцара маре яха. ЙоI хаза, товш яра.
Цхьаболчарна хIара реза ца хуьлура, кхиберш кхуьнга бистхила ца хIуьттура, Халисатан болх а, «боьрша» амал а бахьанехь. Иштта денош дIауьдура шен болх бен къоначу адвокатана гуш хIума доцуш. Заманан йохалла цхьа жима стаг вевзира Халисатана, цIера Девкар-Эвлара волу Садаев Хьамид.
Литературех лаьцна къамел долийча Л.Толстой хьахавелира. Халисата цуьнан кхолларалла ша дукхаезаш хилар хаийтира. ТIаккха Хьамида дозаллица хаийтира Толстойца гергарло лелийначу Мисирбиев Садон тIаьхьенах ша хилар. Л.Толстой шайга хьошалгIа веъча санна самукъадаьллера йоьIан. Цу Iехаяларх жимачу стаге безам бахара цуьнан.
Бакъду, маре яха сих-м ца елира иза. Чекхдаккха дезаш масех дов дара. Балхана юкъара ца йолуш, Ростоверчу университетан юридически факультетехь доьшуш а яра иза. Университет чекхъяьккхиний бен цунна маре яха ца лиира. ЙоI хаза хиларна, безам чIогIа бахарна шена хетарг хьаьшна Хьамид Халисатан эшаре ладоьгIуш Iийра.
1936-чу шарахь Батукаева Халисат Садаев Хьамидан хIусамехь кирхьанна тIехьа хIоьттира. Сирлачу безамна тIехь кхолларе терра, бертахь доьзал бара церан. Заманан йохалла кIант а, йоI а хилира. Бераш кхетош-кхион а, марзхошна мерза нус, хIусамдена муьтIахь зуда хила, шена дукхабеза болх бан а ларайора и.
ХIинца санна аьттонаш бацахь а, чохь хаза, цIена Iара, даима доьзална чомехь кхача кечбора. Цкъа а «со балхахь ю, со ца ларайо» боху дош ца далийтира шен багара 40 шо сов хан Хьамидца цхьаьна йоккхуш. Бакъду, цхьа хийцам хилира адвокатан дахарехь, хIинца иза Садаева Халисат яра.
Чолхе мур
Дерриге а дуьненна хууш СССР-н массо маьIIе а бала боссош, ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш даьхкира. ДегаIийжамечу бохамийн тулгIенаш кхечира Нохчийчу а.
1932-чу шеран хьаьттан (август) беттан 7-чу дийнахь СССР-н Совнаркомо керла закон тIеэцнера – «Социальни долалла лардаран хьокъехь». Халкъалахь «Указ 7–8» олура цунах. Луьра указ дара иза. Цхьа мисхал а пачхьалкхана къола динчу стагана, къинхетаме даха дог доцуш, хан тоха бакъо луш указ а дара. Масала, тен туьппалг лачкъийна стаг гучуваьллехь.
Iедалан бедарш тегаран 200 метр беха гIирс лачкъийна лорура куьгбехкениг. Цунна набахтехь яккха иттех шо хан кхайкхайора. Цунах тера девнаш дукха дара Нохчийчохь а ХХ-чу бIешеран 30-чу шерашкахь. Масала, Халисата Теркайистерчу цхьана стеган дов шина шарахь лелийра. Балхара цIавоьдуш, хьаьттара яьккхина, тIоьрмига чохь берашна кхехко ткъех хьаьжкIа яьхьна хиллера Эльмурзаев Бицис. Цхьамма мотт тоьхна, мисканна Iедал тIаьхьадаьлла хиллера. Кхехкаяле милцой тIекхаьчна, колхозана зен ца хуьлуьйтуш, и хьаьжкIаш юхаяьхьна хиллера цара.
Эльмурзаев Бици, Советийн Iедална ямарт лерина, набахти чу кхоьссинера. Орцалоьхуш арабевлла Бицин верасаш Халисатана тIекхаьчна, цуьнга гIо дехна хиллера. Цуьнан берех къахетта, и дов Батукаева-Садаева Халисата шега схьаэцна хиллера. Б.Эльмурзаев хьанал къинхьегамхо хиларна, дика болх барна масех шо хьалха цунна мидал елла хиларна, цуьнан чоь юьззина бераш хиларна, кхин а дуккха а тоьшаллаш гулдина адвоката «къу» набахтера аравоккхийла ца нислуш.
Делахь а, Халисат къаръелла юха ца йолуш, суьдхой берта ца богIуш, дахделлера дов. Эххар а, СССР-н чоьхьарчу гIуллаккхийн нарком Ежов Николай балхара дIаваьккхина, цуьнан метта Лаврентий Берия хIоттийча, амнисти ялар бахьанехь суьдхой мелла а малбелла, берашна тIе цIаверзар хилира Эльмурзаев Бицин. Адвоката ша хала баьккхинчу толамех цхьаъ лорура иза.
Дийца даьккхинчуьра, кхин цхьа хIума ду билгалдаккха лууш. Ша бинчу балхана догIург бен цхьа кепек сов ахча оьцуш Iедал дацара Халисатан суьде озийначуьнгара. Иза а, церан таро а ледара юй шена хиъначу меттехь, мискачу адамашкара цхьа шай схьаэцар доцуш, дукхазза девнаш лелийна Халисата. Цундела боккхачу ларамца йоккхура адвокатан цIе Нохчийчоьнан массо а маьIIехь.
«Зуда елахь а, къонах стаг ю чермойн Махьмудан йоI», – олуш меттигаш дукха яьхкина цуьнан дахарехь.
Цкъа мукъане а суьде нисвеллачунна хезна, суьдхо чуйогIуш, суьдан секретаро мохь тухуш: «Встать, суд идет!».
Садаева Халисат дакъалоцуш йолчу суьдехь вайн турпалхо чоьхьайолуш суьдхо гучуялале зал чохь мел верг хьалагIоттура цуьнга болчу ларамна. Халисатан ницкъ ца кхочуш набахтехь бисинчеран а бара хьуьнаречу адвокате ларам. ХХ-чу бIешеран 30-чу шерийн чаккхенехь Соьлжа-ГIаларчу набахтехь бохкучара шайн хьаькамера бакъо яьккхина цIечу дечигах (красное дерево) йийбар йира цунна. ТIаккха набахтин хьаькама шайн белхан машенахь кхуьнан цIа яийтира и йийбар. Иштта боккха ларам бара нохчийн дуьххьарлера юрист хиллачу Халисате.
Шен хьаналчу къинхьегамца, догцIеналлица, мискачу адамашна де-буьйса ца лоьруш, орцахъяла кийча хиларца, доза доцчу къинхетамца баьккхинера цо и ларам. Къилбаседа Кавказехь тоьллачу адвокатех цхьаъ яра и. Дукхазза йигна иза, дехарш дина, хIирийн махкахь, Дагестанехь, ГIебартойн-Балкхаройн мехкашкахь къестош долчу девнашка.
«Мел чIогIа дов дохадо цо», – олура адвокатана иза йовза ирс хиллачара.
Делахь а, дукхах болу болх Халисата Нохчийчохь бина. Бераллехь дуьйна дай баьхна латта дукхадезаш, халкъах, махках дог лозуш хьалакхиъна йолчу цунна гуш яра Советийн Iедало мискачу нохчийн къоме Iуьйшуьйту харцонаш, кхечу къаьмнех болчу дукхахболчу адвокатийн сутаралла церан бенцахетар.
ХIара даима а кийча яра муьлххачу нохчичунна, нанас дена йина йиша хилла, цIеначу даггара орцанца гIатта. Халкъе болчу безамо ницкъ лора цунна, луьра хьаьрчина бакъ-харц къасточохь, нийсонна тIехь чекхъяла. Цхьа цуьрг а мIара дIатосийла йолуш, ша дов лелон, цхьа а нохчийн стаг, иза набахте хьажор мерза кхаъ хеташ волчу прокуроран карахь ца вуьтура цо.
Х.Батукаева-Садаевана дагахь хаьара СССР-н Конституци а, РСФСР-н уголовни кодекс а. Царна тIетийжаш къарвора цо мел буьрса а, маттана говза а прокурор. Юриспруденцин белхахой а тIехь дов х оттучу хенахь, Халисатан къамеле ладогIа зал чу богIура. Иштта, цIеяххана адвокат яра иза ХХ-чу бIешеран 30-гIа шераш чекхдовлуш.
ТIеман кIуьрлахь
1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь, немцойн фашисташа ямартлонца тIелатар дина, дIаболабелира Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. ТIом болабалале НохчГIалгIайн Республикера 10 эзар сов стаг ЦIечу Эскарехь гIуллакх деш вара. ТIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь, кхин 13 эзар стаг шайн лаамехь тIаме вахара.
Халисатан хIусамда Садаев Хьамид ша болх бечу заводехь къинхьегаман эскаре (трудовая армия) комсомолийн-кегийрхойн бригада вовшахтухуш вара. Шина бераца ша йисира адвокат. Амма иза цуьрриг а йоьхна яцара. МостагIчо тIом болийнера аьлла, лахлуш дацара зуламаш. Цаьрца луьра къийсам латтош яра нуьцкъаллин структураш. Мокъа Iойла дацара адвокатийн а. Нуьцкъаллин структураша шайн болх жигарабаьккхича алссам къахьега дезаш нислора церан.
1941-чу шеран гуьйранна фашисташ Москвана герга гIерташ бара. ЦIечу Эскаран бIаьхойн ницкъ ца кхочура мостагIчунна хьакъ доллучу кепара дуьхьало ян. ТIаккха Кремлерчу хьаькамаша сацам бира Советийн Союзехь дехачу къаьмнашка орцадаккха, хIора къоман цIарах полк кхоллар тIедуьллуш.
СССР-н Оборонин министерствос 1941-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 13-чу дийнахь леррина Сацам тIеоьцу оцу хьокъехь, №894сс йолуш. Нохч-ГIалгIайн Республикина а тIедиллира ши полк кхоллар: нохчийн, гIалгIайн. ТIаьхьо дагабевллачу вайн махкарчу куьйгалхоша, ши полк вовшахтоьхна, дивизи кхолларан хьокъехь сацам тIеийцира. Иштта кхоллаелира Нохч-ГIалгIайн дошлойн 114-гIа дивизи.
Лакхарчу Iедало тIеэцначу сацамца, меттигера хьаькамаш декхарийлахь бара дивизин бIаьхошна говрашца, герзаца, барзакъца, юучуьнца, говрашна оьшучу хIоъца, нуьйрашца кхачоян. Дивизина юкъахь хила вогIуш 3 347 стаг вара. Ткъа шайн лаамехь дивизина юкъавеънарг 3 961 стаг вара, хила везачулла 614 стаг сов нислора уьш. Дивизин куьйгалле хIоттийра Моллаев Супьян, политрук Гайрабеков Муслим.
1942- чу шеран чиллин (февраль) беттан 1-чу дийнахь бIаьхой тIаме дIабаха кийча бара, шайна юкъахь 3 543 нохчи, 441 гIалгIа, бисина бIаьхой кхечу къаьмнийн векалш болуш. Амма уьш тIеман ара дIахьовсо кийча меттигерчу Iедалан векалш бацара, говраш, герз тоьаш дацара, барзакъца кхачо яцара.
Делахь а, Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалхоша, шайн бехк тIе ца лоцуш, цхьацца мекарлонаш лелайора Москварчу Iедална 114-гIа дивизи тIеман ара дIакхача хьеяларан хьокъехь. Массарел чуьраваьлла хьийзаш, юьхьанца дивизин командир хIоттийна Мамсуров ХаджиIумар вара, нохчашна юкъахь низам цахиларх лаьцна хIора дийнахь аьрзнаш деш.
Эххар а, 1942-чу шеран бекарг (март) беттан 3-чу дийнахь Берия Лаврентийгара кехат кхечира Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизи тIеман декхарех мокъа юьтуш хиларан хьокъехь. И кехат деанера аьлла, вайнах тIаме ца боьлхуш а, мостагIчунна дуьхьал ца бовлуш а ца Iийра. Дошлойн дивизин буха тIехь кхоьллина Нохч-ГIалгIайн лерина дошлойн 255-гIа полк 1942-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь дуьйна тIеман арахь доьналлица, майраллица мостагIчух леташ яра.
Амма Берияс даийтинчу кехатан тIаьхье чIогIа бохаме хилира. Шайгара яьллачу ледарлонна даима а «бехкениг» карош болчу Iедалан векалшна кхузахь а карийра жоьпе озо нах. Хьажа-хIотта, шайн ярташка цIавахана хилла 61 стаг дезертир лерира. Царах 18 стаг набахти чу кхоьссира.
Махкахь долу хьал дика девзаш йолу Халисат кхетара цаьрга кховдийнарг харцо хиларх. Цкъа делахь, юьхьанца дуьйна дошлойн 114-чу дивизехь низам доцуш дара. ШолгIа делахь, дивизина массо а стаг шайн лаамехь юкъавеана вара. Ткъа командирийн царна юкъахь низам дIахIотто а, уьш Iамо а корматалла цахилар могIарерчу бIаьхойн бехк бацара.
Цара шайн коьрта декхар кхочушдинера: Даймахко орцадаьккхича, уьш шайн лаамехь дивизе схьабаьхкина, мостагIчунна дуьхьалбовла шаьш кийча хилар хоуьйтуш, дIаязбеллера. ДIасавалар доьхкуш, тIедожийна хIума дацара.
Мамсуров ХаджиIумара лаьцна хьагI, нохчийн кегийрхойн лакхарчу чинехь волчу эпсаре санна, шеца ларам цахиларца йоьзна яра. «Дезертирство» бахьанехь, НКВД-шникаша жоьпе озийначу 18 стагах шинна адвокатан гIо-накъосталла дар Халисата шена тIелаьцнера. Итон-Кхаьлларчу кIоштан вахархо Бекмурзаев Эду дукха хало ца хуьлуш, мокъа ваккхийтира цо.
Сихонца тоьшаллин кехаташ кечдира Эду ненан цхьаъ бен цахиларан а, ЦIечу Эскаран бIаьхочух Умалтах йисина Iаш Бекмурзаев Эдун нана Бекист хиларан а, Iаьнна чуерза цунна гIо дан вахана кIант, лаьмнашкахь доккха ло диллина, охьаван некъ ца хилла висина хилар а чIагIдеш. Адвоката кечдинчу кехатех доккха беркат даьлла, ненан цхьаъ бен воцу кIант Бекмурзаев Эду, цIа, нанна дIавахийтира.
Бакъду, шен лаамехь 1942-чу шеран гурахь тIаме вахара иза. Мел халахеташ делахь а, чолхе дара Веданан кIоштарчу Исмаилов Iадрахьманан гIуллакх. Цуьнан бехк болуш-м дацара иза. Хьалха а, цкъа-шозза цIа вахана, шен хеннахь казарме схьавеана вара жима стаг. Иштта, вахар-вар магош дара эпсарша.
Делахь а, тIаьххьара ваханчохь, шичина нускал далочу нисвелла, мелла а хьевалар хиллера цуьнан. Цул сов, талламхочуьнга кIоршаме вист хиллачух тера а дара иза. Цундела Исмаилов Iадрахьман набахтехь вахкор ву ша бохуш, везавеш вара талламхо. Амма адвокат тешна яра Исмаиловна шен гIо-накъосталла дан ницкъ кхочург хиларх. Соьлжа-ГIаларчу суьдо Исмаилов Iадрахьманна набахтехь яккха 15 шо хан кхайкхийча, Москва яхара адвокат.
РСФСР-н Лакхарчу суьдехь цо дийцира нохчийн лаьтта тIе цхьа а немцо ваьлла цахилар а, бIаьхойн чIагIо яллалц 114-гIа дивизи Бериян омранца бIаьхаллин декхарех мокъа йитина хилар а, хьалха а, дивизехь хьакъ доллучу тIегIанехь низам цахиларна къона бIаьхой баха-бахка шайн лаамехь хилар а. Ткъа уггаре а коьртаниг, Даймехкан тешаме кIант Исмаилов Iадрахьман буьрсачу тIеман ара дIаваха кийча хилар а хаийтира адвоката.
1942-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь цIайирзира Халисат Москвара, РСФСР-н Лакхарчу суьдо тIеэцна Исмаилов Iадрахьман бехке цахиларан сацам бохьуш. Амма цо хьегна къа, хи чу кхоьссина цун кана санна, дайра. Шена кхоьллина харц цIе а, ямартчу суьдо и тIечIагIъяр а ла ца делла, набахтехь ирхъоллавелла хиллера Исмаилов Iадрахьман хIара Москвара цIаерзале. Iаламат хала лайра Халисата и киртиг. Кхаа дийне елира иза юуучух мотт ца тохалуш, кIирнах сов, бIаьрхиш ца совцалуш лийлира.
Хийрачу махкахь
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь дерриге а нохчийн халкъ санна, махках бехира Халисат а цуьнан гергара нах а. Джамбул гIалин йистошца Iуьллучу цхьана кIотарахь совцийнера хIорш. Массара санна хало, харцо, шело, гIело лан дийзира. Цигахь адвокатан болх карор бу бохург аьттехьа а дацара. Цуьнан хIусамда Хьамид Джамбулерчу фосфолитни заводе бухгалтеран дарже балха дIаийцира. Ткъа Халисатан керла корматалла караерзо дийзира. Цунах переплетчица хилира.
Тишъелла книгаш юха битаме ялош, уьш тоеш болх бара цо беш берг. Белхаш хоьржу хан яцара иза. Коьртаниг, цхьанхьа дIатасавелла, алапа догIуш, хеневалар дара. Цул сов, массо закон а, Iедалан низам а дика девзаш йолу Батукаева-Садаева Халисат хаддаза Москва кехаташ яздеш яра вайнах дай баьхначу лаьтта тIе цIаберзор доьхуш.
1957-чу шарахь кхочушхилира вайнехан и бехке боцу лаам. Нохчийчу уггаре а хьалха цIабирзинчу вайн махкахойн могIарехь бара Халисатан доьзал а. 13 шарахь ша сатийсинчу шен балха дIаяхара адвокат СоьлжаГIала цIакхаьчначу деношкахь. ХIара а, кхуьнан синтем боцу амал а евзачу белхан накъосташа Нохч-ГIалгIайн Республикин адвокатийн коллеге дIаийцира иза, цигахь цо къахьийгира ша пенсе яххалц.
КIанте а, йоIе а институташ чекхъяхийтира. Цхьана муьрана Халисатан кIанта Садаев Руслана НохчГIалгIайн телевиденехь болх бира. ТIаьхьо, Казахстанехь Iер-вахар тайна, Аркалык гIала дIавахара. ЙоI а шен дай схьабевллачу ДевкарЭвла маре яхара. Заманан йохалла, гинчу халонаша кIелвитина, лазарша йийсаре лаьцна хIусамда дIаваьлла, ша цхьаъ йисира вайн турпалхо.
1968-чу шарахь пенсе яхара 60 шаре йирзина Халисат. Дуккха а шерашкахь халкъана, махкана пайда беш, хьанал къахьегнера аьлла, гулбелла бахам бацара цуьнан. Соьлжа-ГIалара «Окружной» олучу меттехь пхи гIат долуш долчу цIенош чохь, шина чоьнах лаьтташ петар яра Iедало цунна елла. Цигахь Iаш яра Халисат ХХ-чу бIешеран 80-гIа шераш тIекхаччалц. Иза юьжучу чохь цхьа доккха тIорказ дара лаьтташ. Массарна цу чохь дешин гIорзанаш ю моьттура.
Ткъа тIорказа чохь, цкъа мацах адваката лелийна гIуллакхаш юкъахь долу папканаш яра. Кхин бахам бацара мисканан, гулбан гIерташ цо къа а ца хьегнера. Цуьнан берриге а бахам дукхабеза болх бара, 40 шарахь гергга цо и бан а бира. Воккхале лестинчу хIора стагах къинхетамза кадеттачу сиркхонаша Халисат а йийсаре лаца йоьлча, цуьнан кIанта Руслана ша вехачу Аркалыке дIайигира нана.
1984-чу шарахь цигахь дIаяьлла, Аркалыкехь дIайоьллина ю иза. Нохчийн зударех дуьххьарлера юрист, адвокат йовза, цуьнгара гIонакъосталла кхача ирс хиллачу адамийн тIаьхьенашна а йицлуш-м яц и оьзда зуда. Цо дина диканаш ду иэсехь даха дисинарш. Нохчийн къоман тешаме йоI яра Батукаева-Садаева Халисат, бакъволу къонах санна, яхь йолуш яра иза, шен оьздачу сицадегIаца деган комаьршалла йолуш, даа санна, ша схьаяьлла халкъ дезаш.
ГАЗИЕВА Аза
№3, кхолламан (январь) беттан 15 де, 2019 шо
«Делахь а, нана Хадижат кIорггера Iаьрбийн дешар дешна яра»
Кхунах-м ца кхета. Цу заманахь, ӏаьрбийн хӏун дешар хилла?