ДIадаханчу шеран кхиамаш дегайовхо кхуллуш бу

Де-дийне мел долу кхуьуш, хазлуш ю Нохчийчоь. Цуьнца  цхьаьна кхуьуш ю къоман культура, искусство. Хазахеташ ду тIаьхьарчу  хенахь  нохчийн кегийрхоша республикин а, ерригроссин а, дуьненаюкъарчу  а тIегIанашкахь  кхиамаш бахар. Цу тайпа къона  тIаьхье  кхиар  нохчийн къомана  боккха юьхькIам бу. Тахана шуна бовзийта лаьа  тайп-тайпанчу говзаллашна хьуьнаре болу кегийрхой а, церан тIаьххьарлера кхиамаш а, иштта, дIадаханчу  шарахь  царна  дагахь  дисинарг а.

«Нохчийн юриспруденцин седа» шех ала  хьакъ ю къона  юрист Расаева Хеда. «2014-чу шарахь дукха хиламаш хилира. Уггаре а боккха хилам – Сочехь хилла  олимпиада. Цигахь дуккха а толамаш хилира вайн. Халахетачу хиламех бу  Украинехь болу тIом. Европо Россина дуьхьал санкцеш юкъаяхар, иза кхузахь  экономикин  хьал  талхо  гIертар – вуочу  хиламех делахь а, дагахьдисина.

IMG_20150211_153011

Республикехь хилла дика хийцамаш  бийца  яьлча, уггаре а дагахьдиснарг  ду  вай долчохь культурин  хIолламаш, самукъадаккхаран, дарбалелоран учрежденеш, петарийн  гIишлош  а схьаеллар. Хала хиламаш боцуш а ца дисира. Бехк боцучу  нехан дахарш дIадаьхьира теракташа.

Ткъа сайн дахарехь  хилларг  дийцича, суо хIинццалц кхачаза йолчу  мехкашка  кхечира со  2014-чу шарахь: Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу  Эмираташка, Франци, Испани, Германи, Австри. Башха, исбаьхьа меттигаш ю уьш. Дала мукъ лахь, кху шарахь цига  юха а кхача Iалашо ю сан! Иштта, балхаца  боьзна  а дукха хиламаш бара дIадаханчу шарахь. Йоццачу хенахь кхочушйина керла проекташ. Лаккхара  жамIаш, керла  талламаш хилла. Цу юкъахь ду рогIера  студенташ-юристаш арахецар, дозанал арахьара  керла  инвестицеш  юкъаозор, дозанал арахьарчу компанешца  барташ бар, говзаллин керла ойланаш кхоллаялар а, доьзалан бизнесехь уьш кхочушъян йолор а. Iилманан докторски диссертаци  язъян а йолаелла  со (авторера: 2013-чу шеран чаккхенехь  кхиамца Iилманан кандидатан диссертаци чIагIйина, Россехь уггаре а къона юридически Iилманийн  кандидат  хилира Расаева Хедех). Иштта, маьIне хилам хета суна  Европера  а, Израилера а  лоьраш-говзанчаш  вайн  республикин  бахархошна  оьшу  дарба дан оха балор (авторера: Хедин нана  Расаева Лайлаъ вайн махкахь а, дозанал  арахь а дика  евзаш  лор ю).

Дахарехь лараме меттиг  дIалаьцна  долу адам довзар а хилам  хета суна. ДIадаханчу шарахь вайн массеран  а дахарехь  кIорггера хийцамаш хилла. ТIедеанчу 2015-чу шарахь  вайн дахарехь а, говзаллин  новкъахь а дуккха а  толамаш, кхиамаш хиларе  сатесна  ю со!», – дуьйцу  Х.Расаевас. Иштта, Хедин  дахарехь шатайпа меттиг  дIалоцу  шен  йоьIан Аминин  дуьххьарлерчу  кхиамаша а: школехь тIехдикадешарца билгалъяьлла а, исбаьхьаллин гимнастикехь,  фортепиано лакхарехь дика кхиамаш бу йоьIан.

ТIаьхьарчу хенахь нохчийн кегийрхошлахь чIогIа яьржина  суьрташдахаран искусство. Республикехь а, дозанал арахь а  бевзаш суьрташдахархой а бу вайн. Ишттачарех цхьаъ ву Берсаев IабдуллахI. Нохчийн мехкан хазалла гайтарехь жигара  къахьоьгу цо. Нохчийн Республикин  уггаре а хазачу  меттигийн  (кхача хала  долчеран а цхьаьна)  исбаьхьа  суьрташ  дохуш, уьш  интернета  чухула  дуьне ма-дду  даржадо  IабдуллахIа. 2014-гIа шо тайп-тайпанчу толамашца, кхиамашца билгалделира  суьрташдахархочун дахарехь. Царна юкъахь ду хIорашеран «Промете–2014», Къилбаседа Кавказан интернет-совгIатан «Тоьлла  микроблог» номинацехь а, «Ченетан  совгIат» республикин конкурсан оццу номинацехь а («Тоьлла  микроблог») хьалхара меттигаш яхар, кхидерш а.  Суьрташдахархочо иштта  дуьйцу  шен дахарехь  хиллачу  хийцамех лаьцна: «ДIадаханчу шарахь суьрташдахаран корматаллин  техника а, иштта, лаьмнашкахула  лело  «Нива» машен а каракхаьчна  суна. Иза сан  балхахь уггаре а оьшург дара. 2014-чу шеран аьхка  гIараваьллачу суьрташдахархочуьнца-блогерца Агиров Тимурца  цхьаьнакхетар хилира сан. Тхешан ницкъаш, таронаш  цхьаьнатоьхна, «Йиллина Кавказ» суьртийн  проект  кхочушъян  ойла  хилира  тхойшиннан. Цу проектан  гурашкахь Кавказан  дукхахйолчу  регионашка кхача  дагахь ду тхо, уггаре а хьалха – Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан лаьмнашка. Карарчу хенахь цу гIуллакхна кечам беш ву  тхойшиъ (суьрташдаха техника кечъеш, лаьмнашкахула лела  бакъо  луш  долу  кехаташ  дохуш, иштта кхидIа а).

nlVPv8ZCIZY

ДIадаханчу шарахь Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетаца цхьаьна дукха болх бина ас. Нохчийн мехкан хазачу меттигийн а, кхузарчу хиламийн а 2500 сов сурт даьккхина ас царна (комитетана). Тайп-тайпанчу декъехь къахьоьгуш болчу дикачу нахаца зIенаш, уьйраш дукха тасаелла. «Прометей–2014», «Ченетан совгIат», «Touristic Start Up 95», кхийолчу а  конкурсашкахь, Аргунехь «Ненан дог»  маьждиг схьаделларехь, «Кавказан Iаламаташ» блогтурехь дакъалаьцна ас тIаьхьарчу шарахь, Нохчийн Республикин хьуьнан бахаман а, гонахара Iалам лардаран а министерствоца цхьаьна а къахьегна.

Суьрташдахаран говзаллехула, дуккха а керла хIуманаш Iемина суна цу шарахь. Оцу цхьана шарахь масех шо даьлча санна йоккха гIулч яьккхина ас кхоллараллин новкъахь. Доцца аьлча, керла адамаш довзарехь а, говзалла лакхаяккхарехь а чулацаме а, пайдехь а дара 2014-гIа шо. Иштта билгалдаккха лаьа, 2013-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан юьхь-дуьхьал вовзар а маьIне хилам бу сан дахарехь. Ас даьхна суьрташ шена хазахетар билгалдаьккхира цо. Вайн мехкан Iалам кхин а хаза гайта таро хилийта, оьшу техника эцарехь накъосталла а дира суна Кадыров Рамзана».

Берсаев IабдуллахI шен говзалла дукхаезаш а, Нохчийчоьнан хазалла гайта шовкъе а хиларна тоьшалла ду де-буьйса ца лоьруш, Iай-аьхка, бIаьста-гурахь  вайн мехкан уггаре а халачу меттигашкахула некъаш деш, цигахь суьрташ дохуш иза лелар. Дуьненан муьлххачу маьIIехь а Iаш волчу стагана гича, Нохчийчоь езалур йолчу кепара даьхна ду I.Берсаевн суьрташ. Цу тIехь цуьнан кхидIа  а Дала аьтто  бойла!

2014-чу шарахь Нохчийн Республикин хьехархошна юкъахь билгалъяьлла ю къона хьехархо Тепсуркаева Залина.IMG-20150211-WA0014

«Шеран хьехархо–2014» конкурсехь Нохчийчохь хьалхара меттиг яьккхира цо. «Январь баттахь  дIайолаелира «Шеран хьехархо» конкурс. Мартехь гIалин мур бара. Конкурсехь Соьлжа-ГIалин векал хила бакъо кхаьчнера ялх лауреатана. Иштта, конкурсана кечамаш беш, къийсадаларшкахь дакъалоцуш дIабелира март бутт а, цунна тIаьхьабогIу апрель а. Эххар, май баттахь юхайирзира со школе. Дешаран шеран жамIаш до хан яра иза. СадаIа сатесна со а яра. ХIан-хIа, мичара! ГIуллакх ца хилира цунах.  Со отпуске яха дагахь йолчу хенахь, конкурсан жамIаш довзийтира. Делан лаамца, «Шеран хьехархо–2014» ерригроссин конкурсехь Нохчийн Республикин векал хила бакъо елира суна. ХIетахь-м со кхеташ а яцара цу хIуманах. Ткъа хIинца хаьа, мел хала хиллехь а, суо хIетахь ирсе хиллий. Июнь баттахь, Москвахь, конкурсанташна лерина кечамбаран семинар хилира. Шайн ма-хуьллу, тIедогIучу зиэрашна тхо кечдан хьаьвсира цигахь. Июль бутт цIахь баьккхира ас, эссе язъеш, сайн сайт кхуллуш, заочни турана кхиболу кечамаш беш. Сентябрехь хила езачу очни турана  кечам бан безара. Цу туран хьалхара тIедиллар хьехархочунна уггаре а коьрта долу зиэр дара – урок дIаяхьар. Цул тIаьхьа, ахфинале кхаьчначу пхийтта дакъалацархочунна керла  тIедахкарш дара. Юха – пхи  толамхо къастор. КхидIа яха ницкъ ца кхечира сан. Цхьадерг кхочушдира, цхьадерг ца дира. Амма, Далла хастамбо ас массо а хIуманна. Со тешна ю, цу конкурсехь бина некъ бахьанехь, суо кхиъна хиларх. Сентябрь баттахь  цIадаьхкира тхо. Октябрь баттахь вайн республикин кхиболчу хьехархошца цхьаьна Краснодаран крайн Лазаревски поселке яхар нисделира сан. И гIуллакх вайн республикин Дешаран министерствос вовшахтуьйхира. Тхан делегацина коьртехь Султанова Хьулимат яра. Тхуна доккха совгIат дара говзалла лакхаяккха, кхио цу тайпа аьтто балар. Хьехархошна леринчу хIорашеран семинаре дахнера тхо. Дешаран белхахойн говзалла лакхаяккхаран Ростован институто вовшахтоьхнера иза. Цигара махбоцу зеделларг деара оха. Тхешан болх, хаарш кхиорехь цунах доккха накъосталла хир ду аьлла хета суна. Ноябрь баттахь тхайн белхан меттигашка юхадирзира тхо. Шен хьалхалерчу  хорше  дирзира дерриге а. Дукха семинараш, цхьаьнакхетарш, конференцеш яра. Дерриге а чулацаме а, пайдехь а дара. Цкъацкъа халонаш, лазамаш хуьлура. Делахь а, массо а хийцам диканна бу, эрна олуш дац. Цу хиламаша сайна дикачу агIор тIеIаткъам бина хиларх тешна ю со», – дуьйцура Залинас.  Соьлжа-ГIалин №60 йолчу школина юьхькIам бу цу  тайпа хьехархо   коллективехь  хилар.

Башхачу хиламашца дагахь дисира 2014-гIа шо нохчийн къоначу суьрташдахкархочунна Яхиханов Рустамна а.X7KIf64XKsw

Санкт-Петербургехь суьрташдахкархочун говзалла караерзийна  а, «Дешарехь кхиамаш бахарна» 2009-чу шарахь Россин исбаьхьаллин академин  мидалца совгIат дина а ву Р.Яхиханов. 2012-чу шарахь дуьйна Санкт-Петербурган суьрташдахкархойн союзан декъашхо ву иза. Рустаман «Сан дай баьхна латта» цIе йолу дипломан болх Пачхьалкхан аттестацин комиссис билгалбаьккхина. «Тайп-тайпана меттигашка кхачар, керла адамаш довзар, керла гайтамаш – диканиг дуккха а  дара. Ма-дарра аьлча, сан дахарехь уггаре а чулацаме а, башха а дара 2014-гIа шо. Со реза волуш, дукха керла белхаш бар нисделира дIадаханчу шарахь. Уггаре а коьртачех хета доттагIашца цхьаьна Москвахь Суьрташдахкархойн юккъерчу цIийнехь вовшахтоьхна гайтам. Москварчу доттагIаша чIогIа гIо-накъосталла дира суна массо хIуманна тIехь. Иза самукъадоккхуш дара. Пекин гIала кхечира со. Цигахь Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман темина лерина конференци яра. Конкурсах чекх а ваьлла вахнера со цига. Иштта, кху шарахь а хир бу Москвахь, Пекинехь, Толам баьккхина 70 шо кхачарна лерина гайтамаш. ГIараваьллачу суьрташдахкархочун И.Репинан хиллачу цIийне кхачар, цигахь Iар башха хилам бара суна (авторера: И.Репинан цIарах ю Рустама чекхъяьккхина Исбаьхьаллин академи). Цигахь (Вышний Волочек олучу поселкехь) цхьа  бутт, ах бутт баьккхира ас, кхузаманан гIирсех дIахаьдда волуш (интернет, зIе йоцуш, и. дI. кх.) Цхьана агIор хала хиллехь а, вукху агIор пайдехь яра цигахь яьккхина хан. Иштта, Европе вахар, Лувре кхачар а дийцина ца валлал  доккха хазахетар дара», – дагалоьцу  Рустама. ТIедеана 2015-г1а шо кхин а чулацаме, хаза  хуьлийла цуьнан дахарехь!

Тахана масална вийцинарг нохчийн кегийрхойх масех стаг бен вацара. Делахь а, иштта говза, похIме, хьуьнаре адамаш дуккха а ду вайн тIекхуьучу къоначу тIаьхьенна юкъахь. Лакхахь билгалбаьхначу кхиамаша нохчийн къоман кханенца боьзна сирла сатийсамаш а, йоккха дегайовхо а кхуллу. Дала латтабойла вайна иштта кегийрхой!

МУСАЕВА АСЕТ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: