Республикин электроэнергетикин комплекс кхиорехула йолчу штабан Керлачу шарахь дуьххьарлера белхан кхеташо дIаяьхьира «Чеченэнерго» компанин (акционерийн юкъаралла – авт.) офисехь оцу штабан куьйгалхочо, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама.

Чекхдаьллачу шеран жамIаш а довзуьйтуш, иштта, Юкъараллин белхахошна хьанал а, жигара а, эвсара а къахьегарна баркалла а олуш, дIайолийра Делимханов Адама кхеташо.
Шен къамелехь цо билгалдаьккхира Iаламан хIоттаме хьелашка хьаьжна ца Iаш, энергетикаша къахьегар бахьана долуш, 2018-чу шарахь республика а, цуьнан бахархой а токаца кхачо йоцуш бисина цахилар.
Цул тIаьхьа дийцаре дира карарчу шеран хьалхарчу эхашарахь дан леринарг а, республикин куьйгалло Юкъараллина хьалха хIиттийна декхарш а.
Цигахь билгалделира Юкъараллина хьалхалаьтта коьрта декхар а, республикин куьйгалло цунна хьалха хIоттийна коьрта Iалашо а, шо хийцадаларх а, хийцаелла цахилар – «йовш» йолчу токан барам лахбар. Делимханов Адаман дIадолорца нийса а догIуш, оцу балхана леррина программа кхолла сацам хилира кхеташонехь – Электроэнергетикин сеташкахь хуьлучу иэшамийн барам лахбаран программа.
И Программа кхочушъярна тIехь Iуналла дан штаб а кхоьллина.
– Вайн Iалашо ю электросеташ техникин лехамашца йогIуш хилийтар. Ткъа сеташкахь долу хьал, ма-дарра аьлча, ледара ду. Делахь а, иза къайле яц. Иза къайле цахилар стен гойту? Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунна терго еш хиларо а, цуьнан дIадолорца и проблема федеральни тIегIане яьккхина хиларо а. Федеральни а, меттигерчу а Iедалера гIо-накъосталла а хирг хилча, вайга далур долуш хIума ду иза, – билгалдаьккхира Делимханов Адама.
Иштта, кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу шахьарийн а, кIоштийн а сетийн (РЭС) хьаькамашна тIедиллира тоян а, цIинъян а мел йогIучу трансформаторийн подстанцийн кехаташ кечдар а, ЛЭП-н схемаш нисъяр а, кIошташкарчу электросетийн бахамийн карта-схемаш хIиттор а.
Кхеташонан чаккхенехь билгалделира Шелковски кIоштан РЭС-н хьаькам хийцина хилар а, UniPay системин 2 500 сов терминала тIехь а, иштта, Сбербанк а, МИНбанк а банкийн мобилан приложенешкахь а, комиссина соьмаш сецор а доцуш, яйъинчу токах ахча дIадаларан декъехь бахархойн аьтто бина хилар а.
И.АДАМОВ
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо