ЛадоьгӀча я тидам бича, массо а нохчи ненан меттан говзанча ву аьлла хетало.
Хьал иштта хилча, бакъдерг аьлча, хаза а хетар дара, мехала а хир дара.
Амма схьагучу суьрте хьаьжча, хьал мадарра гучудолу: наггахь а хала карадо нохчийн маттахь йоза туьканийн, юкъараллин, самукъадаккхаран туьшийн цӀерашкахь. Кхин Дала делла хьал пачхьалкхан органийн гӀишлошкахь а дац.
Еккъа цхьа Соьлжа-ГӀала схьаэцча, шен пена тӀехь нохчийн маттахь (гӀалат а доцуш) йоза долуш (дуьйцурш Iедалан органийн цӀерш тӀехь йолу аннаш дац), ши гӀишло бен яц пачхьенехь: Зорбанан цӀа а, Нурадилов Ханпашин цӀарах йолу Нохчийн къоман театр а.
Нохчийн мотт безарехь а, къийсарехь а жигара социальни сеташкахь а, Интернета чохь а бен хӀунда дац вай?
ХӀунда ца тохку вай вешан туьканашна, кафешна, ресторанашна, самукъадаккхаран туьшашна нохчийн цӀерш?
ХӀунда ца хотту вай вешан пачхьалкхан Iедалан органийн гӀишлош тӀехь церан цӀерш оьрсийн маттахь бен язйина хӀунда яц?
Вайна «ца оьшуш» болу мотт кхечунна эшаре сатуьйсуш-м ца Ӏа вай?
И хӀума дан а бала кхочуш доцчу вай къийса а оьший теша вешан къоман мотт?
Иза-м, коьртачу декъана, Iедало дан дезарг ду, вайн цу юкъа гIерта гIуллакх дац аьлла, дита а тарло вай. Делахь а, ца кхеташ, цецвоккхуш а кхин ду – нохчийн мотт кхиоран, хазбаран, Iалашбаран декъехь иттаннаша хьегна къа цхьамма «дайъар», цуьнан мехалла «лахъяр». Схьаоьцур вай, масала, беттанийн цIерш.
Интернета чохь лелаш, мел кIезиг а, беттанийн цIерийн 4–5 кеп ю. И гIуллакх цхьана хорша дерзоран, цхьа кеп хилийтаран Iалашонца, де-буьйса ца къестош, меттан говзанчаша, журналисташа а, яздархоша а къа а хьегна, тIеэцна цхьа кеп ю. Пхи-ялх шо а ду и кеп йолу.
Оцу муьрехь и кеп жигара лело йолийна нохчийн журналистикехь а, Дешаран а, Iилманан а, Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу а министерствошкахь а.
Кеп хаза а ю, кхеташ а ю.
Амма цхьамма, хьастагIа сайга и кеп нийса цахилар парггIат къовса йиш йолуш хIума ду аьлча, со IадIийнера.
Дукха дог а даьттIа, къовсаме а делира тхан и гIуллакх.
Цул а хаза кхин дара. Нохчийн маттахь денойн цIерш нохчийн къам а, оцу къоман мотт кхоллабелчахьана дуьйна йолуш ю. Хийцаелла а яц цкъа а.
Денойн цIерш тIехь а йолуш, хIоттийна сурт дара ас мелла а хьалха. Цунна комментари йина цхьамма, «тов, кIиранде» аьлла.
Цо дийцарехь (кхин а масех комментари йина цо), «кIиранде» нийса дац, хIунда аьлча, хила дезаш я «кIира» дара, я «кIиранан де» дара.
«КIира» 7 дийнахь лаьтташ болчу муьран цIе ю, ткъа «кIиранан де» оцу 7 дийнах муьлхха а 1 де ду аьлла, шена хьехар дича а, аьттехьа а тIе ца дити и.
Хетарш а, луурш а Iад а дитина, нохчийн матта тIехь къахьега охIла болчу говзанчаша хьоьгу къа тергоне а оьцуш «кхиабай» вай хIорамма вешан мотт?..
И.ИСЛАМОВ
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо