Правительствона хьалха лаьтта декхарш довзийтира

Министрийн кабинетан декъашхошца а, Парламентан депутаташца а, кIоштийн куьйгалхошца а, бакъонашларъяран органийн векалшца а карарчу шеран дуьххьарлера кхеташо дIаяьхьира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Иза лерина яра чекхдаьллачу шеран жамIаш а, карарчу шарахь Правительствона хьалха лаьтта декхарш а дийцаре дарна.

Шен къамелехь Кадыров Рамзана билгалдаьккхира 2019-гIа шо республикехь ГаланчIожан кIоштан шо хилла ца Iаш, могашалла Iалашъяран шо а хилар. Цо билгалдаккхарехь, хIокху Соьлжа-ГIалахь а, Гуьмсехь а, ТIехьа-Мартан кIоштахь а болх бан йолалур ю медицинин керла 5 учреждени.

Цул сов, могашалла Iалашъяран шеран гурашкахь Курчалой гIалахь кIоштан керла больница йийриг хилар а хаийтира республикин Куьйгалхочо.

Иштта, дешар кхиор а, ГаланчIожан кIошт меттахIоттор а, белхазалла лахъяр а, театран шеран гурашкахь Россин Президента хьалха хIиттийна декхарш кхочушдар а, коьрта хилар а хаийтира Кадыров Рамзана.

«Карарчу шарахь 15 школа йийр ю. Мехала ду иза, хIунда аьлча, и 15 школа бахьана долуш, цхьаццанхьарчу школашкахь 3 рожехь долу дешар дIадер ду. Уьш лерина хир ю 6 940 дешархочунна», – элира цо.

МеттахIотточу ГаланчIожан кIоштан хьокъехь хиллачу къамелехь дийцаре дира цигахь бахар-Iер дезачу бахархошна оьшуш долу хьелаш кхоллар а, оьшшучу хIуманна тIехь гIо-накъосталла дан хьажар а.

Цу тIе, республикин Куьйгалхочо юха а дIахаийтира ГаланчIожан кIоштан латтанаш нохчийн къоман латтанаш хилар а, цу декъехь лула-куларчаьрга къамел дойтург цахилар а.

Россехь дIакхайкхийначу театран шеран гурашкахь Россин Президента Путин Владимира хьалха хIиттийна декхарш республикехь кхочушдар тергонехь латтор тIедиллира Культурин министрана Дааев Хож-Баудина.

Чекхдаьллачу шеран жамIаш деш, Кадыров Рамзана лаккхара мах хадийра Правительствос а, Кхочушдаран органаша а бинчу белхан, къаьсттина лакхара кхиамаш Инвестицийн шеран гурашкахь хилла хилар тIе а тухуш.

Тидамза ца битира республикин Куьйгалхочо бакъонашларъяран органаша бина болх а.

«Къаьсттина ала луур дара суна баркалла бакъонашларъяран органийн белхахошна. Ма-дарра аьлча, вайга цхьа а хIума далур дацара я дича цунна дола а далур дацара, де-буьйса а ца къестош, вайн мехкан, вайн халкъан паргIато ларъеш, къахьоьгуш Iедалан белхахой бацахьара. Масала, Керлачу шеран даздарш вай схаэцча, изза Iедалан белхахой бахьана долуш, цхьа а бохам ца хуьлуш, дика дIадирзира», – аьлла, шен къамел дерзийра республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

И.ХАСАХАНОВ
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: