Налогаш лахьор алсамдолуш ду

Нохчийн Республикин фискальни органаша 2018-чу шарахь 13,6 миллиард соьман барамехь налогаш яьхна. 2017-чу шарахь яьхначул 1 миллиард 300 миллион соьмана алсам хуьлу иза. Цу хьокъехь дерг хиира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Россин федеральни налогийн службин Нохчийчохь йолчу урхаллин куьйгалхочуьнца Цамаев Мовсарца хиллачу цхьаьнакхетарехь.

«Нохчийн Республикин махкахь болх беш болчу налогашъялархоша 2018-чу шарахь 13,6 миллиард соьман барамехь налогаш елла, иза 2017-чу шарахь гулйина хиллачул 1 миллиард 300 миллион соьмана алсам ю», – элира М.Цамаевс.

Цо дийцарехь, налогийн службаша бахархошна юкъахь кхеторан а, хаамаш баран а боккха болх бу дIахьош. Цо дика тIаьхьенаш а ло. Оцу гIуллакхна юкъаозийна хаамийн тайп-тайпана технологеш йолу республикера мобильни офисаш. Цара болх луш болчаьрца цхьаьна болх бо, жигаралла гойту бакъонашларъяран органашца цхьаьна гIуллакхаш дарехь а.

«Цо таро ло производствона юкъара а ца дуьйлуш, совнаха дIасалелар а доцуш физически яххьашкара налогаш гулъян. Оха цу тайппана беш болчу балхана тидам тIебахийтира луларчу регионашкарчу налоговикаша. Уьш леррина Соьлжа-ГIала баьхкира тхуна зеделлачух пайдаэца, тхох Iама», – билгалдаьккхира Урхаллин куьйгалхочо.

Нохчийчоьнан налогийн службин белхахоша бахархойн аьттонна а, гIонна а 43 электронни кепара хьашташ кхочушдар юкъадаьккхина. Цу тайппана, М.Цамаевс аьлла ма-хиллара, налогийн службин 100 процент болх электронни кепехь кхочушбеш бу.

ТIаьхьарчу шина шарахь карлабаьхна лаьттан дакъойн а, дIаса ца бахьалучу бахаман а хьокъехь болу хаамаш. Цул сов, аьтто баьлла налогашкахула хилла декхар 243 миллион соьмана лахдан.

Цо иштта тидам тIебахийтира цу тайппанчу жамIашка Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, республикин куьйгаллин а гIо-накъосталла бахьанехь кхаьчна хиларна. Карарчу шарахь налогаш яхар 14 миллиард соьме дIакхачо дагахь бу Нохчийчоьнан налоговикаш.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо лаккхара мах хадийра фискальни органийн белхан. Цо дагадаийтира Россин налогийн службин Нохчийчохь йолу Урхалла Нохчийн Республикин Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас ша оцу дарже хIоьттича уггаре а хьалха вовшахтоьхначарах цхьаъ хилар, оцу ведомствон болх цо чIогIа мехала лоруш хилла хилар.

Д.АНАДЕВ
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: