Кегийрхойн рогIера турнир

Соьлжа-ГIалин №11 йолчу юккъерчу школехь дIаяьхьира кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула хьалхеяккхаран схьайиллина турнир.

Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира.

Турнирехь дакъалоцуш бара РДЮСШ-н спортсменаш.

Оцу къийсадаларшкахь Цикарашвили Анвара (46 кг.) хьалхара меттиг яьккхира, Абдукаримов Iийсас (38 кг.) шолгIа а, Абдукаримов Мохьмада (26 кг.) кхоалгIа а меттигаш ехира.

Оцу кхиамашка спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш: А.Сулейманов, М.Таипов. А.Гусигов, А.Магомадов.

Цундела, спортсменаша даггара баркалла боху царна.

ХIинца, Георгиевск (Ставрополан мохк) гIалахь кеста хинйолчу дуьненаюккъарчу турнирана кечамаш бан буьйлабелла совгIатан меттигаш яьхнарш.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: