Физикин хьехархошна юкъахь конкурсаш дIахьур ю

Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министр Байханов ИсмаьIал цхьаьнакхийтира вайн республикин физикин хьехархойн Ассоциацин советан декъашхошца.

Оцу цхьаьнакхетарехь дийцира физикин хьехархочун болх бовзуьйтуш хила безаран а, ткъа иштта, 9–11-чуй классийн дешархошна юкъахь, къаьсттина Пачхьалкхан юкъара экзамен (ЕГЭ) дIаяларехь физика предмет харжаран а хьокъехь долу гIуллакхаш. Цунах лаьцна хаам бира министерствон пресс-службо.

Цхьаьнакхетарехь къамелаш динчара билгал ма-даккхара, хьехархой кху заманца цхьаьна богIуш, дешаран керлачу методикех пайдаоьцуш хила беза. Советан декъашхоша хаийтира шайна тIейогIучу заманахь физикин хьехархошна юкъахь конкурсаш дIаяхьа лууш хилар.

Цо, юкъарадешаран программаш кхочушйина ца Iаш, билгалбохур бу хьехархошна юкъахь тоьлларш. Шаьш бечу балхана кхин а сов шовкъ-марзо а кхоллалур ю хьехархойн.

Кхин цхьана мехалчу агIонах лаьцна а дийцира оцу цхьаьнакхетарехь. Физикин хьехархочун балха тIехь доккха маьIна леладо цо къахьоьгучу кабинета чохь оьшуш болу гIирсаш хиларо. Урокийн чулацам, дикаллин тIегIа лакхадаккхарна тIеIаткъам бо хьехархочо дуьйцург масалшца дIагайта лабораторин гIирс хиларо.

Физикин хьехархошна юкъахь «Физикин тоьлла хьехархо – 2019», «Физикин тоьлла кабинет» ши конкурс дIаяхьа еза аьлла сацам бира цхьаьнакхетарехь.

Конкурсаш дешаран а, Iилманан а министерствос Нохчийн Республикин физикин хьехархойн Ассоциацица цхьаьна дIахьур ю.

Министран И.Байхановн дешнашца аьлча, ишт — та конкурс вовшахтохаро хьехархочун-физикин белхан сий лакхадоккхур ду, шайн белхан декхаршца ларочу, похIма долчу хьехархойн белхан мах билгалбоккхур бу, керлачу технологех пайда а оьцуш, гулделлачу зеделлачух кхечу хьехархошна а пайда бер бу.

№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: