Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос хаам беш махиллара, 2019-чу шарахь дуьйна Россин вузийн выпускникаша дипломни белхан метта бизнеспроекташ йовзуьйтур ю аттестацин комиссешна.
Цхьайолчу вузашкахь хIинцале кечъеш ю и проекташ. Цунах лаьцна хаам бо «Известия» газето.
Дешаран хьаьрмин говзанчаша дийцарехь, вайн пачхьалкхан дешаран системина вочу агIор дерза а тарло иштта дипломни болх бизнеспроектаца хийцарехь бина сацам.
Студенташна бизнеспланаш хIиттон Iаморан дешар (стартап) 2019-чу шарахь дIадолор ду «Цифровая экономика» программин гурашкахь. Цкъачунна, 71 вуз бен яц дипломни белхийн метта бизнес-проекташ тIеэца кийча.
Аттестаци яран низамо магош ду стартапан дипломаш. Цундела лакхарчу дешаран хьокъехь долчу законодательствехь и хийцамаш хиларна тIедоьгIна хийца дезаш хIумма а дац. Амма дешаран программашна тIехь болх бан дезар ду, цул сов, проектийн мах хадоран бакъенаш кечъян а.
Россехь дуьххьара юкъабалор бу и тайпа хийцамаш. Кхечу пачхьалкхийн дешаран системехь хилла дац ишттаниг. Цул сов, дешаран хьаьрмин эксперташ тешна бу диплом яздаран ламаст стартапаца хийцаро, вузийн выпускникашна шаьш хаьржинчу говзаллица болх бан аьтто бийриг хиларх.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо