Нохчийчохь Яздархойн съезд хилира

Кхолламан беттан 15-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республикин Яздархойн союзан XVIIгIа съезд хилира.

Иза дIаяьхьира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь. Съездан дакъалацархошка маршаллин дош олуш, отчетан муьрехь Яздархойн союзо бинчу балхах лаьцна дийцира Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас. Съезд дIахьош хиллачу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун пресс-секретара Каримов Iаьлвис съездан лараме хьеший бовзуьйтуш, цуьнан Iалашонаш билгалъехира.

Съездехь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин Куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира, Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела Ахмадов Мусас, Нохчийн Республикин Парламентан депутата Хазбулатов Бекхана, иштта НохчГIалгIайн АССР-н Культурин министр лаьттинчу Киндаров Iабдуллас а.

Израйилов IабдулкъахIира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан цIарах декъалбира съездан дакъалацархой.

Съездехь дийцира Яздархойн союзо 2019-чу шарахь дан леринчу гIуллакхех лаьцна а. Царна юкъахь дара: хIокху шарахь юбилейш йолчу яздархойн книгаш зорбане яхар а, царна лерина кхоллараллин суьйренаш дIаяхьар а, ткъа иштта, Яздархойн союзан балхана мелла а алсам кегийрхой юкъаозо безаш хилар а.

Нохчийн яздархойн кхоллараллех, балхах лаьцна шайна хетарг олуш, къамелаш дира Нохчийчоьнан Парламентан депутата Хазбулатов Бекхана а, Киндаров Iабдуллас а, «Гумс» газетан коьртачу редактора Борхаджиев Хож-Баудис а, поэташа: Цуруев Шерипа а, Уциев Абус а, Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Кусаев Iадиза а. Къоначу яздархойн цIарах йистхилира поэтесса Халикова Асет.

Шена тIехь тидам сацош дара I.Киндаровс аьлла хIара дешнаш а: «Сибрехахь хан яьккхина, цIабирзина нах сагатделла бара нохчийн маттана, ненан маттахь яздинчу дашна. Ас сайга хаьттича нохчийн маттахь яздечу нехан аьтто бийр бара. Маттаца ду къоман са».

Б.Хазбулатовс аьлла хIара дешнаш а: «Яздархочун болх Iилманчин балхал а хала хета суна. Яздархочо шен къоман маттахь язъеш хилар доккха хIума ду. Дуьнен чохь нохчийн халкъалахь бен цхьана а халкъан дац шен къоман маттах ненан мотт олуш. Нохчийн маттах ненан мотт иза наноша марзбарна, вай ненан сий къаьсттина чIогIа деш хиларна аьлла. Тахана наноша нохчийн мотт ца бийцахь вайн кханене ладоьгIийла дац».

Яздархойн съездан болх Нохчийн Республикин Яздархойн союзан правленин председатель юха а Ибрагимов Канта а, керла правлени а харжарца дIаберзийра.

З.ХИЗИРОВА
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: