Чеховн цIарах библиотека: хьалхара а, тIаьххьара а де

Александровски (Первомайски) урам 1920-гIа шо тIекхаччалц Соьлжа-ГIали юккъехула болий, цIерпоштнекъан вокзала тIекхаччалц дIабоьдуш бара. Цуьнан юьхь дIайолалора хIинца №7 йолу школа йолчу меттера.

1930–40-чуй шерашкахь Мехкадаьттан институтан, Челюскинцийн цIарах театран, А.Чеховн цIарахчу библиотекин, М.Лермонтовн цIарахчу драмин театран керла гIишлош йича, циггахь С.Орджоникидзен цIарах майда кхоллаелира. Цу тIера цIерпоштнекъа тIе кхаччалц болчу урамна а С.Оржоникидзен цIе тиллира. Иштта, «бацбира» Первомайски урам.

Делахь-хIета, С.Орджоникидзен цIарах болу а, Революцин а урамаш жIардовлучу меттехь шишша гIат долуш ши цIа дара Нохчийчохь хьалхара тIом баллалц лаьтташ. Цхьана цIа чохь СоьлжаГIаларчу мехкадаьттан промышленникийн контора яра. ШолгIачу цIа чохь Iаш адамаш дара. Иза 1881-чу шарахь дина дара.

1904-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь оцу цIийнан шолгIачу гIат чуьра нах кхечанхьа дIа а кхалхийна, цу чохь юкъараллин библиотека схьайиллира. Иза, Соьлжа-ГIалахь хьовха, ерриге а Нохчийчохь а дуьххьарлера библиотека яра. Иза вовшахтоьхнарг а, цуьнан дуьххьарлера куьйгалхо а вара Соьлжа-ГIаларчу Пушкински училищен хьехархо К.Н.Бакрадзе.

Библиотека сихха йовза йолаелира бахархошна, къаьсттина гIалин белхалошна. Мокъачу а, дезачу а деношкахь дукха адамаш хуьлура цу чохь. Некъаш ледара хиларе хьаьжна ца Iаш, геннарчу мехкадаьттан промыслашкара белхалой оьхура библиотеке. Кхеташ а ма-хиллара, полицин хьаькамийн тидам тIебахара оцу хьолана.

Оцу шерашкахьлерчу (1905–1907 шш.) тептаршкахь вайна карадо иштта йозанаш: «Полицин гIароло хаам бо К.Бакрадзе бахьана долуш библиотекех бакъонца революцин клуб хилла хиларан хьокъехь. Тхан агенташа хаам бо ешархой болчуха, библиотекехь белхалойн жигархой вовшахкхеташ хиларан хьокъехь».

И бакъдерг а дара. Цигахь хуьлура ХХ-чу бIешеран политикин баккхий гIуллакххой. Иштта, 1904–1907-чуй шерашкахь масийттазза библиотекехь хилира И.П.Фиолетов. Иза Соьлжа-ГIала веанера Россин социал-демократин белхалойн партин организаци вовшахтоха а, иза чIагIъян а.

1904-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь а, 1905-чу шеран кхолламан (январь), чиллин (февраль) беттанашкахь а Соьлжа-ГIаларчу белхалоша дIаяьхьначу забастовкашна куьйгалла деш вара иза. ТIаьхьа иза Баку гIала хьажийра.

1918-чу шарахь Туркменин гIумаренахь ингалсхоша тоьпаш тоьхначу 26 комиссарана юкъахь вара И.П.Фиолетов. Библиотекехь хуьлуш вара Бакура кхуза хьажийна волу цIеяххана революционер-большевик К.Б.Осипов.

1906-чу шеран кхолламан (январь) баттахь К.Бакрадзес полицех дIалачкъийна латтийра цIеяххана волу революционер С.Я.Буачидзе. Полицис, вен кхиэл кхайкхийна волу иза, чIогIа лохуш вара.

1920-чу шеран оханан (апрель) беттан 29-чу дийнахь гIалин библиотека Советийн Iедало шен долаяьккхира. Цу хенахь и йоцург кхин библиотека яцара гIалахь а, ткъа иштта, Теркан республикехь а. Амма, 1922-чу шарахь Нохчийн автономни область Теркан республикех схьакъастийча, облревкоман сацамца, берриге а махкахь а санна, боккха къийсам дIаболийра йоза-дешар цахаар дIадаккхарехьа. Оцу Iалашонца школаш схьайоьллура, «ликбезаш» йохкура, ешаран лаппагIанаш, библиотекаш вовшахтухура.

1937-гIа шо тIекхочуш Нохчийчохь 30 сов библиотека яра, ешаран лаппагIанаш ца лерича а. Цара жигара дакъалоцура культурин кхетош-кхиоран, политикин-серлонан балхахь. И болх сацийра Сийлахь-боккха Даймехкан тIом болчу шерашкахь. Дукхах йолу библиотекаш а, ешаран лаппагIанаш а дIалецира бIаьхаллин дакъоша а, госпиталша а.

ВКП (б)-н Нохч-ГIалгIайн обкоман справкехь хаам бора: «Чоьнашна зенаш дина, чохь хиллачу гIирсех пайдаэцна оборонин хьашташкахь. Дукхах йолу литература хIаллакьхилла».

Ирсана, фашисташ гIалина тIе ца летира. ТIом малхбалехьа юхабелира, Терка йистера мостагIа юхаваьккхира советийн эскарша 1943-чу шеран товбуц (сентябрь) дIаболалуш республикехь хиллачу дукхах йолчу культпросветан учрежденеша шайн болх юха дIаболийра.

Болх беш яра 289 культпросветан учреждени (1 музей, 1 – республикин библиотека, 12 культурин цIа, 23 – кIоштан библиотека, 211 – ешаран лаппагIа, 31 яртийн йоккха библиотека».

Цул сов, Соьлжа-ГIалин исполкоман отчетехь билгалдаьккхина ма-хиллара, 1949-чу шеран оханан (апрель) баттахь СоьлжаГIалахь дара 4 культурин цIа, 26 – клуб, 115 – цIен маьIиг, 120 библиотека, ткъа иштта, пионерийн цIа, культурин парк, мохкбовзийтаран музей, ГIалин библиотекашкахь миллион экземпляр сов книга яра.

1957-чу шарахь, НГIАССР меттахIоттийначул тIаьхьа, республикехь библиотечни система вовшахтохаран болх кхин а жигарабелира. Оцу ханна дикка алсамъевллера культпросветан учрежденеш, тобеллера церан болх.

КПСС-н обкоман VI-чу областан конференцехь билгалдаьккхина ма-хиллара, республикехь болх беш яра оьрсийн драмин театр, тайнигийн театр, филармони, Нохч-ГIалгIайн хелхаран а, эшарийн а ансамбль, 667 культурин цIа, клуб, ешаран лаппагIа, 424 библиотека, книгийн фонд 2 миллион гергга том йолуш.

1981-чу шарахь Нохч-ГIалгIайчохь 482 библиотека яра, ткъа книгийн фонд ялх миллион экземпляре ца кхоччуш яра. Къилбаседа Кавказехь а уггаре а ширачарех а, йоккхачарех а цхьаъ хилла юьсуш яра А.П.Чеховн цIарах ерг. Библиотекина оцу яздархочун цIе тиллира 1944-чу шарахь Соьлжа-ГIалин гIалин советан исполкоман сацамца А.П.Чехов кхелхина 40 шо кхачарца доьзна.

Сийлахь-боккха Даймехкан тIом чекхбаьллачул тIаьхьа оцу библиотекина керла гIишлош йира С.Орджоникидзен цIарахчу майданахь, кхин а кIеззиг хан яьлча, СоьлжаГIалахь а уггаре а хазачех цхьаъ хиллачу гIишло чу дIакхалхийра библиотека. Иза А.П.Чеховн цIарахчу скверехь яра.

1966-чу шарахь хилира иза. Оцу денна тIекхочуш Республикин Iилманан-методикин библиотекин статус йолуш яра библиотека. Цуьнан фондехь кхо миллион сов книга а яра, журнал а дара. Библиотекин ешаран залаш чохь массо хенахь а дукха адамаш хуьлура. Къаьсттина хьоме яра иза вузийн, сузийн, юккъерчу школийн хьехархошна, студенташна, дешархошна. Iуьйранна итт сахьт даьлчахьана дуьйна, суьйранна цхьайтта сахьт даллалц болх беш яра иза.

Мел дукха адамаш хиларх а, ешаран залаш чохь даима а тийналла хуьлура. Цхьа тамашийна аьхналла лаьттара цу чохь. Иза оцу библиотекин белхахошкара схьайолуш санна а хетара. Кест-кеста «Чеховкехь» (массара а иштта йоккхура цуьнан цIе) дIахьора тайптайпана кхоллараллин суьйренаш, ешаран конференцеш, яздархошца, поэташца, махкахь а, цул арахьа а цIе яхна долчу адамашца мехала цхьаьнакхетарш. Уьш дика вовшахтоха а, дIадахьа а хаьара библиотекин белхахошна.

Бакъонца, республикин интеллигенцин векалш шена тIеийзош литературе, Iилмане безам кхуллуш шатайпа кхерч бара иза.

Амма Нохчийчоьнан коьртачу шахьара бомбанаш, ракеташ етта йолийча, уггаре а хьалха йохийна, лаьттаца дIашарйина дIаяьккхира А.П.Чеховн цIарах йолу исбаьхьа библиотека. ХIаллакьхилла дIаевлира миллионаш книгаш, журналаш, газеташ, Iилманан-талламан белхаш. Шайна безабеллачу Iилманан кхерчах бевлира Iилманчаш, хьехархой, дешархой, эзарнаш книгашъешархой. Нохчийчохь болабеллачу тIеман хьалхара де библиотекин, оьмар хадийна, тIаьххьара де хилла дIахIоьттира. Иштта ду бакъдерг, иза мел къаьхьа делахь а.

«Чеховка» лаьттинчохь тахана кхин гIишлош ю. Иза йоцу а ду 25 шо. Делахь а, шайн синкхача хилла йолу иза даима а дагайогIу и лаьттинчу меттигана тIехбовлучу хенахь цу чу листинчу бIеннаш-бIеннаш ешархошна…

(Пайдаэцна I.Кусаевн «Соьлжа-ГIала» книгех)
С.ХАСАНОВ

№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: