«Купалин дош дуьненахь лелаш ду» цӀе йолу книга араяьлла Минскехь. Цунна юкъаяхана белорусийн литературин доттагӀех йолу очеркаш. Кхечу турпалхошца цхьаьна Нохчийн Республикин яздархойх, гочдархойх а дуьйцу книги тӀехь.
Книгин автор волчу публициста, литературин критика Карлюкевич Алеса ша къаьстина очеркаш язйина поэтессех, публицистах Куни Лулех а, поэтах, гочдархочух Ахматукаев Адамах а, «Гоч» журналан коьртачу редакторх Петирова ПетӀаматах а.
Церан дӀадолор бахьанехь, тӀаьхьарчу шерашкахь доккха беркат даьлла белорусийн литературина: нохчийн литературин-исбаьхьаллин а, шуьйрачу хаамийн а гӀирсашкахь нохчийн маттахь зорбане йийлина белорусийн литературера говзарш – классикаша язйинарш а, хӀинцалерчу поэтийн, прозаикийн ерш а.
Цул сов, гӀарабевллачу белорусийн яздархойх Богданович Максимаххий, Бородулин Рыгораххий статьяш а арайийлина. Белорусийн исбаьхьаллин дош шен агӀонаш тӀехь довзуьйтуш, дуккха а къахьоьгу «Нана» журналан редакцис. Ахматукаев Адама ша нохчийн матте гочйинчу белорусийн поэзин дийнна гулар арахецна. И книга хӀинцале Беларусехь а евзаш ю – «Яздархо а, зама а», аьлла, цӀе а йолуш, стохка, Минскехь дӀаяьхьначу литераторийн Дуьненаюкъарчу IV-чу симпозиумехь презентаци а йира цунна.
Белорусийн поэзи нохчийн матте йоккхуш, кхидӀа а къахьоьгуш ву Ахматукаев Адам. Масала, дукха хан йоццуш, Беларусин халкъан илланчин Купала Янкин «Сонеты» цӀе йолу йоккха цикл нохчийн матте яьккхина ваьлла иза.
Къона Петирова ПетӀамат, «Гоч» журналан коьрта редактор хилла ца Ӏаш, Нохчийн Республикехь гочдаран гӀуллакхаш дика дӀакхоьхьучарах ю. ХӀокху муьрехь журналан «белорусийн выпуск» кечъеш ю иза.
«Купалин дош дуьненахь лелаш ду» книги тӀехь Россин кхидолчу къаьмнийн литературин векалех а дуьйцу – гӀезалочух Харис Ренатах а, чувашах Тургай Валерих а, башкирах Ханнанова Зульфиях а, гӀалмакхочух Ханинова Риммех а…
ЛАДУТЬКО Кирилл
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо