Немцойн фашисташ ямартлонца СССР-на тIелатар бахьана долуш, 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь дIаболабелла Сийлахь-боккха Даймехкан тIом. Иза дIаболабелла бутт балале фашисташа, шайн когакIел ерзайо Минск, Киев, Смоленск, Псков, иштта мехкан кхийолу гIаланаш.
Гитлеран Iалашо хилла 1942-гIа шо тIекхачале СССР-н коьрта шахьар Москва схьаяккхар. Иштта мехала хеташ хилла цунна Ленинград йожор а. Цундела Финляндера, Испанера, Италера, Къилбаседа Африкера, Европера, шайн лаамехь, тIом бан даьхкина эскаран дакъош хилла немцошца цхьаьна массо а агIор Ленинградана чугIерташ. Къар ца луш, луьрачу мостагIчунна дуьхьал тийсалуш, ЦIечу Эскаран бIаьхой а хилла. Делахь а, мостагIчун тIеман ницкъаш алсам хиларна, цкъачунна, эшамаш ловш хилла ЦIечу Эскаран бIаьхоша.
1941-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 8-чу дийнахь Ленинградан йистошца мостагIчун го (блокада) къовлабелла, чувала, аравала гечо ца дуьтуш. Аттачу балхах Ленинан цIарах йолу гIала ЦIечу Эскаро шена каракхочуьйтур йоцийла хууш, шайн тIемлойн хIаллакьхилар алсам ца хилийта тIеэцна хилла Гитлера Ленинградана го лаца сацам, гIалин бахархой мацалла балийта Iалашо йолуш.
Мацалла дуккха а адам делла Ленинградехь. Амма цуьнан бахархой къар ца белла, мостагIчунна хьалха гор ца хIиттина. Хаддаза болх беш хилла Ленинградера радио, театраш. Цул сов, ЦIен Эскар хилла хаддаза мостагIчо лаьцна го хадон тIемаш беш. Амма нуьцкъалчу мостагIчун го 872 дийнахь лаьттина Ленинградан гонаха.
1944-чу шеран кхолламан (январь) беттан 12-чу дийнахь Ленинградски а, Волховски а цIерш йолчу шина фронто шина агIор цхьана хеначохь дIадолийна Ленинградана го бинчу фашисташна тIелатар. Ялх дийнахь бинчу луьрачу тIемашкахь итт-шийтта километр шуьйра гечо даккхаделла цаьрга мостагIчун го хадош. Иштта луьра бинчу тIемашца ЦIечу Эскаро 1944-чу шеран кхолламан беттан 27-чу дийнахь генна юхакхоьссина мостагI гIалин йистошкара. Цундела ларалуш ду кхолламан беттан 27-гIа де Ленинградан блокада дIаяьккхина де.
Нохчашна дакъа ца кхочуш ца бисина и луьра тIемаш. БIе гергга нохчи хилла Ленинградски а, Волховски фронташна юкъахь. Царах къаьсттина турпалалла гайтинарш бу: Теркайистера Абацаев Нажмудди, Неврера Вараев Iабдулрашид, Марзойн-Махкара Исмаилов ИсмаьIал, авиацин штурмови эскадрильин командир хилла Шалажара Акаев Даша, иштта дуккха кхиберш а.
Боццачу хаамехь массеран а цIерш йохийла дац. Амма вай декхарийлахь ду церан сийлахь цIерш даима а иэсехь латто. Къоман сий а, Даймехкан паргIато а ю цара ларйинарг. Цундела вайн массеран а декхар ду и буьрса денош а, вешан махкахойн сийлахь цIерш а дагахь латтор.
А.ГАЗИЕВА
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо