Кхолламан (январь) беттан 5–9-чуй деношкахь Сочехь дIаяьхьира къаьмнийн культурийн а, искусствон а Дуьненаюкъара WorldFolkVision конкурс.

Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан артисташа дуьххьара дакъалецира цигахь. Музыкин гIирса тIехь мукъам балорехула йолчу номинацехь Кусариев Мурад конкурсан дипломант хилира, къоман вокалехула йолчу номинацехь Джабраилов Тамерхан II-чу даржан лауреат а, эстрадин вокалан номинацехула Дакаев Беслан I-чу даржан лауреат а хилира.
Конкурсан номинацешкахула толамаш баьхначара Гала-концертехь а дакъалецира. Иштта, цигахь дакъалоцуш вара Б.Дакаев а. Цунна жюрис къаьсттина совгIат дира.
Дани пачхьалкхан Копенгаген гIалахь йолчу Данин паччахьан Музыкин академехь дуьненахь а евзаш йолчу йишлакхархочо LP-с вокалехула кхоъ мастер-класс лур ю Дакаев Бесланна.
– Оцу конкурсехь дакъалаца къастийнарш тоьлларш бара. Конкурс дуьненаюкъара хиларе терра, атта дацара кечамаш бан. Дийнахь а, буса а репетицеш яра дIахьош. Дуьненан дуккха а халкъийн векалшна хьалха лаккхарчу тIегIанехь дIагайта езаш яра вайн къоман культура а, искусство а. Оцу декхарца М.Кусариев а, Т.Джабраилов а, Б.Дакаев а лара а вина, – элира Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан куьйгалхочо Амаева Мадинас.
М.ГЕРЗЕЛИЕВА
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо