Сцени тIехь верг актер хилар дицло

Жима волчу хенахь харцахьа ма вара со. Лулара бераш схьа а гулдой, гуттар а цаьрца ловзуш хуьлура, – велакъажарца долийра шен къамел тахана Нохчийн къоман театран актера, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Умаев Рамзана.

ГIойтIахь дIаяхана шен бералла хазахеташ дагалецира къоначу актера. ХIетахь, ловзуш лелачу хенахь цунна дагахь а ма ца хилла шех актер хир ву бохург. Шен 18 шо кхаччалц, цхьана мIаьргонна а, цунна дагадеана дац иза. ГIойтIара юккъера школа дашочу мидалца чекхъяьккхира Рамзана.

Школехь дешна ваьллачул тIаьхьа Москва дIавахара Рамзан, юристан говзалла караерзон йолчу ойланца. Амма, да могаш воцуш а хилла, цIаван дийзира цуьнан. Кхин цига юха ца вахара иза. Иштта, цул тIаьхьа цхьа хан яьлча, шен вешица телевизоре хьоьжуш Iачу Рамзанна хаам хезира, Нохчийн къоман театр похIме кегийрхой лоьхуш ю аьлла. Рамзана башха тидам ца бира. Уллехь Iачу вашас элира цуьнга цига гIо. Цкъа а актер хила дагахь хилла воцу кIант ойланашка велира.

Школехь доьшучу хенахь дуьйна, нохчийн а, оьрсийн а литература йоьшуш а, дукхаезаш а хиллачу Рамзана ойла тIомаюьйлуш, кечам бира «кастингана». Дукха кегийрхой гира цунна цига баьхкина. Шен рагI ларъеш Iачу кIентан ойла хилира цигара дIаваха. Амма, хIокхо ойланаш еш лаьтташехь, рагI тIекхечира. ГIарабевлла бевзаш болу вайн артисташ жюрин декъашхой а болуш, школехь дуьйна шена дукхаезаш хилла йолу «Мцыри» дIайийшира кIанта.

ПохIме кегийрхой лоьхуш, дIахьош хиллачу конкурсах ша чекхвериг хиларх шеконаш йолуш хиллачу Рамзанна хаза кхаъ хуьлуш, театре балха кхайкхира иза Хакишев Руслана. Сцени тIехь ша волччохь латта висира иза, хилларг самах ду я гIенах ду ца хууш. Иштта вахара иза театре балха 2009-чу шарахь.

Юьхьанца, хуьлуш ма-хиллара, «массовки» юкъахь хуьлура иза. ПохIме а, сцени тIехь товш а волчу къоначу актерах ролаш тешо йолийра. Шен турпалхочун васт, ойла, лазам хьовсархошка дIакховдо хьожура иза.

2010-чу шарахь Къилбаседа ХIирийчоьнан театран сцени тIехь Р.Хакишевс хIоттийначу «Расплата» спектаклехь дуьххьара ловзийра цо коьртачу турпалхочун Хьасанан роль. Цул тIаьхьа «Совдаттий, Дауддий» спектаклехь Къахьиман роль ловзийра, «Лийрбоцуш», «Шен цIа – цIен цIа» – Ганаев Куьйрин роль. Нохчийн къоман театрехь масех шарахь болх а бина, кегийрхойн «Серло» театре дехьавелира Рамзан.

Цигахь 2014-гIа шо кхаччалц болх бира цо, ши театр цхьаьнатоххалц. Цхьаволчу актерана драмин роль гергара хета, ткъа кхечунна – комедин. Умаев Рамзан башха ролаш къестош вац. Драмин а, комедин а ролашца цхьатерра дика лараво иза. Бакъду, комедин роль шеца йогIуш хета цунна.

Режиссурехь а шен хаарш зийра къоначу актера. Москвара К.Райкинан цIарах йолу сценин искусствийн лаккхара школа чекхъяьккхира цо. Нохчийн къоман театрехь хьовсархошна дезаш а, цигахь кест-кеста гойтуш а долу «Алладин» туьйра Рамзана хIоттийна ду (режиссер а волуш).

27 шо бен доцуш волу Рамзан театрехь болх беш волу иттех шо ду. Школера дешархой (царна юкъахь вара Рамзан а) къоман театре «Расплата» спектакле хьовса баьхкинчу хенахь, хьанна дагахь дара, оццу спектаклехь цхьа ханзама яьлча коьртачу турпалхочун роль ловзош Умаев Рамзан хир ву бохург.

З.ЛОРСАНОВА
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: