Нохчийн Республикина молханаш эца ахча делла

Россин Федерацин Правительствос вайн пачхьалкхан регионийн тайп-тайпанчу категорин бахархошна оьшуш долу молханашна а, дарбанан гIирсашна а 31 миллиард сом ахча къастийна.

Оцу ахчанах 158 миллион сом Нохчийн Республикина кхочур ду. Цуьнца доьзна Россин Федерацин Премьер-министра Медведев Дмитрийс тIедиллар дина. Россин министрийн кабинетан сайта тIехь зорбане а даьккхина и документ.

Оцу документа тIехь 2019-чу шарахь федеральни бюджетера Россин Федерацин субъектийн бюджеташна а, ткъа иштта, Байконур гIалин бюджетана а субвенцеш йина, оьшуш долу молханаш а, дарбанан гIирсаш а оьшуш болчу бахархойн хьашташ кхочушдархьама.

Рецептаца луш долу молханаш а, заьIап берашна оьшуш долу молха-маха эца аьтто а беш.

З.ХИЗИРОВА
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: