Къеггина хьаьжна малх а болуш, хаза суьйре яра тIейогIуш. «Деллахьа еза ас сайн даьIахкаш жимма малхе яха», – аьлла, неIаран соне хIоттийна шен Iаса схьа а эцна, аравелира Воккха-Дада.
Цунах бIаьргкхетта, цуьнан гIуллакхе хьажа, цунна тIаьххье аравелира цуьнан кIентан кIант Мохьмад.
Кех аравала дIаволавеллачу цунна тIаьхьа волавелира иза, рагIу кIелахь лаьтташ хилла лоха гIант а эцна. Дадас кхакханан цхьа дакъа тIе а тоьхна кечдина дара иза. Цунна иза оьшур дуй хаьара кIантана.
– Мохьмад, ма бакъ деара ахь хIара. Дицделла вогIура хьуна со. Ирахь дукха ца латтало, голаш язъелла, дегIан мохь ца лало цаьрга… Кхузза, малхе охьадиллалахь.
КIанта цо куьг хьажжийначу охьадуьллу гIант. Воккхачу стагана охьахаа гIо а дой, цхьа-ши гIулч юхаволий, дIахIутту, ши куьг тIехьа а дуьллуш.
Иштта Iийр ву иза, «ДIагIо, хьо суна кхин оьшуш вац, хьайн гIуллакхе хьажа», – аллалц.
– ХIай, Дела реза хуьлда хьуна. Ма доккха гIуллакх ди ахь. ЭхI, – аьлла, гIантахь дIанисвелла, кIанте хьаьжира Воккха-Дада.
– Мохьмад, хьо дукха сиха-м вац? – хаьттира цо.
– Дера вац. ХIунда хоьттура ахь? ХIун оьшура хьуна, Дада?
– ХIумма а ца оьшу. Хьуна цхьа хIума дийца дагадеана хоьттура ас-м, жимма хан яйар а хир, хьуна хIума довзар а хир-кх аьлла хеташ.
– Дийцахьа, дада, – бIаьргаш с ерладевлира кIентан. Лаьттах Iоьттина Iаса, шен чIенига кIел лаца дIа а нисйина, шираллера сурт карладаларна гIеххьа велааьшна а хилла: – Хьалха тхо махках дахале а, цул дуккха а хьалха пхьоьха лаьттара хIинца со хиъна Iачу меттехь. Баккхийнаш охьахевшина хуьлура, тхо, кегийрхой, ирахь лаьттара, дист ца хуьлуш, цара дуьйцучуьнга ла а дугIуш. Пхьоьхана бовла бакъо яра юкъ йоьхку хан тIекхаьчначу, жималлех чекхбевллачу, гIароле хIитта хан, пхьа хьарча, чIир эца йиш йолуш болчу кегийрхойн. ХIетта берхIиттара ваьлла ма вара со а. Ахь боху ца боху хьекъале хабарш, хилларш-лелларш дуьйцура цара, юьртан лазамаш буьйцура. Хьанна хIун гIо дан деза дуьйцура.
«Хьенехах йисина Iачу Маржанан кертахь оьшуш долчуьнга хьажа ваханера со. Шина-кхаа дийнахь пеш ягаяллал бен дечиг дацара цуьнан. Цунна дечиг дан цхьа-жимха вахийта веза», – элира цхьана дийнахь луларчу Iабдурахьмана.
Цо бохург пхьоьхано къобал дира. Цигахь къастийра дечиге вахийта веза шиъ а. Иштта, оха, кегийчара масал эца дезарг, тхуна а, юьртахошна а, махкана а пайдехь дерг бен ца дуьйцура цигахь. Пхьоьха эладитанаш дуьйцу меттиг яц. ГIиллакх, оьздангалла, къинхетам гойту меттиг ю. Мел чIогIа дара хIетахьлерчу баккхийчеран вовшийн ларам бар.
Цхьаъ къамел деш хилча, иза, ша дийца волавелларг дийцина валлалц леррина ладугIуш хуьлура бисинарш. Цуьнан къамела юкъа ца лелхара, цуьнан дош ца кагдора. Цкъа иштта пхьоьханахь Iаш долуш, цхьаъ къамел дина ваьлча, цхьа а вист ца хуьлуш, соцунгIа еара, массо а шен-шен ойланашка а ваьлла. Юха, мухха делахь а, цхьаьний, цхьабосса вистхилар нисделира цхьана шиннан. Амма цу сохьта ший а сецира, вовшашца гIиллакх хIоттош.
Пхьоьханахь воккхалла лелочо царах цхьаьнга элира, иза вукхал мелла а воккха хиларна: «Хьенех, хьо вистхилал, ахь алал! Хьо ваьлча, цуьнга а ладугIур ду вай».
ТIаккха, шена и бакъо елча, цо шеца цхьаьна вистхилар нисделлачуьнгахьа а воьрзуш: «Хьан даша юккъе Дала диканиг тосийла. Хьайн дош диц ма делахь», – аьлла, шен къамел дира, мелла а доцца, кхеташ ала а хьожуш.
Шеца хIоттийна гIиллакх вукхунна а тайнера. Ишттачохь чIагIлора церан вовшашца йолу уьйрмарзо, кегийчарна гIиллакх а Iемара. ХIинца хьуна а дагадеана хила тарло: къоначеран бистхила бакъо хила а ца хиллате пхьоьханахь, аьлла. Хилла дера. Шега баккхийчара дош делча вистхуьлуш хилла къонаниг а.
Шен къамел дIадололе хьалха гIиллакхе дара цо: «Шу долчохь, шуна хьалха вистхуьлу-м вацара со, делахь а, аш пурба делла хилча, сайна хетарг доцца ала хьожур ву со», – аьлча.
Наггахь хьал хIуттура кегийрхойх цхьамма пхьоьханахь дош ала дезаш. Иштта хьал хIоьттича жимачу стага олура: «Бехк ма биллалаш, аш пурба делча цхьа-ши дош дара сан ала».
Цу тайппана шена вистхила некъ боккхура къоначо. Къонаниг-м стенна хьехаво, цхьамма къамел дечу хенахь воккханиг цуьнан къамела юкъа гIертар а, цуьнан къамел хедор а дац гIиллакхе.
«Бехк ма биллалахь» бохуш къамел дечун дош «кегдар», юкъах дахар, бIаьцанаш яр, белшех куьг деттар, муьшканаш яр гIиллакхашца догIуш дац. Иза лелон мегар дац. Даима а ма ца хуьлу дуьйцуш волчунна хетарг хьуна товш. Нагахь санна хьайна иза товш дацахь а, сатоха деза. Иза къамел дина ваьлча, шога аларх ларлуш, «Хьенех, суна-м кхечу кепара ма-хета», – олура хIетахь.
Дешан толам баккха ца гIертара. Деса хабар дуьйцуш нехан хан ца йойура. Воккха-Дадас шен къамел сацийра, шайна тIевогIуш волчу лулахочух бIаьрг ма кхийтти. Кхуьнан къамел юкъах ца даккха, меллаша, цхьацца ког боккхуш вогIура иза. Цунна гIиллакхе ма дацара хьаьдда тIе а веана, воккхачун къамел юкъах даккхар.
– Суьйре дика хуьлда хьан, Дада, хьо араваьлла, – элира цо герга кхаьчча.
Юха, ларам беш хьалагIаьттинчу Воккха-Дадина маракхийтира шен накха цуьнан накханах кхетарх ларлуш, кIеззиг охьатаьIна, цуьнан пхьаьрса кIелахула шен пхьарс болуьйтуш (нийсачу накъостана, доттагIчунна бен ца эккха мара некхах накха а кхоьтуьйтуш).
– Диканца дукха вехийла, Рамзан. Хьо цIа кхечи? – хаьттира воккхачу стага.
– ХIаъ. Болх бо бохуш сарралц дIаса а хьийзина цIа ма веа со-м, – элира цо.
И шиъ вовшашка хьал де хаьттина ваьлча, лулахочун суьйре дика йира Мохьмада а. ТIаккха, шега аларе ца хьоьжуш, сихха керта вахана гIант деара. Иза охьа а диллина, ши-кхо гIулч юхавелира.
– Охьа хаа, – элира Воккха-Дадас.
– ХIан-хIа, ца хуу дера. Ахь хIун дуьйцу. Со муха хуу хьо волчохь охьа.
– Охьахаахь, вай долчохь кхин хийра стаг а вац. Цу тIе хьо сарралц болх бина кIадвелла а хир ву. Когашка садаIийтахьа.
– ХIан-хIа, Дада. Со дукха ца Iа. Хьо а гина, хьоьга хьал-де хоттур-кха аьлла сехьа ваьллера со-м.
– Бакъ ваьлла. Бакъ ваьлла. Дела реза хуьлда хьуна. Со-м хIокху кертарчу кIентан хIуманна пхьоьханах дерг дийца гIерташ, чалх текхош воллура. ХIаъ, воллура дера, – соцунгIа хилира иза.
– Дада, хIинца санна пхьоьхана гуллой зударий хуьлурий хьалха, шу къона долуш? – хаьттира Рамзана.
– Мичара. Дера ца хуьлура. Пхьоьха божарийн бен ца хилла цкъа а. Хила йиш а яц. Вайн нохчий хилла даха лууш делахь. Зударшна хьарам ду пхьоьханашка хIиттар. Цхьа кхерам тIехIоьттича, вуьшта, божарех кхин стаг вацахь, орца даккха бен цига яха йиш ца хилла цуьнан. Зударийн гIуллакх дац пхьоьха.
Зударийн бакъо ца хилла пхьоьхана хIитта, я хIинца а яц. Нагахь санна пхьоьханахь дийцаре дан юкъадаккха дезаш шайн цхьа хIума хилча, цара воьхий, валавой, шайна хетарг алийта я цхьа гIуллакх къастадайта пхьоьхана божарех цхьаъ вохуьйтуш хилла…
ХIинца-м божарийн пхьоьханаш а яц вайн ярташкахь, цхьа наггахь бен. Вайн дайша вовшех дагадовлуш, юьртан гIуллакхаш дийцаре деш, къоначарна гIиллакх-гIуллакх Iамош шатайпа пхьалгIа санна латтийна пхьоьханаш. ХIаъ, латтийна…
Кхин дош ца олуш дIасецира Воккха-Дада. Цуьнан амалехь дацара, дукха луьйш, ша кIордавайтар. Иза ша ала лууш дерг аьлла ваьллера, оьцучуьнга пайда эцийта а, ца хуучунна хаийта а, ойла ян кхетам болчуьнга ойла яйта а, тахана долчу хьолан а, хиллачун а хьесап дайта а. Иза, бIаьрнегIар тухучу юкъана, Мохьмаде хьаьжира. КIант ойланашка вахана лаьттара.
«Баккъал а гIиллакхаш, дахар довзийтаран шатайпа пхьалгIа хилла лаьттина пхьоьха… Оцу пхьалгIахь вахчавелла ву-кх Воккха-Дада. Цундела говза пхьар ву массо а хIуманан».
Оцу ойланаша жимачу стеган дагна хьаам бира. Дозалла дарца шен дедега хьаьжира иза. Ткъа важа, везза гIантара гIаьттина, хенан безачу мохьо саттийна букъасурт ма-хуьллу дIанисдина, лулахочуьнгахьа дIавирзира.
– Рамзан, вало, чудахана чай молуш Iийр ду вай. Ахь боху ца боху мерза хуьлу Асетан (несан) чай.
– ГIоза молийла. Суна хаа-м дера хаьа Асетан чай а, кхача а чомехь хуьлий. Тахана Iийр вац со чувеана, чай молуш. ТIаккхахула цхьаъ дер вай. Цу тIе суьйре а ю тIегIерташ. Дела реза хуьлда хьуна. Хьо вацахьара тхан йиш яцара. Марша Iойла.
Иза дIавахара Воккха-Дадин хабаре юха а ладогIа, цуьнга цхьацца хаттарш дан сатесна а волуш…
С.ДАДАЕВ
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо