(Ахматукаев Адаман керла гочдарш)
КУПАЛА Янка
МаьркӀажехь (сонет)
Седарчий гӀиттош, дӀатийначу арахь,
Малхбузехь дукъал тӀех керчича де,
Хьомсара хетара-кх тергалдеш дерг,
Сайн сатийсамо со Ӏадвитахьара.
Ойланаш гӀайгӀанца керча-кха тӀе,
Хьовзош со цӀийнан кху готтачу кӀарахь.
Наггахь сайн хьолана – байттамал – тем
Лоьхуш, дог дуткъало бӀаьргех хи даллал.
Амма ва стенга сатуьйсу ас хӀетте?
КӀадвелла, гӀелвелла. Халла садетташ,
Сеттабо хаддал сайн таӀийна букъ.
ГӀоле а ца лоьху, ца лоьху орца.
Шийлачу коша чу хеназа гӀор со,
Дайлур ду-кх тӀаккха ас ловш долу дукъ.
КОРОТКЕВИЧ Владимир
Даймахке
Даймохк, хьо латталахь, тарх санна, курра
– ГӀайгӀа тӀеязъяларх, ийалуш леккха,
– Эзар шо даьлча а, иштта хьо гурриг.
Эша хьан дезахь, и хуьлда-кха беккъа
Цхьа мискъал зарратал ас бина эшам:
Хьо марша, со бен хьан ца вайна эшам.
***
Марша Ӏойла. ХӀинца бехказйийлар,
Дохкойийлар санна, эрна ду.
Везначунна диканиг ахь кхийлар
Беттан серлонал а шийла ду.
Куьйга дуьйцу маьлхан туьйра – дорах.
Догдикаллин метта ахь хӀун лур?
Бахьийначу малхах-м ас хӀун дора?
ГӀорийначу балдех дора хӀун?
БОРОДУЛИН Рыгор
Сатийсар (романс)
Хьежна хьоьга бӀаьстенгара гурралц,
Ларъеш, Ӏуьйре санна, – тутмакхочух.
Наггахь ловра гӀенан кхоьлах мур ас
– Седа санна, гуш хьо тӀе ца кхочехь.
Лехна ас хьо, янне йоцуш санна.
ХӀора йоьӀан экама эхь-бехкаш
Хиржина ас – хьакъдан хьуна цхьанна,
Болар лехна – дуьзначу хих техкарг.
Аз ца доккхуш – хьайнчуьнга сатуьйсуш,
Хезний, гиний йоцчу хьан хазалло Ӏехийна,
Хьан ӀиндагӀ хилла вуй со-м,
ӀиндагӀе хьох хадар ца ладаллал.
Хьан гӀайгӀанна кортий, яьIний оьгуш,
Ваьхна, веха, тешна ойла хьох еш.
Иштта хӀинца Ӏаьнна кӀел а воьду,
БӀаьстенгарчу сатийсамо вохвеш.
КОБЕЦ Мария
Дош
БӀаьста, Ӏаьнарш гӀуьттуш
Сенчу хьаннийн кӀоштахь,
Кога буьхьар хӀуьттуш,
Доккхадийнарг – дош ду.
Ӏа човхийна чилла,
Яхъелла, кӀордош а,
Дагна герга хилла,
Сатединарг – дош ду.
Ойла юхаяккха
Некъо горахьош со…
Бехк ма билла, тӀаккха
Карийнарг а – дош ду.
№4, кхолламан (январь) беттан 18 де, 2019 шо