Нохчийн Республикин Правительствон министраша а, кIоштийн куьйгалхоша а хIора кIиранах а жоьпаш лур ду бахархоша сагатдеш долчу хаттаршна.

Ша аьлча, «Грозный» НПТРК-н каналехь дуьххьалдIа къамел дийр ду регионан бахархошца, царна дуьйцур ду карарчу хенахь шаьш кхочушдеш долчу гIуллакхех, оцу я вукху декъехь, я кIоштахь долчу хьолах лаьцна.
Иштта декхар хIоттийна царна хьалха дIадаханчу еарин дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочуьнца Израйилов IабдулкъахIирца а, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Секретариатан куьйгалхочуьнца Ясаев Асламбекаца а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
«Ас тIедиллина хIора кIиранах министраш а, кIоштийн куьйгалхой а телевидени кхайкхар а, бахархоша сагатдеш долчу гIуллакхех лаьцна цаьрга дийцийтар а, церан хаттаршна жоьпаш далийтар а», – яздина Р.Кадыровс «ВКонтактехь» йолчу шен агIонехь.
Оцу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин департаментийн а, урхаллин а, ткъа иштта Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Секретариатан а балхах хьакхалуш долу гIуллакхаш.
«Ша Iуналла дечу министерствошкахь, ведомствошкахь, муниципальни цхьаьнакхетараллашкахь долу хьал девзаш хила веза хIора а белхахо. Иштта мехала ду Iедалан органийн белхан эвсаралла лакхаяккхарехь муьлха-хIун дан деза, хIун хийцамаш бан беза бохучух белхахо кхеташ хилар. Цунах цхьана а тайпа кхетам боцучо меттиг паргIатъяккха езар ю», – билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Цо хаийтира шеран хьалхарчу чийрикан (кварталан) жамIашца меттигашкахь шаьш урхалла даран органашкахь белхахой хийца тарлуш хилар.
«Иза хьакхадала тарло дIадаханчу шарахь жамIаш ледара хиллачу а, хIокху шеран хьалхарчу чийрикехь хьал дикачу агIор хийца аьтто ца баьллачу а гIалийн а, кIоштийн а куьйгалхойх», – элира Кадыров Рамзана.
Регионан куьйгалхочо, иштта, тIедиллира шен тIедахкарш Правительствон декъашхоша кхочушдарна тIехь сема терго латтор.
«Министрийн кабинетехь меттиг хила ца еза оцу гIуллакхашна тIехь ледарло еш болчу куьйгалхошна», – чIагIдира Кадыров Рамзана.
I.Израйиловс а, А.Ясаевс а билгалдаьккхира шайна хьалха хIиттийна декхарш кхочушдаран декъехь шаьш, де-буьйса ца лоьруш, доггаха къахьоьгург хилар.
Д.АНАДЕВ
№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо