ДIасацабахьалучу бахаман хьал толлур ду

Нохчийн Республикехь дIасацабахьалучу бахаман рынкехь долу хьал талларан комисси кхоьллина. Цу хьокъехь болу сацам бовзийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана лаьттах пайдаэцаран а, лаьттан законашкхоллар лардаран а гIуллакхашна лерина хIокху деношкахь республикин Правительствехь дIаяьхьначу кхеташонехь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира, Счетни палатин председатела Тумхаджиев Iийсас, Бахаман а, лаьттан а юкъаметтигийн министра Ирасханов Асламбека, Соьлжа-ГIалин мэра Закриев ИбрахIима, кхечара.

Р.Кадыровс дийцарехь, республикехь бина болу бахаман а, лаьттан а баккхий барташ законашкхолларца нийса догIуш хилар талла дезаш ду комиссис.

«Шайн болх республикин прокуратурица а, бакъонашларъяран органашца а цхьаьна бертахь бан беза. Иштта ца дахь, республикин бюджетана, йогIуш йолу налогаш цагулъярца, зен хир ду, ткъа и бахьанехь социальни-экономикин декъехь долу гIуллакхаш кхочушдарехь халонаш нисъяла тарло», – элира республикин Куьйгалхочо.

Иштта, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, бахархой алсамбовлар лакхара хилар тидаме эцча, мохк кхиоран гIуллакхашца доьзна долу хьал гIоьртина хилар.

«Цуьнца доьзна оха хIинцале дIаболийна, планаца беш дика болх бу. Республикин ГаланчIожан а, кхийолу а кIошташ кхиорехь деш дукха гIуллакхаш ду. Бакъонаш а ларъеш, болх бан а, кхиа а кийча болчу инвесторшна а, совдегаршна а вуно дика хьелаш кхоьллина регионехь. И бахьанехь экономикин декъехь болу гайтамаш тIаьхьарчу масех шарахь хаъал тобан таро хилла. Со тешна ву, лаьттан законашкхоллар лардарна тIехьажийна кхидIа бен болчу балхо бахархойн Iер-дахар дикка тодан гIо дийриг хиларх», – элира цо.

А.ВАХАЕВА
№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: