Дагестанца доза къасторехь а «бехкенаш» – нохчий

Хууш ма-хиллара, нохчашлахь олуш ду: «Шина вешина юкъахь а хила еза керт». Изза хьал ярташна а, кIошташна а, пачхьалкхашна а юкъахь а хила дезаш ду – цунах доза олу.

Шерачу аренашкахь бIогIамаш догIарца, охана дарца, татолашца, некъашца къастош ду доза, ткъа лаьмнашкахь я хьаннашкахь – чIожашца, бердашца, лаьмнийн баххьашца.

Дозанца къастош ду цхьана Iедало урхалла ден латтанаш луларчу Iедало урхалла дечу латтанех. Иштта даима а хилла а ду.

Цул сов, карарчу хенахь, иза муьлххачу а пачхьалкхан законаца дан догIуш хIума а ду.

Нохчийчоь, хууш ма-хиллара, Россин Федерацина юкъайогIуш елахь а, республикин дIахIоттам болу пачхьалкх ю. Иза, Нохчийчоьнан Конституци тIехь билгалдаьккхина ца Iаш, Россин Федерацин Конституци тIехь а билгалдоккху.

Цундела, республикин Iедало, Нохчийчоьнан доза къасторан декъехь беш болх бу.

Карарчу хенахь, мел халахеташ делахь а, Нохчийчоьнан доза къилбехьа Гуьржийчоьнца (иза Россин Федерацин доза а ду – авт.) а, малхбузехьа ГIалгIайчоьнца а бен къастийна дац.

Къилбаседа-малхбузехьа Къилбаседа ХIирийчоьнца а, къилбаседехьа Ставрополан махкаца а, къилбаседемалхбалехьа а, малхбалехьа а, къилба-малхбалехьа а Дагестанца а къасто дезаш ду хIинца а доза.

Чекхдаьллачу шарахь Соьлжа-ГIалахь дIахьош Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъектийн шуьйрачу хаамийн медиафорум а йолуш, Дагестанан Куьйгалхочо В.Васильевс билгалдаьккхира Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара доза къастийна хиларх ша воккхавевеш хилар а, Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара доза къасторан декъехь болх дIаболош хилар а.

Оццу муьрехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Р.Кадыровс, шен указаца кхоьллина «Нохчийн Республикин доза къасторехь кхоллалучу гIуллакхашкахула йолу комисси» а яра болх дIаболош.

В.Васильевс Нохчийчоьнца долу доза хьахийна яьлларг масех минот а бен йоццушехь, дукха доккха питана а, гIовгIа а елира цунах социальни сеташкахь.

Цу хьокъехь, и питана адамашлахь буйтIаране далале аьлла (гIаттам бе бохуш, кхайкхамаш буьйлабелча – авт.), Дагестанан куьйгалло шайн махкахошка леррина кхайкхам бира, доза къасторехь бакхий хийцамаш а хир бац, цул сов, ярташ я шахьарш «дIаса а кхуьйсур яц» аьлла.

Цунах тоам хилла адам мелла а дIатийра.

Иза диц а дира. Амма, цул тIаьхьа, кIира а далале, Нохчийчоьнан Парламенто, ГIалгIайчоьнца къастийна доза билгал а доккхуш, республикин карта довзийтира шен сайта тIехь.

Цу тIехь, Нохчийчоьнан Веданан кIошт кхолларан хьокъехь долчу законаца нийса а догIуш, Къоьзан-Iам берриге а Нохчийчоьнна юкъахь гайтина бара.

«Нохчаша дагестанхошкара Iаьндойн-Iам схьабаьккхина» аьлла, юха а питана даржа доладелча, Нохчийчоьнан Парламенто, Россин кадастрин картица нийса а догIуш, Къоьзан-Iома тIера доза «нис а деш» (цу тIехь Къоьзан-Iоман 30% Дагестанна кхочуш ду – авт.), хийцира карта.

ТIаккха тоам хилира питанхошна, шаьш «нохчашна шайн Эйзен-Iам (хьалхо Iаьндойн-Iам бара царна и, юха Эйзен-Iам хилира цунах – авт.) дIа ца белира» бохуш, социальни сеташкахь кIиранах сов «синкъерам» а хIоттош.

Цул тIаьхьа а бутт белира. Ткъа хIинца, масех де хьалха, Дагестанерчу «ННТ» телеканалана ша еллачу интервьюхь, оцу республикин Куьйгалхочо В.Васильевс юха а айъира Нохчийчоьнца доза къасторан гIуллакх.

«Нохчийчоьнна а, Дагестанна а юкъара доза къастор шина республикин Iедална эшна ца Iаш, федеральни законан а, Россин Федерацин Президентан а, Россин Федерацин Правительствон а лехамашца нийса догIуш а гIуллакх ду. Федерацин субъекташна юкъара дозанаш къастон елла хан ю – шерашца дийцича а, кхин а 3 шо хан ю йисинарг. Амма и гIуллакх оццул дах ца дан хьовсур ду вай. Цул сов, доза къасторан гIуллакх бахархошна довзуьйтуш а хир ду, шина республикин Парламентийн сацамашца къастор а ду», – билгалдаьккхира цо.

Оццу муьрехь Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Р.Кадыровс а билгалдаьккхира оцу декъехь беш болх хилар.

«Дагестанца а, Къилбаседа ХIирийчоьнца а, Ставрополан махкаца а доза къасторан гIуллакх чаккхене а дерзийна, оцу балхана тIадам хIотторна герга ду вай…», – элира цо ша республикин лаьттан бахамна лерина дIаяьхьначу кхеташонехь.

Цу хьокхехь дагестанхоша яьккхина онлайнгIовгIа денна а алсамйолуш ю – хIинца уьш, «нохчашна сантиметр а латта лур дац шаьш» бохуш, даккхий къамелаш дина а, «цу тIе даьлча, нохчий Нохчийчуьра а лохкур бу шаьш» бохуш, кхерамаш тийсина а ца Iаш, «Кавказехь а бусалбаллин гIаролан гIап йолчу Дагестанца доза дийца эхь ца хеттачу нохчашна» дуьхьал гIазот дан а кечлуш бу.

Дагадаийта догIу Къоьзан-Iоман майданахь Дагестанна а, Нохчийчоьнна а юкъара доза къасторан гIуллакх 2013-чу шарахь а айъина хилар.

Оцу шарахь, Дагестанан Правительствера Нохчийчоьнан Правительствон председателе А.Эдельгериевга оцу хьокъехь даийтинчу кехатца нийса а догIуш, нохчийн комиссис карташна а, документашна а бинчу талламийн буха тIехь бинчу сацаман (цаьрца берриг Къоьзан-Iам Нохчийчоьнна юкъахь бу – авт.) кхин йист ца елира – Дагестанан Правительство хийцаяларца доьзна.

И.ИСЛАМОВ
№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: