Мальсагова Румиса полицин подполковник, Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-Мартан районехула йолчу каппийн уполномоченнийн а, кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу подразделенийн отделан хьаькаман заместитель ю. Оьзда зуда а, нана а, эпсар а санна евза иза цIахь а, арахь а.
Румиса ехачу Хьалха-МартантIехь 60-чу шерашкахь леррина зудаберашна аьлла йина школа-интернат яра – «мехкаршна-ламанхошна» олуш. Цигахь зудаберашна хIусамехь хаа мел дезарг Iамадора, юкъараллехь оьзда-хаза лела а, зудчунна шен хIусамехь хаа дезаш долу гIуллакхаш: маха баккхар а, кхача кечбар а. Цигахь берриге а бохург санна хьехархой оьрсий бара. Оцу школа-интернатехь дешнарг ши куьг говза зуда хуьлий дIахIуттура.
Румиса бусалба дин, нохчийн Iадат лоручу хIусамера ю. Ден Султанан а, ненан Зараан 3 кIант а, 4 йоI а яра. Берашка дешийта лаьара царна. 1978-чу шарахь вай хIинцца хахийна школа-интернат яьккхина елира Румиса. Цул тIаьхьа иза Хьалха-Мартан партин райкоме балха яхара.
ГIийлачух, цомгашчух къахеташ, дог-кIеда йоI яра иза. ТIехь беркъа, меца лела бер гича гуттар а чIогIа холчу хIуттура. ГIийлачу доьзална гIо дан лууш шен кара ахча кхаьчча, цунах марзаллаш оьций, йоькъура цо. Шена «нийсо йо милцо» хила лаар цхьаьнгга а ца хоуьйтура цо.
1982-гIа шо кхаччалц болх бина, Москван уллерчу Орехово-Зуево гIалин хьехархойн институтан филологин факультете деша а яхна, кхиамца иза чекхъ яьккхира 1986-чу шарахь. Юккъе шераш дуьйлира, Румисех нана хилира.
1995-чу шарахь юха а шен къинхьегаман новкъа елира иза. Соьлжа-ГIалин Ленински районан милицин отделе балха яхара. 2000-чу шарахь ша ехачу Хьалха-Мартан районерчу чоьхьарчу гIуллакхийн отделе берийн а, кхиазхойн а гIуллакхийн отделан инспекторан декхарш кхочушдо цо.
Иштта, 2002-чу шарахь лейтенантан цIе ло цунна. 2006–2010-чуй шерашна юкъахь лакхара инспекторан даржехь капитанан цIе ло цунна. 2011-чу шарахь Румиса Россин Федерацин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Хьалха-Мартан районехула йолчу каппийн уполномоченийн а кхиазхойн гIуллакхашкахула йолчу подразделенийн отделан хьаькам хIоттайо. Оццу шарахь майор хуьлу иза. Карарчу хенахь подполковник ю. И цIе 2014-чу шеран 3-чу октябрехь елла цунна.
Делахь а, адаман дахарехь терахьашший, шерашший дац коьрта. Вай дина диканаш я вуонаш ду Далла а, нахана а гергахь коьрта дерш. Ткъа уггаре а синтеме дерг – хьуна хьо эрна ца ваьхнийла хаар. Базарахь стом бухкуш хуьлийла я бежанаш дажош бежIу, я паччахь хуьлийла. Коьртаниг – вайн Iамалш, вай дина диканаш, ваьшна уллехь долчу йиша-вешина хила лиъна дика болх а.
Румисех лаьцна дийцар цуьнан гIиллакхех, къинхетамах лаьцна хилча дика хир ду.
Цуьнан белхан декхаршна юкъадогIу Хьалха-Мартан районерчу берийн а, кхиазхойн а гIуллакхашна тIехь терго латтор.
Масала, школе ца доьду бер, къоланаш деш я цIера дIауьдуш долу бер полицехь чоьте хIоттадар. Оцу берийн дай-наношца болх бар Иштта Хьалха-МартантIерчу цхьана нехан бераш (цхьана доьзалехь – 3 бер) школе цалеларна чоьте хIиттийнера. Церан хIусаме кхечира хIетахь милицин капитан йолу Румиса. Ирча дара цунна гина хьал. Берийн нана маренаш деш лелаш хиллера, ткъа доьзалан да, шен накъосташца цхьаьна моьлуш, кехатех ловзуш, шен керт-ков эвхьаза даьккхина Iаш а хиллера. Ткъа бераш милла а хьоьгур воцчу хьолехь дара.
И сурт шена гича холчу хIоьттира иза, Iовжийра цуьнан дог, са. ЦIа яхча а дагахь дохкура декъаза бераш. Румисас оцу доьзалан нана берашна йолчу бакъонех яьккхира. Доьзалан ден нах схьакхайкхина, шен чоьтах кир-басар эцна, боцчохь коре куьзган бIаьрг тохуьйтуш, чоьнаш цIинъяйтира. Цул тIаьхьа, ша захало а дийцина, оцу стагна зуда ялийра. Керт-ков цIинделла, бераш тIехь Iуналла долуш, доьзална чу са дан доладелира. Бераш школе дIаэцийтира. ХIинца уьш тIера бедар цIена йолуш а, дуьзна а догIура школе. Доьзалан да уггаре а хьалха шен наха а, лулахоша а лара волийра. Ткъа тахана, мацах цадешарна милицин чоьте хIиттийна хилла и бераш школехь уггаре а дика доьшуш, школин дозалла а хилла хьалакхиъна. Иштта доьналла оьшу гIуллакхаш масане дина Румисас!
Вайн зударех, берех дерг дийца даьккхича Румисас шена хетарг, ша дагчохь кхобург довзийтира: – «Доьзалан дуьхьа вайн зударша ца ловш хIума ма дац. Нана ю доьзалехь оцу беран синкхетамна тIеIаткъам бийриг. Жимчохь ненах даьккхина бер йовхо ца тоьачу кIорнех терра гIийла лела дуьсу дуьненахь. Вай «неблагополучные семьи» олучу доьзалера ду дукха хьолахь оха чоьте хIиттадо бераш. Шайн бехкенна ца хуьлу царех «кегий зуламхой». Уьш баккхийчарна (церан дай-наношна) бертахь, Дала а, нохчийн Iадато а ма-бохху Iен цахаарна кхуьуш ду иштта. Бакъду, тхо долчохь чоьтехь хилларш дукхахберш дахаран нийсачу новкъа бевлла дIабахна меттигаш дукха ю. Тхоьца гергарло леладо цара, ур-аттал тхан дикане-вуоне а кхочу, тхуна бераллехь шайн доладарна баркалла а олу».
Карарчу хенахь Хьалха-Мартан районерчу полицин отделехь чоьте хIоттийна 3 бер бен дац. ДIадаханчу 2014-чу шарахь 17 доьзал дIабаьккхина чоьтера. Район хьалха ю берашца болх дика барехь.
«Новкъа ду тахана къона дай-наной шайн берийн Iуналла дарехь малбелла гар. Дийнна баттахь шайн бер школе ца лелча ца хаьа царна. Доьзале къахьоьгуьйтуш дац хIинца. Царна дагаеанарг бете Iуьттуш ю, тIехула тIе киснара ахча а ца ходуьйту.
«Энергетически» олу дIаьвше маларш, компьютершна хьалха эрна йоккху хан а ца го дай-наношна. Буьйсанна 12 сахьт даллалц волавеллалелла шайн доьзалхо чувеача: «Хьо стенгахь вара? Хьо хIун лелош вара? – аьлла, бала муха кхочур бац?
Шайн берийн киснара цигаьрка я «насвай» яьккхича «хIун дара иза хилча» – олуш берш а ма нисло дай-наношна юкъахь.
Тхан ден-ненан тхо 7 бер дара. Цара тхоьга къахьоьгуьйтура. Цкъа а ца дицло школера догIуш лаьтташехь бепиган чкъуьйригна тIе сарамсекхан церг хьокхий иза шел мерза хIума ца хеташ даар. Юург, юхург цIена яра, могашаллина пайдехь, хIинца ялта а «искусственни» ду. Телхаш массо а хIума цхьабосса телхаш хилла», – дуьйцу Мальсагова Румисас.
Румиса шен къомах дог лозуш хилар гуш ду. Цо ма-аллара, хан тIекхаьчча пенси гIур ю, вуьшта, вайн кегийрхой могаш, ийманехь кхуьуш ган лаьара кхана.
Полицин подполковникана Мальсагова Румисина дуккха а совгIаташ дина.
Дезде герга кхаьчча эпсар кечло «парадни» духар духий, мидалш ухкий. Цунна елла мидалш «за отличие в службе», «За ратную доблесть», аьлла ю. Иштта доьазза билгалйина иза тоьлла инспектор санна. Иза масал эца дика накъост ю тахана полице балха кхаьчначу къоначарна. Ламаз-мархица деха цуьнан да-нана Султан а, Зараъ а. ХьаьжцIахь хилла ду и шиъ. Царна чу са диллина дика йоI ю Румиса.
Цергех хи даллал хаза дара Румисас шен лулахой АльтиговгIар, ВисариговгIар, шайн оьздачу гIиллакхашца хастабар а.
Ткъа шен доьзалх дерг цо доцца дерзийра: «КIант Даудаев Iамарбек Новочеркасскехь ракетни эскарехь ву, ткъа йоI Даудаева Асмалика Соьлжа-ГIалин медицинин колледжан 3-чу курсан студент ю», – аьлла.
Тхуна хиира Румиса шен къоман литература, музыка дукхаезаш а, евзаш а хилар.
Боккхачу ларамца йоккхура цо нохчийн халкъан яздархойн: Айдамиров Абузаран, Сулейманов Ахьмадан, Мамакаев Мохьмадан, Ахматова Раисин цIерш. Ткъа Россин Федерацин халкъан артистан, илланчан Дагаев Валидан иллеш жимчохь дуьйна а цуьнан синкхетам ирбеш декна.
12-чу февралехь йина де дара Румисин.
Иштта дика йоI, нохчийн оьзда зуда, доьналла долу эпсар вайн хилар къомана а боккха юьхькIам бу.
Дала могаш-маьрша дукха яхайойла хьо, Румиса! Полицин балха мел йогIу зуда хьо санна ша нохчий хилар диц ца деш, оьзда чекхйолийла.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
