Дуьххьарлера электростанци

1893-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу дийнахь Соьлжа-ГIалахь цIерпоштанекъаца киранаш дIасакхехьа долийча кхуза дуьххьара еара мехкадаьтта даккхарна а, цунах гIуллакхашдарна а лерина йолу электрооборудовани. Оцу шарахь вайн гIалина электрофикаци яр дIадолийна.

1896-чу шарахь чиллин (февраль) баттахь дуьххьарлера электростанци йиллира вайн пачхьенехь. Цуьнан нуьцкъалла 50 киловатт яра. Цо энерги елира ингалсан «Стюард Лимитед» фирмин мехкадаьтта къовсуш йолчу заводан кегий установкаш болх бан йолаялийта а, цигахь серло хилийта а. Оцу заводехь болх беш яра «Ахвердов и Ко» компани.

1910-чу шарахь бен гучуйийла ца юьйлаелира «Красный молот» заводан кертахь а, Андреевски банийн чоьнашкахь а цхьана предприниматела еш йолу яккхий йоцу электростанцеш.

1960-гIа шо тIекхаччалц лаьттира уьш. Оцу шарахь хьаькхна дIаехира уьш.

1961-чу шарахь оцу меттехь, Соьлжа-ГIалахь дуьххьара йолу, шуьйра экран йолу «Космос» кинотеатр йира. Цул тIаьхьа пхийтта шо даьлча, Андреевски банеш хиллачу меттехь, Нохчийчохь а дуьххьарлера йолу, некадаран «Садко» бассейн йира. Хаза гIишло яра иза, ерриге а ангалех йиний-те аьлла хеталуш.

ХIинца цунах а, дагалецамаш боцург, кхин дисина хIума дац, «Космос» театрах а санна. Оцу меттигашкахь Iедалан гIишлош лаьтта тахана. Цхьайолу кегий электростанцеш гIалин кхечу меттигашкахь а йинера.

Иштта, 1913-чу шарахь Ширачу промыслашкахь болх бан йолаелира «Турбина» электростанци. Цуьнан нуьцкъала 3 600 киловатт яра. Цо электричествоца кхачойора мехкадаьттан промыслийн установкашна. Цу тайпана электростанцеш Iедало еш яцара, совдегаралла лелочу наха еш яра.

Царах пайдаоьцура цара шайн бахамийн энергетикин хьашташ кхочушдарехь. Октябрехьлера революци Россехь хиллачул тIаьхьа, 30-чу шерийн юьххехь бен, ГОЭЛРО-н (Россина электрофикаци яран пачхьалкхан комисси) планаца нийса а догIуш, дIа ца долийра Соьлжа-ГIалахь электроэнергетика кхиор. И мехала декхар кхочушдар дIадоладелира Коминтернан цIарах йолу ТЭЦ ярна тIера.

Иза, йина а яьлла, болх бан йолаелира 1929-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 24-чу дийнахь. Оцу хенахь ерриге а Къилбаседа Кавказехь а уггаре а яккхийчарах яра иза. Цуьнан нуьцкъала 10 эзар киловатт яра. Иза болх бан йолаяларо Соьлжа-ГIалин мехкадаьттан промышленностана таро елира пхеашеран план хенал хьалха кхочушъян.

И кхиам бахьана долуш, 1931-чу шарахь Соьлжа-ГIалина Ленинан орден елира. Цул тIаьхьа дIадаьхьира керла электросеташ яр а, шира электросеташ лаккхарчу буламна (напряжение) тIеяхар а. Электричество кхечира Салт-ГIала а, Слепцов-ГIала а, кхечу ярташка а. Керла подстанцеш ехкира. Цара цIеношна электросерлонца а, предприятешна электроэнергица а кхачо йора.

Фашистийн Германи СССР-на тIелетча, мехкашдIалецархоша электроэнергетика хIаллакьярна кхерам кхоллабелира. Цундела СССР-н оборонин пачхьалкхан комитетан сацамца Соьлжа-ГIалара электроэнергин коьрта-коьрта гIирсаш, дIаса а леIна, Урале а, Юккъерчу Азе а дIабахьийтира.

Амма 1942-чу шеран чаккхенехь, мостагI Нохчийчоьнан дозанел генна юхатоьхначул тIаьхьа, дIаболийра дIабаьхьна хилла гIирсаш, юха, Соьлжа-ГIала схьабаран а, электростанцеш меттахIитторан а белхаш.

1944-чу шеран хIутосург (май) беттан 28-чу дийнахь уьш болх бан а юьйлаелира. Нохчийчохь энергетика кхидIа а кхиор дIадаьхьира 1950-чу шерашкахь. СоьлжаГIалахь еш яра керла ТЭЦ-ш.

1952-чу шарера 1961-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь болх бан йолаелира Новогрозненски ТЭЦ–2, шен проектан нуьцкъалла 317 эзар киловатт а йолуш. Цу хенахь Россин Къилбехь уггаре а йоккха йовхонан электростанци яра иза.

1967-чу шарахь «Грозэнерго» системи юкъаялийра ТЭЦ–3. Цуьнан нуьцкъалла 120 эзар киловатт яра. Электроэнерги кхиарца цхьаьна кхуьуш яра вайн республикин коьрта шахьар а. ГIала кхуьуш, шорлуш хилар, промышленни предприятеш алсамйовлуш хилар хьесапе а оьцуш, шайна хьалха керл-керла декхарш хIиттадора Соьлжа-ГIаларчу энергетикаша.

Балха тIехь нислуш йолу халонаш хьуьнаречу къинхьегамца эша а еш, заманан лехамашка хьаьжжина кхуьуш, хьашташ кхочушдаран дикалла лакхайоккхуш схьабаьхкира энергетикаш 1990-гIа шераш тIекхаччалц. Оцу шерашкахь СССР-хь а, цул тIаьхьа Нохчийчохь а хьаьвзинчу политикин хиламийн кIуркIаманина энергетика кхиоран декъехь республикехь еххачу хенахь мел динарг хIаллакьхиларан зила тIе далийра…

Цхьадика, Делан къинхетамца халкъана тIехIоьттина хиллачу зеран оцу халачу китригах хьалхадевлла вай, баккхий эшамаш хиллехь а. Нохчийчоьнан таханлера Iедал а, куьйгалла а республикин энергетика кхиоран декъехь доггах а, хьекъалца а къахьоьгуш ду. Цунна бIаьрла масал а, тоьшалла а ду дIадаханчу шеран чаккхенехь Соьлжа-ГIалахь керлачу ТЭЦ-н цхьа дакъа болх бан доладалийтар.

Цул сов, инвестицийн чоьтах билгалдеш ду регионерчу хиш тIехь электростанцеш яхкар. Иза, вайн энергетикин кханалера де ду.

(Пайдаэцна I.Кусаевн «Соьлжа-ГIала» книгах)
С.ХАСАНОВ

№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: