Киндаров Iабдулла

Боккха иэшам хилла нохчийн культурина а, литературина а – карарчу (2019-чу) шеран кхолламан (январь) беттан 19-чу дийнахь бакъдуьнена вирзина Киндаров Iабдулла-Хьаьжа, культурин а, юкъараллин а гIуллакххо, Россин Яздархойн союзан декъашхо.

Киндаров Iабдулла вина 1935-чу шеран асаран (июнь) беттан 25-чу дийнахь Шелан кIоштарчу БелгIатойЭвлахь. 9 шо кхачаза бер долуш, дерриге а халкъаца цхьаьна махках ваьккхира.

Кхойтта шаре дахделлачу къематдийнан къахьо буьззинчу барамехь Iаьвшира КиндаровгIеран доьзало а: бевза-безачарех къестарш (Казахстане дIакхаьчна дукха хан ялале кхелхира цомгаш волуш дIавигна да ГIарси), мацалла, шело, махкалла даран цамгарш. Къаьсттина хала дара кхечу къаьмнашца цхьанийсса бакъонаш цахилар.

ДIа ког баькх-баьккхинчохь нохчичунна хазош дерг «бандит», «спецпереселенец», «враг народа» дара. Оцу балхо, оьгIазлонца цхьаьна, яхь самайоккхура, «ас гойтур ду со цхьаннал оьшуш цахилар» боху ойла кхуллура. Балхаца, дешарца, доьналлица нохчаша ган а гойтура шаьш цхьаннал оьшуш цахилар.

Хьелаш мел хала хиллехь а, тIехдика дешарца чекхъяьккхира Iабдуллас юккъера школа, цул тIаьхьа Токмакерчу юьртабахаман техникуме деша а вахара. Цигахь а тIехдика дешарца а, юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарца а билгалвелира. Кестта техникуман комсомольцаша шайн тхьамда а хаьржира.

Амма неIарехь 1957-гIа шо дара. Казахстан а, Юккъера Ази а мел ю дIасакхийсинчу нохчашлахь ткъесах баьржира Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIотторан хьокъехь болу, оццул шега сатийсина, хаза кхаъ.

Техникум чекхъяккха биснарг кхо-биъ бутт бен ца хиллехь а, 1957-чу шеран бIаьста шайн доьзалца Даймахка цIа вирзира Iабдулла. Дукха хан ялале, оццу шеран хIутосург (май) баттахь, комсомолан Шелан райкомехь инструктор волуш, дIаболабо къинхьегаман некъ. Кхин а биъ бутт баьлча, комсомолан райкоман секретарь хоржу. ХIетахь дуьйна тайп-тайпанчу даржашкахь къахьийгира Iабдуллас.

ВЛКСМ-н Нохч-ГIалгIайн обкоман инструктор, Шелан райкоман хьалхара секретарь, обкоман шолгIа секретарь волуш болх бира комсомолан органашкахь.

1963-чу шарахь КПСС-н Нажи-Юьртан райкоман секретарь хоржу I.Киндаров. Цул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн АССР-н Министрийн Совете балха кхойкху.

1978–1985-чуй шерашкахь Гуьмсе гIалин исполкоман председатель волуш болх бо.

1985–1993-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн АССР-н (Нохчийн Республикин) культурин министр лаьтта…

Ала догIу, Ерригсоюзан заочни юридически институтехь а, КПСС-н ЦК-хь хиллачу Юкъарчу Iилманийн академехь а дешна, кIорггера хаарш долуш, шен гIуллакхан воккха говзанча а вара иза. Шех тешийначу муьлххачу а даржехь, гIуллакх ма-хуьллу толур долчу агIор, ша-шен ца кхоош, къахьегар яра цо шена хьалха хIоттош йолу Iалашо. Даржо веш стаг а хуьлу, амма шайн балхаца, хьуьнарца, хьекъалца белхан меттиган сий ойурш а хуьлу. Оцу тIаьхьарчех вара Iабдулла.

Иттаннаш шераш девллачул тIаьхьа а хаалуш ю ша белхаш бинчу меттигашкахь цо йитина беркате лараш. Шен сина гергара гIуллакх хиларе терра, йоккхачу жигараллица къахьийгира I.Киндаровс республикин культурин министран даржехь волуш. Цунна доккхачу маьIне хетара ненан мотт кхиорца, къоман ламасталлин культура, синмехаллаш ларъярца, тIекхуьу чкъор ийманехь кхетош-кхиорца доьзна гIуллакхаш.

Оцу декъехь шен ницкъ кхочург дан а дира цо. Цуьнан белхан хьуьнарш пачхьалкхан совгIаташца билгалдаьхна а дара, шайна юкъахь «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал а йолуш, иштта Нохчийн Республикин Интеллектуальни туьшан «Дато бухIа» совгIатан лауреат а вара иза.

1997-чу шарахь дуьйна пенсехь вара Iабдулла, амма мукъа Iаш вацара. Оцу шерашкахь цо арахецна «Исповедь чеченца» (кхо книга), «ХIайба», «Беллачуьра гIевттинарш», «Амал. ГIиллакх. Оьздангалла» книгаш. Йозанца жимма а гIуллакх деанчунна хуур ду мел боккха къинхьегам бу иза. Ша хIун яздо а, муха яздо а, стенна яздо а хууш, язйина книгаш ю уьш, говзанчаша, ешархоша лаккхара мах хадийна ю. Нохчийн цIершна леринчу рогIерчу книги тIехь, мало йоцуш, болх беш а вара.

Массарна дагахь дисина, ша кхалхале диъ де хьалха, кхолламан (январь) беттан 15-чу дийнахь Нохчийн яздархойн съездехь, шен Iалашонаш йовзуьйтуш, нохчийн литературех, культурех доглазарца цо дина чулацаме къамел. Хьанна моьттура иза Iабдуллин тIаьххьара къамел хир ду.

Делахь а, Дала азаллехь яздинарг хаа йиш йоцуш а, хийца йиш йоцуш а ду.

Киндаров Iабдулла-Хьаьжин дахаран некъе бIаьрг кхарсторо, шеко йоцуш, цхьана бакъдолчух тешаво: цIеначу нийятца, шен халкъан а, мехкан а дуьхьа хьанал ваьхна, цIена бусалба а, нохчийн къоман тешаме воI а вара иза.

Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла доьзална а, дерриге а йиша-вешина а, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна а!

Кадам

Нохчийн Республикин Яздархойн союзо а, «Даймохк» газетан редакцин коллективо а халахетарца кадам бо юкъараллин а, культурин а гIуллакххо, Россин Яздархойн союзан декъашхо Киндаров Iабдулла-Хьаьжа кхалхарца доьзна цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а. Дала гечдойла цунна, Дала ийман долу собар лойла шуна а, халахетаран дакъа мел кхаьчначунна а!

Нохчийн Республикин Яздархойн союз,
«Даймохк» газетан редакцин коллектив

№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: