Георгиевск гIалахь (Ставрополан мохк) дIаяьхьира кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула регионашна юкъара 4-гIа турнир.

Турнирехь дакъалоцуш вара СКФО-н, ЮФО-н субъекташкара 150 спортсмен.
Къийсадаларш кхаа дийнахь дIадаьхьира.
Вайн спортсменаша дика кхиамаш бехира цигахь. Хьалхара меттигаш ехира: Дакаев Илеса (20 кг.) – ДЮСШ №7, Бибулатов Исраила (40 кг.) – ДЮСШ №7, Дакаев Хьамзата (47 кг.) – ДЮСШ №7. КхоалгIа меттиг кхечира Заураев Исламана (70 кг.) – Теркан кIоштан ДЮСШ.
Оцу кхиамашка вайн спортсменаш кхачийнарш бу церан тренерш. Исраилов Iийса, Тулаев Беслан, Батаев Мамед.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо