Айдамиров Абузаран цIарах йолчу Нохчийн Республикин Къоман библиотекехь журналисташна юкъахь дIаяьхьначу шахматийн турниран финал хилира.

Кхул хьалха Зорбанан цIийнехь къасторан мур хиллера. Къовсам зорбанан а, электронни а шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна юкъахь хилира.
Финалехь ловзуш вара: Вазаралиев Билал («Вести республики» газет), Гучигов Сайпудди (блогер), Мусаев Сулейман («Вайнах» журнал), Бахаев Зеламха («Зори ислама» газет).
Толам Гучигов Сайпуддис баьккхира, шолгIа а, кхоалгIа а меттигаш Вазаралиев Билала а, Мусаев Сулеймана а ехира. СовгIаташ дIалуш, йистхилира Къоман библиотекин директор Исраилова Сацита.
Цо толамхой декъал а бира, дакъалацархошна баркалла а элира.
Иштта, шахматийн исторех лаьцна а дийцира С.Исраиловас.
Къамел дерзош, Исраилова Сацитас толамхочунна совгIатана дуьненан меттанех лаьцна книга елира.
Турниран спонсор хиллачу «Вайнах Телеком» акционерин юкъаралло деза сим-карташ делира хьалхара кхо меттиг яьккхинчарна.
Турнирна лерина гайтам кечбина а хиллера библиотекин белхахоша. Кечам йоццачу хенахь бинехь а, къовсамо дуккха а хьовсархой гулбинера, къаьсттина журналисташ.
Р.ВАЧАЕВ
№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо