Къоман журналистикин куьзга

2018-чу шеран чаккхенехь араяьлла «Даймохк» газет а, цуьнан журналисташ а» цIе йолу книга. Цуьнан автор ву Россин Федерацин Яздархойн союзан, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист, Нохчийн къоман журналистикин къано Магомаев Салавди.

60 шарахь сов болх бина Салавдис къоман журналистикехь. Корректоран даржера коьртачу редакторан заместителан дарже кхаччалц, беха хилла цуьнан хьаналчу къинхьегаман некъ.

Бакъду, муьлххачу даржехь хилча а, шен хаарш, хьуьнар, говзаллин лаккхарчу тIегIанехь йолу корматалла ца кхоош, къоман журналистика кхиорехь хаддаза къахьегначу адамех цхьаъ ву Магомаев Салавди.

«Даймохк» газет а, цуьнан журналисташ а» дуьххьарлера книга яц цуьнан. Цуьнан дийцарш а, гочдарш а зорбане дуьйлуш дара чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь дуьйна.

2011- чу шарахь араелира Салавдин «ХIетахь догIа мела хуьлура» книга.

Яздархочун дийцарийн гулар яра иза. Дешархоша хазахетарца тIелаьцна а яра. «Даймохк» газет а, цуьнан журналисташ а» книги тIехь Магомаев Салавдис шен белхан накъостех лаьцна дуьйцу.

Нохчийн къоман зорба кхоллалучу муьрехь къахьегначу адамашна тIера дIаволавелла, таханлерчу «Даймохк» газетан журналистийн биста кхаччалц, хIораннах ала довха дош карийна нохчийн журналистикин къаночунна.

Салавдис билгалбаьхна тайп-тайпанчу шерашкахь, ненан маттахь зорбане долуш цхьаъ бен доцчу газетан коьртачу редакторан даржехь белхаш бина журналисташ.

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь немцойн фашисташа ямартлонца СССР-на тIелатар дина дIаболабеллачу тIамехь дакъалаьцна, хIаллакьхилла журналисташ а ца бицбина цо.

Иштта, книги тIехь хаа таро ю 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша вайнах махках баьхначу муьрехь, халонашна ца къарбеллачу журналистех дерг а.

1955-чу шеран асаран (июнь) баттахь Казахстанан культурин министерствон Iуналлехь «Къинхьегаман байракх» цIе йолуш нохчийн журналисташа ненан маттахь газет дилларх лаьцна а дуьйцу автора.

Вовзуьйту «Къинхьегаман байракхан» редактор хилла Абазатов Мохьмад а. Нохчийн къоман журналистикин истори йовза луучунна Iаламат мехала материал ю «Даймохк» газет а, цуьнан журналисташ а» книги тIехь.

Тираж 1 эзар экземпляр йолуш араяьлла иза. Доккха гIуллакх ду Магомаев Салавдис динарг, куьзганахь санна, нохчийн къоман журналистикин истори гайтина цо.

Дала тIаьхье беркате йойла цуьнан!

А.САЙПУДИНОВА
№5, кхолламан (январь) беттан 22 де, 2019 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: